Мусхаф., агӏо 306

  1. يَا يَحْيَىٰ خُذِ الْكِتَابَ بِقُوَّةٍ ۖ وَآتَيْنَاهُ الْحُكْمَ صَبِيًّا

    /Дала элира/: 'ХIай Яхья! Схьаэца жайна ницкъица!' Оха делира цуьнга хьукам и жима кIант волуш

    19:12
  2. وَحَنَانًا مِنْ لَدُنَّا وَزَكَاةً ۖ وَكَانَ تَقِيًّا

    Тхоьгара къахетар а‚ цIеналла а /дара иза/. И хилира /Делах/ кхоьруш а,

    19:13
  3. وَبَرًّا بِوَالِدَيْهِ وَلَمْ يَكُنْ جَبَّارًا عَصِيًّا

    Дена-нанна дика а /хилира и/‚ и вацара /нахана/ ницкъ бийриг а‚ Iеса верг а

    19:14
  4. وَسَلَامٌ عَلَيْهِ يَوْمَ وُلِدَ وَيَوْمَ يَمُوتُ وَيَوْمَ يُبْعَثُ حَيًّا

    Салам ду цунна и дуьнена ваьллачу дийнахь а‚ и лийр волчу дийнахь а‚ и юха /гIаттийна/ денвийр волчу дийнахь а

    19:15
  5. وَاذْكُرْ فِي الْكِتَابِ مَرْيَمَ إِذِ انْتَبَذَتْ مِنْ أَهْلِهَا مَكَانًا شَرْقِيًّا

    Ахь хьахае жайна чохь Марьям. Жимма генаелира иза шен нахах малхбалечу меттиге

    19:16
  6. فَاتَّخَذَتْ مِنْ دُونِهِمْ حِجَابًا فَأَرْسَلْنَا إِلَيْهَا رُوحَنَا فَتَمَثَّلَ لَهَا بَشَرًا سَوِيًّا

    ТIаккха цо лецира шена царна дуьхьал пардо. Оха дахийтира цунна тIе Тхан Са‚ и тарделира цунна нийса долчу адамах

    19:17
  7. قَالَتْ إِنِّي أَعُوذُ بِالرَّحْمَٰنِ مِنْكَ إِنْ كُنْتَ تَقِيًّا

    Цо (Марьяма) элира: 'Со Къинхетам болчуьнца /Делаца) ларло хьох‚ хьо /Делах/ кхоьруш хиллехь'

    19:18
  8. قَالَ إِنَّمَا أَنَا رَسُولُ رَبِّكِ لِأَهَبَ لَكِ غُلَامًا زَكِيًّا

    Цо (Джабраил малико) элира: 'Со хьан Кхиош-кхобучун элча ву‚ хьуна цIена кIант вала веана'

    19:19
  9. قَالَتْ أَنَّىٰ يَكُونُ لِي غُلَامٌ وَلَمْ يَمْسَسْنِي بَشَرٌ وَلَمْ أَكُ بَغِيًّا

    Цо (Марьяма) элира: 'Мичара хир ву суна кIант! Сох адам а хьакха ца делла‚ со нахаца лелаш а ца хилла'

    19:20
  10. قَالَ كَذَٰلِكِ قَالَ رَبُّكِ هُوَ عَلَيَّ هَيِّنٌ ۖ وَلِنَجْعَلَهُ آيَةً لِلنَّاسِ وَرَحْمَةً مِنَّا ۚ وَكَانَ أَمْرًا مَقْضِيًّا

    Цо элира: 'Иштта аьлла хьан Кхиош-кхобучо: 'И суна атта ду'. И (Iиса пайхамар дуьненчу вāлар) хуьлуьйтур ду Оха нахана делил а‚ Тхайгара къинхетам а. ГIуллакх кхочушхилла'

    19:21
  11. فَحَمَلَتْهُ فَانْتَبَذَتْ بِهِ مَكَانًا قَصِيًّا

    И цунах берах йисира‚ тIаккха и цуьнца генаелира генарчу меттиге

    19:22
  12. فَأَجَاءَهَا الْمَخَاضُ إِلَىٰ جِذْعِ النَّخْلَةِ قَالَتْ يَا لَيْتَنِي مِتُّ قَبْلَ هَٰذَا وَكُنْتُ نَسْيًا مَنْسِيًّا

    Бер деш лазар дāро и ялийра хурман диттан гIад долчу‚ цо элира: 'Елла елахьара со хIокхул хьалха, – йицъелла яьлла хир яра со!'

    19:23
  13. فَنَادَاهَا مِنْ تَحْتِهَا أَلَّا تَحْزَنِي قَدْ جَعَلَ رَبُّكِ تَحْتَكِ سَرِيًّا

    Цо (Джабраил малико) цуьнга кхайкхира цуьнан (хурман дитта) кIелара: 'ГIайгIане ма йожа‚ хьан Кхиош-кхобучо хьуна бухахь /хин/ татол хилийтина

    19:24
  14. وَهُزِّي إِلَيْكِ بِجِذْعِ النَّخْلَةِ تُسَاقِطْ عَلَيْكِ رُطَبًا جَنِيًّا

    ДIасаластаде хьайна хурман диттан гIад‚ цо егор ю хьуна мадъелла тIеда хурманаш

    19:25

Гочдар: Магомед Магомедов