Мусхаф., агӏо 295
-
وَإِذِ اعْتَزَلْتُمُوهُمْ وَمَا يَعْبُدُونَ إِلَّا اللَّهَ فَأْوُوا إِلَى الْكَهْفِ يَنْشُرْ لَكُمْ رَبُّكُمْ مِنْ رَحْمَتِهِ وَيُهَيِّئْ لَكُمْ مِنْ أَمْرِكُمْ مِرْفَقًا
'Шу царах а‚ цара, Дела а витина, Iибадат дечух а дIакъаьсти‚ хьеха чу дIаловчкъийша – шуна баржор бу шун Кхиош-Кхобучо Шен къинхетамах /къинхетам/‚ Цо шуна аьтто бийр бу шун гллакхашкахь'
18:16 -
وَتَرَى الشَّمْسَ إِذَا طَلَعَتْ تَزَاوَرُ عَنْ كَهْفِهِمْ ذَاتَ الْيَمِينِ وَإِذَا غَرَبَتْ تَقْرِضُهُمْ ذَاتَ الشِّمَالِ وَهُمْ فِي فَجْوَةٍ مِنْهُ ۚ ذَٰلِكَ مِنْ آيَاتِ اللَّهِ ۗ مَنْ يَهْدِ اللَّهُ فَهُوَ الْمُهْتَدِ ۖ وَمَنْ يُضْلِلْ فَلَنْ تَجِدَ لَهُ وَلِيًّا مُرْشِدًا
Хьуна го, малх схьакхетачу хенахь церан хьехана аьтту агIорхула дIахьаьвзаш, дIабузучу хенахь – царах дIатуьлуш аьрру агIорхула, уьш цуьнан (хьехан) паргтчу меттигехь а болуш. Иза Делан делилех ду. Дала нисвеш верг – иза нийса верг ву‚ Дала тилавала вуьтуш верг – хьуна цкъа а карор ма вац цунна нийса некъ хьоьху гьнча
18:17 -
وَتَحْسَبُهُمْ أَيْقَاظًا وَهُمْ رُقُودٌ ۚ وَنُقَلِّبُهُمْ ذَاتَ الْيَمِينِ وَذَاتَ الشِّمَالِ ۖ وَكَلْبُهُمْ بَاسِطٌ ذِرَاعَيْهِ بِالْوَصِيدِ ۚ لَوِ اطَّلَعْتَ عَلَيْهِمْ لَوَلَّيْتَ مِنْهُمْ فِرَارًا وَلَمُلِئْتَ مِنْهُمْ رُعْبًا
Хьуна моьтту уьш сема бу‚ ткъа уьш наб еш бу‚ Оха берзабо уьш аьтто агIор а‚ аьрру агIор а /латте церан догаш ца даийта/. Церан жIаьла, шен ши ког а баржийна, неIсагIехь ду. Царна тIекхиънехь, – юхавер вара хьо ведда‚ тхдер ма дара хьан царах кхерар
18:18 -
وَكَذَٰلِكَ بَعَثْنَاهُمْ لِيَتَسَاءَلُوا بَيْنَهُمْ ۚ قَالَ قَائِلٌ مِنْهُمْ كَمْ لَبِثْتُمْ ۖ قَالُوا لَبِثْنَا يَوْمًا أَوْ بَعْضَ يَوْمٍ ۚ قَالُوا رَبُّكُمْ أَعْلَمُ بِمَا لَبِثْتُمْ فَابْعَثُوا أَحَدَكُمْ بِوَرِقِكُمْ هَٰذِهِ إِلَى الْمَدِينَةِ فَلْيَنْظُرْ أَيُّهَا أَزْكَىٰ طَعَامًا فَلْيَأْتِكُمْ بِرِزْقٍ مِنْهُ وَلْيَتَلَطَّفْ وَلَا يُشْعِرَنَّ بِكُمْ أَحَدًا
Иштта денбира (самабехира) Оха уьш, цаьрга вовшашка хаттийтархьама. Царах олучо элира: 'Мел лаьттира шу (оцу хьолехь)?' Цара элира: 'Тхо лаьттира цхьана дийнахь я дийнан декъахь?' Цара элира: 'Шун Кхиош-Кхобург дика хууш ву шу мел лаьттинехь а. Аш вахийта шайх цхьаъ хIокху кехаташца гIала. Лохийла цо уггар цIена кхача – цунах рицкъ дохьийла цо шуна‚ сема хуьлийла иза‚ цхьаьнга ма хоуьйтийла цо шух дерг
18:19 -
إِنَّهُمْ إِنْ يَظْهَرُوا عَلَيْكُمْ يَرْجُمُوكُمْ أَوْ يُعِيدُوكُمْ فِي مِلَّتِهِمْ وَلَنْ تُفْلِحُوا إِذًا أَبَدًا
Баккъалла а, уьш шуна тIенислахь, цара тIулгаш деттар ду шуна‚ я шу духадерзор ду шайн дине – тIаккха цкъеллига цкъа а даккхийдер дац шу!'
18:20
Гочдар: Магомед Магомедов