Мусхаф., агӏо 316
-
قَالُوا يَا مُوسَىٰ إِمَّا أَنْ تُلْقِيَ وَإِمَّا أَنْ نَكُونَ أَوَّلَ مَنْ أَلْقَىٰ
Цара элира: 'ХIай Муса‚ я ахь кхуссу‚ я тхо хир дуьххьара кхуссурш?'
20:65 -
قَالَ بَلْ أَلْقُوا ۖ فَإِذَا حِبَالُهُمْ وَعِصِيُّهُمْ يُخَيَّلُ إِلَيْهِ مِنْ سِحْرِهِمْ أَنَّهَا تَسْعَىٰ
Цо элира: 'ХIан-хIа‚ кхосса аш!' ТIаккха церан машшаш а‚ церан Iасанаш а цунна хаалора церан бозбуунчаллица тIекхиссалуш
20:66 -
فَأَوْجَسَ فِي نَفْسِهِ خِيفَةً مُوسَىٰ
Мусас шегахь кхерам лайра
20:67 -
قُلْنَا لَا تَخَفْ إِنَّكَ أَنْتَ الْأَعْلَىٰ
Оха элира: 'Ма кхера‚ баккъалла а, хьо ву вуно лакхахь верг
20:68 -
وَأَلْقِ مَا فِي يَمِينِكَ تَلْقَفْ مَا صَنَعُوا ۖ إِنَّمَا صَنَعُوا كَيْدُ سَاحِرٍ ۖ وَلَا يُفْلِحُ السَّاحِرُ حَيْثُ أَتَىٰ
Кхосса хьан аьтту куьйгахь ерг‚ цо кхоллур ю цара йинарг. Баккъалла а, цара йина бозбуунчийн мекарло. Воккхавер вац бозбуунча, миччахьара веъча а'
20:69 -
فَأُلْقِيَ السَّحَرَةُ سُجَّدًا قَالُوا آمَنَّا بِرَبِّ هَارُونَ وَمُوسَىٰ
Бозбуунчаш суждане бегийра. Цара элира: 'Оха ийман дилли ХIарунан а‚ Мусан а Кхиош-кхобучунга'
20:70 -
قَالَ آمَنْتُمْ لَهُ قَبْلَ أَنْ آذَنَ لَكُمْ ۖ إِنَّهُ لَكَبِيرُكُمُ الَّذِي عَلَّمَكُمُ السِّحْرَ ۖ فَلَأُقَطِّعَنَّ أَيْدِيَكُمْ وَأَرْجُلَكُمْ مِنْ خِلَافٍ وَلَأُصَلِّبَنَّكُمْ فِي جُذُوعِ النَّخْلِ وَلَتَعْلَمُنَّ أَيُّنَا أَشَدُّ عَذَابًا وَأَبْقَىٰ
Цо (ФирIавнас) элира: 'Аш ийман дилли Цуьнга ас шайна пурба далале хьалха? Баккъалла а, шун воккханиг ву иза ша шуна бозбуунчалла Iамийнарг. Ас хаддане а хадор ма ду шун куьйгаш а‚ когаш а дуьхь-дуьхьал‚ ас ирхъухкур ма ду шу хурманан дитташна тIехь‚ шуна хаъане а хуур ма ду‚ муьлханиг ву тхох Iазапца нуьцкъала верг а‚ мелхо а бухавуьсург а'
20:71 -
قَالُوا لَنْ نُؤْثِرَكَ عَلَىٰ مَا جَاءَنَا مِنَ الْبَيِّنَاتِ وَالَّذِي فَطَرَنَا ۖ فَاقْضِ مَا أَنْتَ قَاضٍ ۖ إِنَّمَا تَقْضِي هَٰذِهِ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا
Цара элира: 'Оха цкьа а хьо хоржур ма вац цо (Мусас) тхьоьга еъначу билгалонел а‚ тхо кхоьллинчул а (тхан Делал а/. Кхочушде айхьа кхочушдийриг: ахь кхочушдийр ду-кх деккъа хкху дуьненан дахар (-ан гллакх)
20:72 -
إِنَّا آمَنَّا بِرَبِّنَا لِيَغْفِرَ لَنَا خَطَايَانَا وَمَا أَكْرَهْتَنَا عَلَيْهِ مِنَ السِّحْرِ ۗ وَاللَّهُ خَيْرٌ وَأَبْقَىٰ
Баккъалла а, Оха ийман дилли тхан Кхиош-кхобучуьнга Цо тхуна гечдархьама тхан гIалаташ а‚ ахь тхо ницкъ шена тIедахийтина бозбуунчалла а. Дела – дика а ву‚ /хьол а, массарел а/ бухавуьсург а ву'
20:73 -
إِنَّهُ مَنْ يَأْتِ رَبَّهُ مُجْرِمًا فَإِنَّ لَهُ جَهَنَّمَ لَا يَمُوتُ فِيهَا وَلَا يَحْيَىٰ
Баккъалла а, шен Кхиош-кхобучунна тIе къинош дина вогIург – цунна хир ю жоьжахати‚ лийр вац и цу чохь‚ вехар а вац
20:74 -
وَمَنْ يَأْتِهِ مُؤْمِنًا قَدْ عَمِلَ الصَّالِحَاتِ فَأُولَٰئِكَ لَهُمُ الدَّرَجَاتُ الْعُلَىٰ
Цунна (Далла) тIе ийманехь а болуш, дика Iамалш а еш беънарш – уьш бу шайна вуно лаккхара даржаш дерш –
20:75 -
جَنَّاتُ عَدْنٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ وَذَٰلِكَ جَزَاءُ مَنْ تَزَكَّىٰ
Iаднан бошмаш‚ шайн бухахула хиш оьхуш, цу чохь уьш гуттар лаьтташ. И бу бекхам ша цIанвеллачунна
20:76
Гочдар: Магомед Магомедов