Мусхаф., агӏо 305
-
كهيعص
Каф-хIа-йа-Iайн-сод
19:1 -
ذِكْرُ رَحْمَتِ رَبِّكَ عَبْدَهُ زَكَرِيَّا
Шен лех Закарийах хьан Кхиош-кхобучо /бина болу/ къинхетам хьехор /ду хIара/
19:2 -
إِذْ نَادَىٰ رَبَّهُ نِدَاءً خَفِيًّا
Хьахаде! Цо кхайкхира шен Кхиош-кхобучуьнга къайлаха кхайкхарца
19:3 -
قَالَ رَبِّ إِنِّي وَهَنَ الْعَظْمُ مِنِّي وَاشْتَعَلَ الرَّأْسُ شَيْبًا وَلَمْ أَكُنْ بِدُعَائِكَ رَبِّ شَقِيًّا
Элира: 'Сан Кхиош-кхобург (сан везан Дела)! Баккъалла, сан даьIахкийн гра дайна /со къанваларца/‚ /сан/ корта буьзна къоьжачу чоьша‚ со ца хилира Хьоьга кхайкхарехь‚ /везан/ Дела‚ декъазниг (Ахь сан доIина жоп ца луш ца вуьтура со – жоп лōхьа суна хIинца а)
19:4 -
وَإِنِّي خِفْتُ الْمَوَالِيَ مِنْ وَرَائِي وَكَانَتِ امْرَأَتِي عَاقِرًا فَهَبْ لِي مِنْ لَدُنْكَ وَلِيًّا
Со кхоьру сол тIаьхьа буьсучу сан гергарчарах /цара Хьан дин дIатасарна/‚ зуда а хили сан бер ца хуьлуш‚ лōхьа суна Хьайгара /дика/ доьзалхо
19:5 -
يَرِثُنِي وَيَرِثُ مِنْ آلِ يَعْقُوبَ ۖ وَاجْعَلْهُ رَبِّ رَضِيًّا
Сан ирс оьцур цо‚ ЯIкъубан доьзалан ирс а оьцур цо‚ Ахь хилийталахь иза‚ со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ /Хьо шена/ реза волуш'
19:6 -
يَا زَكَرِيَّا إِنَّا نُبَشِّرُكَ بِغُلَامٍ اسْمُهُ يَحْيَىٰ لَمْ نَجْعَلْ لَهُ مِنْ قَبْلُ سَمِيًّا
'ХIай Закарийа! Оха кхаъ боккху хьуна кIантаца‚ шен цIе Яхья йолчу. Ца хилийтина Оха цул хьалха и цIе ерг'
19:7 -
قَالَ رَبِّ أَنَّىٰ يَكُونُ لِي غُلَامٌ وَكَانَتِ امْرَأَتِي عَاقِرًا وَقَدْ بَلَغْتُ مِنَ الْكِبَرِ عِتِيًّا
Цо элира: 'Со Кхиош-кхобург‚ мичара хир вара суна кIант?! Сан зуда а бер ца хуьлуш ма ю‚ со а воккхаллехь дукха тишвелла'
19:8 -
قَالَ كَذَٰلِكَ قَالَ رَبُّكَ هُوَ عَلَيَّ هَيِّنٌ وَقَدْ خَلَقْتُكَ مِنْ قَبْلُ وَلَمْ تَكُ شَيْئًا
/Делан малико/ элира: 'Иштта аьлла хьан Кхиош-кхобучо: 'И Суна /дукха/ атта ду‚ хьо а кхоьллина Ас хьалха‚ хьо хIумма а ма яцара'
19:9 -
قَالَ رَبِّ اجْعَلْ لِي آيَةً ۚ قَالَ آيَتُكَ أَلَّا تُكَلِّمَ النَّاسَ ثَلَاثَ لَيَالٍ سَوِيًّا
Цо (Закарийас) элира: 'Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ цхьа билгало хилийтахь суна!' Элира: 'Хьуна билгало ю-кх ахь нахе нийсса кхаа буьйсанна хабар цадийцар'
19:10 -
فَخَرَجَ عَلَىٰ قَوْمِهِ مِنَ الْمِحْرَابِ فَأَوْحَىٰ إِلَيْهِمْ أَنْ سَبِّحُوا بُكْرَةً وَعَشِيًّا
ТIаккха шен нах болчу аравелира иза михьраба чуьра‚ цо цаьрга хаийтира ишар ярца: 'Тасбахь делаш /Далла/ Iуьйранца а‚ суьйранца а'‚ аьлла
19:11
Гочдар: Магомед Магомедов