Мусхаф., агӏо 317
-
وَلَقَدْ أَوْحَيْنَا إِلَىٰ مُوسَىٰ أَنْ أَسْرِ بِعِبَادِي فَاضْرِبْ لَهُمْ طَرِيقًا فِي الْبَحْرِ يَبَسًا لَا تَخَافُ دَرَكًا وَلَا تَخْشَىٰ
Оха вехьеца хаийтира Мусага: 'Аравала Сан лешца буса‚ тоха хрдах /хьан са/ царна бекъа некъ хилийта. Ма кхералахь /Фирвнан эскар хьайна/ тIекхиарх‚ ма кхералахь /шаьш хина бухадахарх а /
20:77 -
فَأَتْبَعَهُمْ فِرْعَوْنُ بِجُنُودِهِ فَغَشِيَهُمْ مِنَ الْيَمِّ مَا غَشِيَهُمْ
Царна тIаьхьавелира ФирIавн шен эскарца – уьш дхьулбийра хIорда чохь ша хьулбечо
20:78 -
وَأَضَلَّ فِرْعَوْنُ قَوْمَهُ وَمَا هَدَىٰ
Тилира ФирIавнас шен нах‚ нийсачу новкъа ца бихкира
20:79 -
يَا بَنِي إِسْرَائِيلَ قَدْ أَنْجَيْنَاكُمْ مِنْ عَدُوِّكُمْ وَوَاعَدْنَاكُمْ جَانِبَ الطُّورِ الْأَيْمَنَ وَنَزَّلْنَا عَلَيْكُمُ الْمَنَّ وَالسَّلْوَىٰ
ХIай Исраилан кIентий! Оха кIелхьардехира шу шун мостагIчух‚ ваIда йира шуца ламанан аьтту агIорахь‚ Оха доссийра шуна манна а‚ салва а
20:80 -
كُلُوا مِنْ طَيِّبَاتِ مَا رَزَقْنَاكُمْ وَلَا تَطْغَوْا فِيهِ فَيَحِلَّ عَلَيْكُمْ غَضَبِي ۖ وَمَنْ يَحْلِلْ عَلَيْهِ غَضَبِي فَقَدْ هَوَىٰ
Даа Оха шайна деллачу рицкъих цIенадерг‚ тIех ма довлалаш /дозанех/ цу тIехь – тIаккха Сан оьгIазло хьаьрчар ю шух. Шех Сан оьгIазло хьаьрчинарг – хIаллакхилла
20:81 -
وَإِنِّي لَغَفَّارٌ لِمَنْ تَابَ وَآمَنَ وَعَمِلَ صَالِحًا ثُمَّ اهْتَدَىٰ
Баккъалла а, Со ву тIеттIа гечдийриг ша тōба динчунна‚ ийман диллинчунна‚ дика Iамал йиначунна, тIаккха нисвеллачунна
20:82 -
وَمَا أَعْجَلَكَ عَنْ قَوْمِكَ يَا مُوسَىٰ
'Хьо стено сихви хьан къомах‚ хIай Муса?'
20:83 -
قَالَ هُمْ أُولَاءِ عَلَىٰ أَثَرِي وَعَجِلْتُ إِلَيْكَ رَبِّ لِتَرْضَىٰ
Цо элира: 'Уьш дIогахь бу сан тачча /богIуш/‚ со-м сихвелира Хьуна тIе‚ сан Кхиош-кхобург‚ Хьо реза хилархьама'
20:84 -
قَالَ فَإِنَّا قَدْ فَتَنَّا قَوْمَكَ مِنْ بَعْدِكَ وَأَضَلَّهُمُ السَّامِرِيُّ
Цо (Дала) элира: 'Баккъалла а, Оха питане лаьцна хьан къам хьол тIаьхьа‚ уьш-м тилабина Самирийс'
20:85 -
فَرَجَعَ مُوسَىٰ إِلَىٰ قَوْمِهِ غَضْبَانَ أَسِفًا ۚ قَالَ يَا قَوْمِ أَلَمْ يَعِدْكُمْ رَبُّكُمْ وَعْدًا حَسَنًا ۚ أَفَطَالَ عَلَيْكُمُ الْعَهْدُ أَمْ أَرَدْتُمْ أَنْ يَحِلَّ عَلَيْكُمْ غَضَبٌ مِنْ رَبِّكُمْ فَأَخْلَفْتُمْ مَوْعِدِي
Муса шен къомана тIе юхавирзира оьгIазвахана‚ пошме а хилла. Цо элира: 'ХIай сан къам! Шун Кхиош-кхобучо шуьца хаза ваIда ца йинера ткъа? Яхъели шуна ваIда я шуна лии шайх шайн Кхиош-кхобучун оьгзло хьарча – аш йохий сан ваIда?'
20:86 -
قَالُوا مَا أَخْلَفْنَا مَوْعِدَكَ بِمَلْكِنَا وَلَٰكِنَّا حُمِّلْنَا أَوْزَارًا مِنْ زِينَةِ الْقَوْمِ فَقَذَفْنَاهَا فَكَذَٰلِكَ أَلْقَى السَّامِرِيُّ
Цара элира: 'Оха ца йохийра хьан ваIда тхан ницкъица а, тхан лаамца а‚ делахь а, тхоьга схьабаийтира /массо а/ къоман хазнийн маххьаш‚ Оха уьш /црга/ кхиссира. Иштта кхоьссира Самийрийс'
20:87
Гочдар: Магомед Магомедов