Мусхаф., агӏо 303

  1. إِنَّا مَكَّنَّا لَهُ فِي الْأَرْضِ وَآتَيْنَاهُ مِنْ كُلِّ شَيْءٍ سَبَبًا

    Баккъалла а, Оха чIагIвира иза лаьттахь‚ белира цунна /шен лааме кхача/ массо а хIуманан некъ (ницкъ)

    18:84
  2. فَأَتْبَعَ سَبَبًا

    Цхьана новкъа хIоьттира иза

    18:85
  3. حَتَّىٰ إِذَا بَلَغَ مَغْرِبَ الشَّمْسِ وَجَدَهَا تَغْرُبُ فِي عَيْنٍ حَمِئَةٍ وَوَجَدَ عِنْدَهَا قَوْمًا ۗ قُلْنَا يَا ذَا الْقَرْنَيْنِ إِمَّا أَنْ تُعَذِّبَ وَإِمَّا أَنْ تَتَّخِذَ فِيهِمْ حُسْنًا

    Малхбузе кхаьчча‚ цунна карийра и дIабузуш ьржа поппар болуш /довха/ шовда долчу меттигехь‚ цуьнан уллохь цхьа нах карийра цунна. Оха элира: 'ХIай Ши маIа ерг! Я Iазап дийр ду ахь‚ я ахь цаьргахь диканиг дийр ду'

    18:86
  4. قَالَ أَمَّا مَنْ ظَلَمَ فَسَوْفَ نُعَذِّبُهُ ثُمَّ يُرَدُّ إِلَىٰ رَبِّهِ فَيُعَذِّبُهُ عَذَابًا نُكْرًا

    Цо элира: 'Ткъа зулам динарг милла велахь, – тIаьхьа цунна Iазап дийр ду оха. ТIаккха шен Кхиош-кхобучунна тIеверзор ву иза – Цо Iазап дийр ду цунна, ирча Iазап

    18:87
  5. وَأَمَّا مَنْ آمَنَ وَعَمِلَ صَالِحًا فَلَهُ جَزَاءً الْحُسْنَىٰ ۖ وَسَنَقُولُ لَهُ مِنْ أَمْرِنَا يُسْرًا

    Ткъа ийман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а – царна хаза бекхам бу. Оха цуьнга эр ду тхан омрах атта дерг'

    18:88
  6. ثُمَّ أَتْبَعَ سَبَبًا

    ТIаккха цхьана /кхечу/ новкъа хIоьттира иза

    18:89
  7. حَتَّىٰ إِذَا بَلَغَ مَطْلِعَ الشَّمْسِ وَجَدَهَا تَطْلُعُ عَلَىٰ قَوْمٍ لَمْ نَجْعَلْ لَهُمْ مِنْ دُونِهَا سِتْرًا

    Малх схьакхетачу меттиге кхаьчча‚ цунна карийра и схьакхеташ цхьана нахана‚ Оха шайна цуьнан (маьлхан) дуьхьал цхьа а хьулам ца бинчу

    18:90
  8. كَذَٰلِكَ وَقَدْ أَحَطْنَا بِمَا لَدَيْهِ خُبْرًا

    Иштта дIалецира Оха цуьнгахь дерг хаарца

    18:91
  9. ثُمَّ أَتْبَعَ سَبَبًا

    ТIаккха цхьана /кхечу/ новкъа хIоьттира иза

    18:92
  10. حَتَّىٰ إِذَا بَلَغَ بَيْنَ السَّدَّيْنِ وَجَدَ مِنْ دُونِهِمَا قَوْمًا لَا يَكَادُونَ يَفْقَهُونَ قَوْلًا

    Шина /лаьмнийн/ дуьхьалонан юккъе кхаьчча‚ цунна карийра царна бухахь /Зул-Къарнайн цхьана а/ дашах кхеташ боцу нах

    18:93
  11. قَالُوا يَا ذَا الْقَرْنَيْنِ إِنَّ يَأْجُوجَ وَمَأْجُوجَ مُفْسِدُونَ فِي الْأَرْضِ فَهَلْ نَجْعَلُ لَكَ خَرْجًا عَلَىٰ أَنْ تَجْعَلَ بَيْنَنَا وَبَيْنَهُمْ سَدًّا

    Цара элира: 'ХIай ШимаIаерг! Баккъалла а, Яъжуж а‚ Маъжуж а боьханиг даржош бу лаьттахь. Оха хьуна харж йой‚ ахь тхуна а‚ царна а юккъехь дуьхьало йийриг?'

    18:94
  12. قَالَ مَا مَكَّنِّي فِيهِ رَبِّي خَيْرٌ فَأَعِينُونِي بِقُوَّةٍ أَجْعَلْ بَيْنَكُمْ وَبَيْنَهُمْ رَدْمًا

    Цо элира: 'Сан Кхиош-кхобучо со шена чохь чIагIвинарг дика ду. Суна ницкъица гIо де‚ ер ас шуна а‚ царна а юккъехь чIагIо

    18:95
  13. آتُونِي زُبَرَ الْحَدِيدِ ۖ حَتَّىٰ إِذَا سَاوَىٰ بَيْنَ الصَّدَفَيْنِ قَالَ انْفُخُوا ۖ حَتَّىٰ إِذَا جَعَلَهُ نَارًا قَالَ آتُونِي أُفْرِغْ عَلَيْهِ قِطْرًا

    Ло суна эчиган кийсикаш'. Ша уьш шинна ламанан йистошкахь нисйича‚ цо элира: '/ЦIе/ марсаяккха!' Цо цунах цIе хилийтича‚ элира: 'Схьало соьга‚ ас цунна тIе лалийна эчиг дуттур'

    18:96
  14. فَمَا اسْطَاعُوا أَنْ يَظْهَرُوهُ وَمَا اسْتَطَاعُوا لَهُ نَقْبًا

    Ца мегира царна цунна тIе бовла а‚ ца мегира царна цунна Iуьрг даккха а

    18:97

Гочдар: Магомед Магомедов