Мусхаф., агӏо 302

  1. قَالَ أَلَمْ أَقُلْ لَكَ إِنَّكَ لَنْ تَسْتَطِيعَ مَعِيَ صَبْرًا

    Цо элира: 'Ас ца аьллера хьоьга: хьуна данне а соьца собар далур дац‚ аьлла?'

    18:75
  2. قَالَ إِنْ سَأَلْتُكَ عَنْ شَيْءٍ بَعْدَهَا فَلَا تُصَاحِبْنِي ۖ قَدْ بَلَغْتَ مِنْ لَدُنِّي عُذْرًا

    Цо (Мусас) элира: 'Нагахь санна ас хьоьга хIума хаттахь хIокхул тIаьхьа, – суна накъосталла ма де: соьгара бехказло ю хьуна'

    18:76
  3. فَانْطَلَقَا حَتَّىٰ إِذَا أَتَيَا أَهْلَ قَرْيَةٍ اسْتَطْعَمَا أَهْلَهَا فَأَبَوْا أَنْ يُضَيِّفُوهُمَا فَوَجَدَا فِيهَا جِدَارًا يُرِيدُ أَنْ يَنْقَضَّ فَأَقَامَهُ ۖ قَالَ لَوْ شِئْتَ لَاتَّخَذْتَ عَلَيْهِ أَجْرًا

    ТIаккха и шиъ дIаволавелира цхьана юьртан нахана тIекхаччалц. Цара цуьнан нахе даа хIума дийхира, ткъа цара дуьхьало йира цу шинна хьошалла дан. Цу шинна карийра цу чохь йожа йоллуш керт – цо (Хизрас) иза ирахIоттийра. Элира /Мусас/: 'Хьайна лиънехь, цунах мах оьцур бара ахь'

    18:77
  4. قَالَ هَٰذَا فِرَاقُ بَيْنِي وَبَيْنِكَ ۚ سَأُنَبِّئُكَ بِتَأْوِيلِ مَا لَمْ تَسْتَطِعْ عَلَيْهِ صَبْرًا

    Цо элира: 'Хра суна а‚ хьуна а юккъехь дкъастар ду. Ас достур ду хьуна шеца собар дан ца мегнарг:

    18:78
  5. أَمَّا السَّفِينَةُ فَكَانَتْ لِمَسَاكِينَ يَعْمَلُونَ فِي الْبَحْرِ فَأَرَدْتُ أَنْ أَعِيبَهَا وَكَانَ وَرَاءَهُمْ مَلِكٌ يَأْخُذُ كُلَّ سَفِينَةٍ غَصْبًا

    Амма кема – хIорда чохь болх беш болчу мискачу нехан дара иза. Суна лиира иза дохо – царна тIехьахь лаьтташ вара паччахь‚ массо а /дика/ кема схьадоккхуш ницкъица

    18:79
  6. وَأَمَّا الْغُلَامُ فَكَانَ أَبَوَاهُ مُؤْمِنَيْنِ فَخَشِينَا أَنْ يُرْهِقَهُمَا طُغْيَانًا وَكُفْرًا

    Ткъа кIант – цуьнан да-нана муъмин нах бара‚ тхо кхоьрура цо царна халахетийтарна /Делан/ дозанех валарца а‚ /Далла/ керста хиларца а

    18:80
  7. فَأَرَدْنَا أَنْ يُبْدِلَهُمَا رَبُّهُمَا خَيْرًا مِنْهُ زَكَاةً وَأَقْرَبَ رُحْمًا

    Тхуна лиира церан Кхиош-кхобучо цу шинна, хийцина‚ цул диканиг /доьзалхо/ лойла‚ цIена волуш‚ къинхетамца мелхо а герга волуш

    18:81
  8. وَأَمَّا الْجِدَارُ فَكَانَ لِغُلَامَيْنِ يَتِيمَيْنِ فِي الْمَدِينَةِ وَكَانَ تَحْتَهُ كَنْزٌ لَهُمَا وَكَانَ أَبُوهُمَا صَالِحًا فَأَرَادَ رَبُّكَ أَنْ يَبْلُغَا أَشُدَّهُمَا وَيَسْتَخْرِجَا كَنْزَهُمَا رَحْمَةً مِنْ رَبِّكَ ۚ وَمَا فَعَلْتُهُ عَنْ أَمْرِي ۚ ذَٰلِكَ تَأْوِيلُ مَا لَمْ تَسْطِعْ عَلَيْهِ صَبْرًا

    Ткъа керт‚ и яра гIалахь шинна кIентан – боберийн‚ цунна бухахь цу шиннан хазна яра. Цу шиннан да вара дика Iамал йолуш стаг. Хьан Кхиош-кхобучунна лиира и шиъ гметтахттийта‚ цаьрга шайн хазна схьаяккхийта хьан Кхиош-кхобучуьнгара къинхетамца. Иза ас ца дина сан гIуллакхаца. И ду хьуна шена тIехь собар дан ца мегначун тидар'

    18:82
  9. وَيَسْأَلُونَكَ عَنْ ذِي الْقَرْنَيْنِ ۖ قُلْ سَأَتْلُو عَلَيْكُمْ مِنْهُ ذِكْرًا

    Цара хьоьга хоьтту Ши маIа йолчух лаьцна. Ахь āла: 'Ас дуьйцур ду шуна цунах лаьцна хабар'

    18:83

Гочдар: Магомед Магомедов