Мусхаф., агӏо 329
-
وَمِنَ الشَّيَاطِينِ مَنْ يَغُوصُونَ لَهُ وَيَعْمَلُونَ عَمَلًا دُونَ ذَٰلِكَ ۖ وَكُنَّا لَهُمْ حَافِظِينَ
ШайтIанех а хилла цунна /хIорда/ чу лелхаш‚ и доцург а‚ кхин белхаш а беш‚ Тхо хилира уьш Iалашдийраш
21:82 -
وَأَيُّوبَ إِذْ نَادَىٰ رَبَّهُ أَنِّي مَسَّنِيَ الضُّرُّ وَأَنْتَ أَرْحَمُ الرَّاحِمِينَ
Аюб а /хьахаве/. Цо кхайкхира шен Кхиош-кхобучуьнга: 'Со бāлано лаьцна‚ Хьо къинхетам болчарах а уггар къинхетаме верг ву-кх'
21:83 -
فَاسْتَجَبْنَا لَهُ فَكَشَفْنَا مَا بِهِ مِنْ ضُرٍّ ۖ وَآتَيْنَاهُ أَهْلَهُ وَمِثْلَهُمْ مَعَهُمْ رَحْمَةً مِنْ عِنْدِنَا وَذِكْرَىٰ لِلْعَابِدِينَ
Оха цунна жоп делира‚ айбира цуьнца хилла бāла‚ белира цунна шен доьзал а‚ цаьрца цхьана кхин ишттал‚ Тхан гергара къинхетам а хилла‚ Iибадат дечарна хьехам а хилла
21:84 -
وَإِسْمَاعِيلَ وَإِدْرِيسَ وَذَا الْكِفْلِ ۖ كُلٌّ مِنَ الصَّابِرِينَ
/Хьахаве/ ИсмаIил а‚ Идрис а‚ Зуль-Кифл а‚ массо а собаре хиллачарах бу
21:85 -
وَأَدْخَلْنَاهُمْ فِي رَحْمَتِنَا ۖ إِنَّهُمْ مِنَ الصَّالِحِينَ
Тхан къинхетам чу бахийтира Оха уьш. Баккъалла а, уьш дикачарах бу
21:86 -
وَذَا النُّونِ إِذْ ذَهَبَ مُغَاضِبًا فَظَنَّ أَنْ لَنْ نَقْدِرَ عَلَيْهِ فَنَادَىٰ فِي الظُّلُمَاتِ أَنْ لَا إِلَٰهَ إِلَّا أَنْتَ سُبْحَانَكَ إِنِّي كُنْتُ مِنَ الظَّالِمِينَ
Зун-Нун а‚ дIавахара иза оьгIазвахана‚ цунна хаалора Оха ша гатвийр воцийла таар дарца. ТIаккха цо кхайкхира боданехь: 'Хьо воцург кхин Дела вац‚ вонах цIена ву-кх Хьо‚ со хилла-кх зулам дечарах'
21:87 -
فَاسْتَجَبْنَا لَهُ وَنَجَّيْنَاهُ مِنَ الْغَمِّ ۚ وَكَذَٰلِكَ نُنْجِي الْمُؤْمِنِينَ
Оха цунна жоп делира‚ и кIелхьарваьккхира сингаттамах. Иштта кIелхьарбоху Оха муъмин нах
21:88 -
وَزَكَرِيَّا إِذْ نَادَىٰ رَبَّهُ رَبِّ لَا تَذَرْنِي فَرْدًا وَأَنْتَ خَيْرُ الْوَارِثِينَ
Закарийа /хьахаве/, цо кхайкхира шенКхиош-кхобучуьнга: 'Со Кхиош-кхобург‚ ма витахь со цхьа‚ Хьо ирс лучарах уггар диканиг ма вара!'
21:89 -
فَاسْتَجَبْنَا لَهُ وَوَهَبْنَا لَهُ يَحْيَىٰ وَأَصْلَحْنَا لَهُ زَوْجَهُ ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا يُسَارِعُونَ فِي الْخَيْرَاتِ وَيَدْعُونَنَا رَغَبًا وَرَهَبًا ۖ وَكَانُوا لَنَا خَاشِعِينَ
Цунна а жоп делира Оха‚ велира цунна /кIант/ Яхьъя‚ Оха цунна тоялийтира цуьнан зуда. Баккъалла а, уьш хилира сихлуш диканаш дарехь‚ Тхоьга кхойкхура дог дохуш /Тхан дикане/‚ кхоьруш /Тхан Iазапах/. Уьш хилира Тхох кхоьруш
21:90
Гочдар: Магомед Магомедов