Мусхаф., агӏо 294
-
مَا لَهُمْ بِهِ مِنْ عِلْمٍ وَلَا لِآبَائِهِمْ ۚ كَبُرَتْ كَلِمَةً تَخْرُجُ مِنْ أَفْوَاهِهِمْ ۚ إِنْ يَقُولُونَ إِلَّا كَذِبًا
Царна цуьнца цхьа а Iилма дац‚ церан дайшна а (ца хилла и). Инзаре доккха хили церан багахула долург (доккха къа хиларан) дашца. Харцдерг бен ма дац цара олуш дерг
18:5 -
فَلَعَلَّكَ بَاخِعٌ نَفْسَكَ عَلَىٰ آثَارِهِمْ إِنْ لَمْ يُؤْمِنُوا بِهَٰذَا الْحَدِيثِ أَسَفًا
Хьо хила мега хьайн дог дохош церан ларшца (уьш бахьанехь сингаттаме а хилла)‚ халахеташ хIокху хабарех а уьш ца тийшича
18:6 -
إِنَّا جَعَلْنَا مَا عَلَى الْأَرْضِ زِينَةً لَهَا لِنَبْلُوَهُمْ أَيُّهُمْ أَحْسَنُ عَمَلًا
Оха лаьтта тIехь мел дерг хаздина цунна (лаьттана), уьш зерхьама: муьлха ву-те Iамалца уггар диканиг?
18:7 -
وَإِنَّا لَجَاعِلُونَ مَا عَلَيْهَا صَعِيدًا جُرُزًا
Оха хуьлуьйтур ю цу тIехь мел ерг декъа латта (тхь хмма а йоцуш)
18:8 -
أَمْ حَسِبْتَ أَنَّ أَصْحَابَ الْكَهْفِ وَالرَّقِيمِ كَانُوا مِنْ آيَاتِنَا عَجَبًا
Я хьо моьттуш вара-те и хьехан а‚ ракъиман а дай Тхан аяташна /юккъехь/ тамаше хIума хилла?
18:9 -
إِذْ أَوَى الْفِتْيَةُ إِلَى الْكَهْفِ فَقَالُوا رَبَّنَا آتِنَا مِنْ لَدُنْكَ رَحْمَةً وَهَيِّئْ لَنَا مِنْ أَمْرِنَا رَشَدًا
Хьахаде /цаьрга, хIай Мухьаммад/: цхьа къонахий д ма лечкъира хьеха чу‚ цара элира: 'Тхан Кхиош-Кхобург‚ Хьайгара къинхетам лолахь тхуна‚ атта делахь тхуна тхан гIуллакхехь нисдалар'
18:10 -
فَضَرَبْنَا عَلَىٰ آذَانِهِمْ فِي الْكَهْفِ سِنِينَ عَدَدًا
Оха церан лергаш дкъевлира хьеха чохь масийтта шарна
18:11 -
ثُمَّ بَعَثْنَاهُمْ لِنَعْلَمَ أَيُّ الْحِزْبَيْنِ أَحْصَىٰ لِمَا لَبِثُوا أَمَدًا
ТIаккха Оха уьш денбира (самабехира) Тхайна хаархьама /нахана гучудоккхуш/, шина тобанах муьлханиг ю цара яьккхина хан дика ягаръеш
18:12 -
نَحْنُ نَقُصُّ عَلَيْكَ نَبَأَهُمْ بِالْحَقِّ ۚ إِنَّهُمْ فِتْيَةٌ آمَنُوا بِرَبِّهِمْ وَزِدْنَاهُمْ هُدًى
Оха дуьйцу хьоьга церан хабар бакъдолчуьнца. Баккъалла а, уьш къонахий бара шайн Кхиош-Кхобучух тешна‚ Оха совбехира уьш нийсачу некъаца
18:13 -
وَرَبَطْنَا عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ إِذْ قَامُوا فَقَالُوا رَبُّنَا رَبُّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ لَنْ نَدْعُوَ مِنْ دُونِهِ إِلَٰهًا ۖ لَقَدْ قُلْنَا إِذًا شَطَطًا
Оха чIагIдира церан дегнаш, уьш хьалагIевтича. Цара элира: 'Тхан Кхиош-Кхобург‚ стигланийн а‚ лаьттан а Эла ву Хьо‚ оха кхойкхур ма дац И воцчу Деле, – тIаккха оха гIалат дерг эр ма дара!
18:14 -
هَٰؤُلَاءِ قَوْمُنَا اتَّخَذُوا مِنْ دُونِهِ آلِهَةً ۖ لَوْلَا يَأْتُونَ عَلَيْهِمْ بِسُلْطَانٍ بَيِّنٍ ۖ فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا
ХIокху тхан къомо Иза воцург /кхин/ деланаш лаьцна. Цара деънехьара царна тIехь билгала делил! Мила ву ткъа вуно зуламе ша Далла тIехь харцдерг кхоьллинчул?'
18:15
Гочдар: Магомед Магомедов