Мусхаф., агӏо 291

  1. إِلَّا رَحْمَةً مِنْ رَبِّكَ ۚ إِنَّ فَضْلَهُ كَانَ عَلَيْكَ كَبِيرًا

    Хьо Кхиош-Кхобучуьнгара къинхетам а бен. Цуьнан комаьршалла хьуна тIехь йоккха хилла

    17:87
  2. قُلْ لَئِنِ اجْتَمَعَتِ الْإِنْسُ وَالْجِنُّ عَلَىٰ أَنْ يَأْتُوا بِمِثْلِ هَٰذَا الْقُرْآنِ لَا يَأْتُونَ بِمِثْلِهِ وَلَوْ كَانَ بَعْضُهُمْ لِبَعْضٍ ظَهِيرًا

    Ахь āла: 'Адамаш а‚ жинаш а гулделча хIокху Къуръанах тераниг дан‚ дийр дацара цара цунах тераниг‚ царах цхьаберш вукхарна накъостий хилча а'

    17:88
  3. وَلَقَدْ صَرَّفْنَا لِلنَّاسِ فِي هَٰذَا الْقُرْآنِ مِنْ كُلِّ مَثَلٍ فَأَبَىٰ أَكْثَرُ النَّاسِ إِلَّا كُفُورًا

    Оха хIокху Къуръан чохь нахана билгалдаьккхина массо а хма. Тккха а дукхахболу нах керстаналла доцчунна дуьхьал хилира

    17:89
  4. وَقَالُوا لَنْ نُؤْمِنَ لَكَ حَتَّىٰ تَفْجُرَ لَنَا مِنَ الْأَرْضِ يَنْبُوعًا

    Цара элира: 'Тхо цкъа а тешар ма дац хьох ахь ца даккхахь тхуна лаьттах хьаст (шовда),

    17:90
  5. أَوْ تَكُونَ لَكَ جَنَّةٌ مِنْ نَخِيلٍ وَعِنَبٍ فَتُفَجِّرَ الْأَنْهَارَ خِلَالَهَا تَفْجِيرًا

    Я хьуна хурманийн а‚ кемсийн а беш ца хилахь‚ цунна юккъехула ахь хин татолаш ца дахкахь

    17:91
  6. أَوْ تُسْقِطَ السَّمَاءَ كَمَا زَعَمْتَ عَلَيْنَا كِسَفًا أَوْ تَأْتِيَ بِاللَّهِ وَالْمَلَائِكَةِ قَبِيلًا

    Я стигал ахь тхуна тIе, ахь чгма-дарра, кескашца ца йожаяхь‚ я хьо тхуна дуьхьал Дела а‚ маликаш а далош ца вагхь‚

    17:92
  7. أَوْ يَكُونَ لَكَ بَيْتٌ مِنْ زُخْرُفٍ أَوْ تَرْقَىٰ فِي السَّمَاءِ وَلَنْ نُؤْمِنَ لِرُقِيِّكَ حَتَّىٰ تُنَزِّلَ عَلَيْنَا كِتَابًا نَقْرَؤُهُ ۗ قُلْ سُبْحَانَ رَبِّي هَلْ كُنْتُ إِلَّا بَشَرًا رَسُولًا

    Я хьан хазйинчу хманийн (дашо) цIа ца хилахь‚ я хьо стигла ца валахь. Цкъа а тешар дац тхо хьан /стигал/ валарх а, ахь тхуна жайна доссадалц‚ оха ша доьшуш а долуш'. Ахь āла: 'Вонах цIена ву сан Кхиош-Кхобург‚ ткъа со адам - элча бен ма вац.'

    17:93
  8. وَمَا مَنَعَ النَّاسَ أَنْ يُؤْمِنُوا إِذْ جَاءَهُمُ الْهُدَىٰ إِلَّا أَنْ قَالُوا أَبَعَثَ اللَّهُ بَشَرًا رَسُولًا

    Нах (керстанаш) ца совцийна тешарх (ийман дилларх) шайга нийса некъ беъча а‚ 'Адам доуьйту ткъа Дала элча хуьлий?' шаьш аларо бен

    17:94
  9. قُلْ لَوْ كَانَ فِي الْأَرْضِ مَلَائِكَةٌ يَمْشُونَ مُطْمَئِنِّينَ لَنَزَّلْنَا عَلَيْهِمْ مِنَ السَّمَاءِ مَلَكًا رَسُولًا

    Ахь āла: 'Лаьттахь паргIат лелаш маликаш хиллехь‚ цаьрга доссийна хир дара Оха стиглара малик, элча а хилла'

    17:95
  10. قُلْ كَفَىٰ بِاللَّهِ شَهِيدًا بَيْنِي وَبَيْنَكُمْ ۚ إِنَّهُ كَانَ بِعِبَادِهِ خَبِيرًا بَصِيرًا

    Ахь āла: ' Кхачам бу Дела теш хилар суна а‚ шуна а юккъехь. Баккъалла а, Иза хилла Шен леш /сов дика/ бевзаш а‚ гуш а'

    17:96

Гочдар: Магомед Магомедов