Мусхаф., агӏо 292

  1. وَمَنْ يَهْدِ اللَّهُ فَهُوَ الْمُهْتَدِ ۖ وَمَنْ يُضْلِلْ فَلَنْ تَجِدَ لَهُمْ أَوْلِيَاءَ مِنْ دُونِهِ ۖ وَنَحْشُرُهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ عَلَىٰ وُجُوهِهِمْ عُمْيًا وَبُكْمًا وَصُمًّا ۖ مَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ ۖ كُلَّمَا خَبَتْ زِدْنَاهُمْ سَعِيرًا

    Дала нисвеш верг – иза ву нийсачу новкъахь верг‚ Дала тилабала буьтуш берш – хьуна карор ма бац царна гIоьнчий, И Ша воцург. Оха гулбийр бу уьш къематдийнахь шайн яххьаш тIехь бIаьрса доцуш‚ мотт ца хууш‚ къора. Церан чугIойла – жоьжахати /-н цIе/ ю. И ма яйнехь‚ Оха царна алу совйоккху

    17:97
  2. ذَٰلِكَ جَزَاؤُهُمْ بِأَنَّهُمْ كَفَرُوا بِآيَاتِنَا وَقَالُوا أَإِذَا كُنَّا عِظَامًا وَرُفَاتًا أَإِنَّا لَمَبْعُوثُونَ خَلْقًا جَدِيدًا

    Иза царна бекхам бу уьш Тхан аятех ца тешаш хиларна а‚ цара аларна а: 'Тхо даьIахкаш а‚ чим а хилча‚ керла халкъ хилла дендийр ду, ткъа?'

    17:98
  3. أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّ اللَّهَ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ قَادِرٌ عَلَىٰ أَنْ يَخْلُقَ مِثْلَهُمْ وَجَعَلَ لَهُمْ أَجَلًا لَا رَيْبَ فِيهِ فَأَبَى الظَّالِمُونَ إِلَّا كُفُورًا

    Царна ца го-техьа и стигланаш а‚ латта а кхоьллина волу Дела ницкъ кхочуш хилар и саннарг юхакхолла? Цо царна шегахь шеко йоцу Iожалла йиллира, - тккха а зуламхоша керстаналла бен къобал ца дира

    17:99
  4. قُلْ لَوْ أَنْتُمْ تَمْلِكُونَ خَزَائِنَ رَحْمَةِ رَبِّي إِذًا لَأَمْسَكْتُمْ خَشْيَةَ الْإِنْفَاقِ ۚ وَكَانَ الْإِنْسَانُ قَتُورًا

    Ахь āла: 'Шу хилча а сан Кхиош-Кхобучун къинхетаман хазнийн доладеш‚ бIаьрмециг хир ма дара шу, уьш (и хазнаш) шайгара дIадовларна кхоьруш. Адам хилла пис (сутара)

    17:100
  5. وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَىٰ تِسْعَ آيَاتٍ بَيِّنَاتٍ ۖ فَاسْأَلْ بَنِي إِسْرَائِيلَ إِذْ جَاءَهُمْ فَقَالَ لَهُ فِرْعَوْنُ إِنِّي لَأَظُنُّكَ يَا مُوسَىٰ مَسْحُورًا

    Оха делира Мусага исс билгала долу делил. Ахь хаттал Исраилан кIенташка: иза (Муса) царна т веъча‚ ФирIавна цуьнга ма элира: 'Суна хета хьо‚ Муса‚ /наха/ хьайна бозбуунчалла дина верг ву'

    17:101
  6. قَالَ لَقَدْ عَلِمْتَ مَا أَنْزَلَ هَٰؤُلَاءِ إِلَّا رَبُّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ بَصَائِرَ وَإِنِّي لَأَظُنُّكَ يَا فِرْعَوْنُ مَثْبُورًا

    Цо элира: 'Хьуна хиъна: хIорш ца диссийна стигланийн а‚ лаьттан а Эло бен‚ гуш йолу билгалонаш а йолуш. Суна хета‚ хIай ФирIавн‚ хьо хIаллакхир ву'

    17:102
  7. فَأَرَادَ أَنْ يَسْتَفِزَّهُمْ مِنَ الْأَرْضِ فَأَغْرَقْنَاهُ وَمَنْ مَعَهُ جَمِيعًا

    ТIаккха цунна (ФирIавнна) лиира уьш (Исраилан кIентий) лаьттара (Мисрара) длахка‚ Оха иза а‚ цуьнца мел верг - массо а хина бухавахийтира

    17:103
  8. وَقُلْنَا مِنْ بَعْدِهِ لِبَنِي إِسْرَائِيلَ اسْكُنُوا الْأَرْضَ فَإِذَا جَاءَ وَعْدُ الْآخِرَةِ جِئْنَا بِكُمْ لَفِيفًا

    Оха элира цул тIаьхьа Исраилан кIенташка: '(Хкху) лаьттахь дāха‚ эхартан (къематде хттаран) ваIда деъча‚ Оха шу ддуьгур ду /Далла хьалха/ вовшашца ийна /ийман диллинарг – керста, диканиг – вониг/'

    17:104

Гочдар: Магомед Магомедов