Мусхаф., агӏо 330

  1. وَالَّتِي أَحْصَنَتْ فَرْجَهَا فَنَفَخْنَا فِيهَا مِنْ رُوحِنَا وَجَعَلْنَاهَا وَابْنَهَا آيَةً لِلْعَالَمِينَ

    И шен йотагалла Iалашдинарг а /хьехайе/‚ Оха цунна Тхан сих са чудиллира. Цунах а‚ цуьнан кIантах а /массо а/ Iаламна делил хилийтира Оха

    21:91
  2. إِنَّ هَٰذِهِ أُمَّتُكُمْ أُمَّةً وَاحِدَةً وَأَنَا رَبُّكُمْ فَاعْبُدُونِ

    Баккъалла а, хIара шун уммат цхъа уммат ду‚ Со шун Кхиош-кхобург а ву‚ Суна Iибадат дейша

    21:92
  3. وَتَقَطَّعُوا أَمْرَهُمْ بَيْنَهُمْ ۖ كُلٌّ إِلَيْنَا رَاجِعُونَ

    Цара (тIаьхьабогIучара) дийкъира шайн гIуллакх вовшашна юккъехь. Массо а Тхуна тIе юхабоьрзу

    21:93
  4. فَمَنْ يَعْمَلْ مِنَ الصَّالِحَاتِ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَلَا كُفْرَانَ لِسَعْيِهِ وَإِنَّا لَهُ كَاتِبُونَ

    Диканаш деш верг‚ ша муъмин волуш – хир яц цуьнан къахьегарна инкарло‚ баккъалла а, Тхо цунна яздеш ду

    21:94
  5. وَحَرَامٌ عَلَىٰ قَرْيَةٍ أَهْلَكْنَاهَا أَنَّهُمْ لَا يَرْجِعُونَ

    Хьарам ду Оха ша хIаллакйинчу юьрта (-н дай) юхаберза

    21:95
  6. حَتَّىٰ إِذَا فُتِحَتْ يَأْجُوجُ وَمَأْجُوجُ وَهُمْ مِنْ كُلِّ حَدَبٍ يَنْسِلُونَ

    Яъжуж а‚ Маъжуж а гучубовллалц. Уьш массо а агрхьара, лакхарчу меттигашкара охьахецалур бу

    21:96
  7. وَاقْتَرَبَ الْوَعْدُ الْحَقُّ فَإِذَا هِيَ شَاخِصَةٌ أَبْصَارُ الَّذِينَ كَفَرُوا يَا وَيْلَنَا قَدْ كُنَّا فِي غَفْلَةٍ مِنْ هَٰذَا بَلْ كُنَّا ظَالِمِينَ

    Гергаеана бакъйолу ваIда‚ ца тешаш хиллачеран бIаьргаш тIебаьлла: 'Ма бāла бу-кх вайна‚ вай дар-кх хIара тергал ца деш‚ вай хилла-кх зулам динарш'/эр ду цара/

    21:97
  8. إِنَّكُمْ وَمَا تَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ حَصَبُ جَهَنَّمَ أَنْتُمْ لَهَا وَارِدُونَ

    Баккъалла а, шу а‚ Дела а витина‚ аш шайна Iибадат деш берш а‚ жоьжахатин ягориг ю‚ шу цу чу гIур долуш а ду

    21:98
  9. لَوْ كَانَ هَٰؤُلَاءِ آلِهَةً مَا وَرَدُوهَا ۖ وَكُلٌّ فِيهَا خَالِدُونَ

    Уьш делий хиллехьара, – цу чу гIур бацара. Массо а цу чохь гуттар лаьттар ву

    21:99
  10. لَهُمْ فِيهَا زَفِيرٌ وَهُمْ فِيهَا لَا يَسْمَعُونَ

    Царна цу чохь хала са ийзар а ду‚ царна цу чохь хезар а дац

    21:100
  11. إِنَّ الَّذِينَ سَبَقَتْ لَهُمْ مِنَّا الْحُسْنَىٰ أُولَٰئِكَ عَنْهَا مُبْعَدُونَ

    Баккъалла а, шайна Тхоьгара диканиг хьалхадаьлларш – уьш цунна (жоьжахатина) генахь хир бу

    21:101

Гочдар: Магомед Магомедов