Мусхаф., агӏо 324
-
وَمَا أَرْسَلْنَا مِنْ قَبْلِكَ مِنْ رَسُولٍ إِلَّا نُوحِي إِلَيْهِ أَنَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا أَنَا فَاعْبُدُونِ
Оха ца вахийтина хьол хьалха цхьа а элча‚ Оха шега вехьеца хоуьйтуш бен кхин дела вац Со бен‚ Суна Iибадат дейша‚ аьлла
21:25 -
وَقَالُوا اتَّخَذَ الرَّحْمَٰنُ وَلَدًا ۗ سُبْحَانَهُ ۚ بَلْ عِبَادٌ مُكْرَمُونَ
Цара элира: 'Лаьцна Къинхетам болчо доьзалхо'. Вонах цIена ву Иза! Уьш-м сийлахь болу леш бай!
21:26 -
لَا يَسْبِقُونَهُ بِالْقَوْلِ وَهُمْ بِأَمْرِهِ يَعْمَلُونَ
Уьш (пайхамараш) Цул хьалха ца бовлу дашца‚ уьш Цуьнан омраца мал еш бу
21:27 -
يَعْلَمُ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ وَلَا يَشْفَعُونَ إِلَّا لِمَنِ ارْتَضَىٰ وَهُمْ مِنْ خَشْيَتِهِ مُشْفِقُونَ
Цунна хаьа церан хьалхахь дерг а‚ церан тIехьахь дерг а, цара шапаIат дийр дац Иза шена реза хиллачунна бен‚ уьш Цунах кхоьруш, эгош бу
21:28 -
وَمَنْ يَقُلْ مِنْهُمْ إِنِّي إِلَٰهٌ مِنْ دُونِهِ فَذَٰلِكَ نَجْزِيهِ جَهَنَّمَ ۚ كَذَٰلِكَ نَجْزِي الظَّالِمِينَ
Милла велахь а‚ царах олуш: 'Со ву дела‚ Иза а воцуш'‚ цунна бекхам бийр бу Оха жоьжахатица. Иштта бекхам бо Оха зуламхошна
21:29 -
أَوَلَمْ يَرَ الَّذِينَ كَفَرُوا أَنَّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ كَانَتَا رَتْقًا فَفَتَقْنَاهُمَا ۖ وَجَعَلْنَا مِنَ الْمَاءِ كُلَّ شَيْءٍ حَيٍّ ۖ أَفَلَا يُؤْمِنُونَ
Цатешачарна ца го-техьа стигланаш а‚ латта а хилла хилар вовшаххоттаделла? Оха уьш къастийра! Оха кхоьллира хих массо а дийна (са долу) хIума. Уьш ца теша-те?
21:30 -
وَجَعَلْنَا فِي الْأَرْضِ رَوَاسِيَ أَنْ تَمِيدَ بِهِمْ وَجَعَلْنَا فِيهَا فِجَاجًا سُبُلًا لَعَلَّهُمْ يَهْتَدُونَ
Оха хилийтира лаьттахь лаьмнаш‚ иза цаьрца чIагIдалийтархьама. Оха хилийтира цу чохь тогIин некъаш – уьш нийсачу новкъа баха мегар-кх
21:31 -
وَجَعَلْنَا السَّمَاءَ سَقْفًا مَحْفُوظًا ۖ وَهُمْ عَنْ آيَاتِهَا مُعْرِضُونَ
Оха хилийтира стигалах ша Iалашбеш болу тхов‚ ткъа уьш цуьнан (стиглан) аятех дбоьрзуш бу /ойла ца еш/
21:32 -
وَهُوَ الَّذِي خَلَقَ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ وَالشَّمْسَ وَالْقَمَرَ ۖ كُلٌّ فِي فَلَكٍ يَسْبَحُونَ
Иза ву Ша кхоьллинарг буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а. Массо а шен меттехь нека деш ю
21:33 -
وَمَا جَعَلْنَا لِبَشَرٍ مِنْ قَبْلِكَ الْخُلْدَ ۖ أَفَإِنْ مِتَّ فَهُمُ الْخَالِدُونَ
Оха ца хилийтина адамна хьол хьалха а абаде. Ткъа хьо велча, уьш гуттар лаьттар болуш бу-те?
21:34 -
كُلُّ نَفْسٍ ذَائِقَةُ الْمَوْتِ ۗ وَنَبْلُوكُمْ بِالشَّرِّ وَالْخَيْرِ فِتْنَةً ۖ وَإِلَيْنَا تُرْجَعُونَ
Массо а сино Iовшур ду далар. Оха зуьйр ду шу вонаца а‚ диканца а питана хилла. Тхуна тIе юхадерзор долуш а ду шу
21:35
Гочдар: Магомед Магомедов