Мусхаф., агӏо 323

  1. وَكَمْ قَصَمْنَا مِنْ قَرْيَةٍ كَانَتْ ظَالِمَةً وَأَنْشَأْنَا بَعْدَهَا قَوْمًا آخَرِينَ

    Маса йохийна Оха зуламе хилла йолу юрт! Кхиийра Оха царал тIаьхьа кхин къаьмнаш

    21:11
  2. فَلَمَّا أَحَسُّوا بَأْسَنَا إِذَا هُمْ مِنْهَا يَرْكُضُونَ

    Шайна Тхан ницкъ хаабелча‚ уьш цунах сиха бовду

    21:12
  3. لَا تَرْكُضُوا وَارْجِعُوا إِلَىٰ مَا أُتْرِفْتُمْ فِيهِ وَمَسَاكِنِكُمْ لَعَلَّكُمْ تُسْأَلُونَ

    'Ма довда! Юхадерза шу шена чохь /хьалха/ ниIмат хиллачу /дахарна/‚ шайн хIусамашка шуьга барт хаттархьама '

    21:13
  4. قَالُوا يَا وَيْلَنَا إِنَّا كُنَّا ظَالِمِينَ

    Цара элира: 'Бала бу-кх тхуна! Баккъалла а, тхо хилла-кх зуламхой!'

    21:14
  5. فَمَا زَالَتْ تِلْكَ دَعْوَاهُمْ حَتَّىٰ جَعَلْنَاهُمْ حَصِيدًا خَامِدِينَ

    И церан узарш ца сецира Оха шаьш хьаькхна ялтин аре санна хиллийтталц‚ шаьш дIатийна а буьсуш

    21:15
  6. وَمَا خَلَقْنَا السَّمَاءَ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا لَاعِبِينَ

    Оха ца кхоьллина стигал а‚ латта а‚ цаьршинна юккъехь ерг а Тхаьш ловзуш

    21:16
  7. لَوْ أَرَدْنَا أَنْ نَتَّخِذَ لَهْوًا لَاتَّخَذْنَاهُ مِنْ لَدُنَّا إِنْ كُنَّا فَاعِلِينَ

    Тхо хиллехьара синкъерам безаш /зудчунца я доьзалхочунца/‚ Оха и эцна хир бара Тхайгара (Тхан гергахь болчу хьурулIинех а, маликех а)‚ Оха и деш хилча

    21:17
  8. بَلْ نَقْذِفُ بِالْحَقِّ عَلَى الْبَاطِلِ فَيَدْمَغُهُ فَإِذَا هُوَ زَاهِقٌ ۚ وَلَكُمُ الْوَيْلُ مِمَّا تَصِفُونَ

    ХIаъ‚ Оха бакъдолчуьнца туху харцдолчунна тIе – цо и дайа‚ и хIаллакхуьлу. Шуна бāла бу шаьш /Тхуна т/ кхуллучу /харц/ сибатех

    21:18
  9. وَلَهُ مَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَمَنْ عِنْدَهُ لَا يَسْتَكْبِرُونَ عَنْ عِبَادَتِهِ وَلَا يَسْتَحْسِرُونَ

    Цуьнан бу стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел берш. Цунна гергахь берш кура ца бовлу Цунна Iибадат дан‚ кIад ца ло уьш

    21:19
  10. يُسَبِّحُونَ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ لَا يَفْتُرُونَ

    Цара тасбахь до буса а‚ дийнахь а‚ уьш лагI ца луш

    21:20
  11. أَمِ اتَّخَذُوا آلِهَةً مِنَ الْأَرْضِ هُمْ يُنْشِرُونَ

    Ткъа цара эцна-те делий лаьттах, цара денбеш /белларш/?

    21:21
  12. لَوْ كَانَ فِيهِمَا آلِهَةٌ إِلَّا اللَّهُ لَفَسَدَتَا ۚ فَسُبْحَانَ اللَّهِ رَبِّ الْعَرْشِ عَمَّا يَصِفُونَ

    Цу шиннахьа а АллахI воцург /кхин/ делий хиллехьара – уьш шиъа хIаллакхилла хир яра. ЦIена ву и Дела‚ Iаршан Да‚ цара /Шена т/ кхуллучу харц сибатех

    21:22
  13. لَا يُسْأَلُ عَمَّا يَفْعَلُ وَهُمْ يُسْأَلُونَ

    Цуьнга ца хотту Цо дечух‚ цаьрга хоттур ду /цара дуьненахь динчух лаьцна/

    21:23
  14. أَمِ اتَّخَذُوا مِنْ دُونِهِ آلِهَةً ۖ قُلْ هَاتُوا بُرْهَانَكُمْ ۖ هَٰذَا ذِكْرُ مَنْ مَعِيَ وَذِكْرُ مَنْ قَبْلِي ۗ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ الْحَقَّ ۖ فَهُمْ مُعْرِضُونَ

    Ткъа цара лийцина И воцург /кхин/ делий? Ахь āла: 'Дāладе шайн тешаллаш! ХIара хьехам бу соьца болчеран а (Къуръан)‚ сол хьалха хиллачеран а (Таврат а, Инжил а, кхин жайнаш а – царна чохь массанхьа а Дела цхьаъхилар чIагъдеш ду). ХIаъ‚ дукхахболчарна ца хаьа бакъдерг‚ уьш дуьхьалбевлла'

    21:24

Гочдар: Магомед Магомедов