Мусхаф., агӏо 325
-
وَإِذَا رَآكَ الَّذِينَ كَفَرُوا إِنْ يَتَّخِذُونَكَ إِلَّا هُزُوًا أَهَٰذَا الَّذِي يَذْكُرُ آلِهَتَكُمْ وَهُمْ بِذِكْرِ الرَّحْمَٰنِ هُمْ كَافِرُونَ
Цатешачарна хьо гича‚ хьо сийсазвой бен тIе ца лоцу цара: 'ХIара ву шун делий хьехош верг?' Ткъа уьш Къинхетам берг хьехорна керста бу
21:36 -
خُلِقَ الْإِنْسَانُ مِنْ عَجَلٍ ۚ سَأُرِيكُمْ آيَاتِي فَلَا تَسْتَعْجِلُونِ
Адам кхоьллина сихонах. Гойтур ду Ас шуна Сан делилаш‚ аш Со сих ма ве!
21:37 -
وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هَٰذَا الْوَعْدُ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Цара олу: 'Маца хир ю и ваIда /кхочуш/‚ шу бакълуьйш хиллехь?'
21:38 -
لَوْ يَعْلَمُ الَّذِينَ كَفَرُوا حِينَ لَا يَكُفُّونَ عَنْ وُجُوهِهِمُ النَّارَ وَلَا عَنْ ظُهُورِهِمْ وَلَا هُمْ يُنْصَرُونَ
Хаахьара цатешачарна шаьш шайн яххьашна тIера а, шайн баккъашна тIера а цIе дIа тоьттур йоцу‚ шайна гIо хир доцу хан! /Ма сих дийр дацара цара тIаккха и Делан Iазап/!
21:39 -
بَلْ تَأْتِيهِمْ بَغْتَةً فَتَبْهَتُهُمْ فَلَا يَسْتَطِيعُونَ رَدَّهَا وَلَا هُمْ يُنْظَرُونَ
ХIаъ‚ царна тIе догIур ду и /къематде/ цIеххьана‚ уьш хьере бийр бу цо‚ царна могур дац и духатоха‚ уьш /цунах/ тIаьхьатоттур а бац
21:40 -
وَلَقَدِ اسْتُهْزِئَ بِرُسُلٍ مِنْ قَبْلِكَ فَحَاقَ بِالَّذِينَ سَخِرُوا مِنْهُمْ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ
Сийсазбина элчанаш хьол хьалха а. Царах (элчанех) ца бēшаш хиллачарах шайх хьакхаделира шаьш сийсаздеш хилларг
21:41 -
قُلْ مَنْ يَكْلَؤُكُمْ بِاللَّيْلِ وَالنَّهَارِ مِنَ الرَّحْمَٰنِ ۗ بَلْ هُمْ عَنْ ذِكْرِ رَبِّهِمْ مُعْرِضُونَ
Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: 'Хьан лардийр ду шу буса а‚ дийнахь а Къинхетам болчух /Делах–Цуьнан Iазапах/?' ХIаъ‚ уьш шайн Кхиош-кхобург хьехорх дбоьрзуш ма бу
21:42 -
أَمْ لَهُمْ آلِهَةٌ تَمْنَعُهُمْ مِنْ دُونِنَا ۚ لَا يَسْتَطِيعُونَ نَصْرَ أَنْفُسِهِمْ وَلَا هُمْ مِنَّا يُصْحَبُونَ
Я церан, Тхо доцург, /кхин/ делий бу-те, шаьш уьш духатухур болуш /Iазапах/? Царна могур дац шайна гIо дан а‚ уьш Тхох /Тхан Iазапах/ ларор ма бац
21:43 -
بَلْ مَتَّعْنَا هَٰؤُلَاءِ وَآبَاءَهُمْ حَتَّىٰ طَالَ عَلَيْهِمُ الْعُمُرُ ۗ أَفَلَا يَرَوْنَ أَنَّا نَأْتِي الْأَرْضَ نَنْقُصُهَا مِنْ أَطْرَافِهَا ۚ أَفَهُمُ الْغَالِبُونَ
ХIаъ‚ Оха ниIматаш деллера хIокхарна а‚ церан дайшна а шайна тIехь оьмар яхъяллалц. Царна ца го-те Тхо дохкуш латта эшадеш шен йисташкахула? Уьш бу ткъа тоьлларш?
21:44
Гочдар: Магомед Магомедов