Мусхаф., агӏо 332

  1. يَا أَيُّهَا النَّاسُ اتَّقُوا رَبَّكُمْ ۚ إِنَّ زَلْزَلَةَ السَّاعَةِ شَيْءٌ عَظِيمٌ

    ХIай нах! Кхера шайн Кхиош-кхобучух. Баккъалла а, сахьт дēгар доккха-деза хIума ду

    22:1
  2. يَوْمَ تَرَوْنَهَا تَذْهَلُ كُلُّ مُرْضِعَةٍ عَمَّا أَرْضَعَتْ وَتَضَعُ كُلُّ ذَاتِ حَمْلٍ حَمْلَهَا وَتَرَى النَّاسَ سُكَارَىٰ وَمَا هُمْ بِسُكَارَىٰ وَلَٰكِنَّ عَذَابَ اللَّهِ شَدِيدٌ

    Оцу дийнахь‚ шуна шайна гуш‚ массо а /бер/ дакхош ерг йицлур ю ша дакхийначух‚ охьабуьллур бу шен /кийрахь/ мохь болчо шен мохь /хеназа/‚ хьуна гур бу нах бехна – бехна бац уьш‚ делахь а, Делан Iазап чIогIа ду

    22:2
  3. وَمِنَ النَّاسِ مَنْ يُجَادِلُ فِي اللَّهِ بِغَيْرِ عِلْمٍ وَيَتَّبِعُ كُلَّ شَيْطَانٍ مَرِيدٍ

    Нахах ву ша Делехь къуьйсуш верг /цхьа а/ Iилма доцуш‚ ша тIаьхьахIуттуш верг хр аьрхадаьллачу шайтIанна

    22:3
  4. كُتِبَ عَلَيْهِ أَنَّهُ مَنْ تَوَلَّاهُ فَأَنَّهُ يُضِلُّهُ وَيَهْدِيهِ إِلَىٰ عَذَابِ السَّعِيرِ

    Цунна (шайтIанна) язделла шеца доттагIалла лелийнарг ша тилор а ву‚ цIеран Iазапе дIанисвийр а ву‚ аьлла

    22:4
  5. يَا أَيُّهَا النَّاسُ إِنْ كُنْتُمْ فِي رَيْبٍ مِنَ الْبَعْثِ فَإِنَّا خَلَقْنَاكُمْ مِنْ تُرَابٍ ثُمَّ مِنْ نُطْفَةٍ ثُمَّ مِنْ عَلَقَةٍ ثُمَّ مِنْ مُضْغَةٍ مُخَلَّقَةٍ وَغَيْرِ مُخَلَّقَةٍ لِنُبَيِّنَ لَكُمْ ۚ وَنُقِرُّ فِي الْأَرْحَامِ مَا نَشَاءُ إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى ثُمَّ نُخْرِجُكُمْ طِفْلًا ثُمَّ لِتَبْلُغُوا أَشُدَّكُمْ ۖ وَمِنْكُمْ مَنْ يُتَوَفَّىٰ وَمِنْكُمْ مَنْ يُرَدُّ إِلَىٰ أَرْذَلِ الْعُمُرِ لِكَيْلَا يَعْلَمَ مِنْ بَعْدِ عِلْمٍ شَيْئًا ۚ وَتَرَى الْأَرْضَ هَامِدَةً فَإِذَا أَنْزَلْنَا عَلَيْهَا الْمَاءَ اهْتَزَّتْ وَرَبَتْ وَأَنْبَتَتْ مِنْ كُلِّ زَوْجٍ بَهِيجٍ

    ХIай нах! Шу хиллехь юха дендина /гIовторах/ шекона чохь – Оха шу кхоьллина поппарах‚ тIаккха тIадамах‚ тIаккха цIийнан улхах‚ тIаккха жижиган кийсаках‚ кеп йолуш долчух а‚ кеп йоцуш долчух а шуна билгалдаккхархьама /Тхо ницкъ болуш дуйла/. Оха дIанисдо /шу/ беран цIийна чохь Тхайна ма луъу цIе тоьхна хан тIеккхаччалц‚ тIаккха Оха арадоху шу бер хуьлий‚ тIаккха шу тIекхиархьама шайн ницкъина. Шух леш верг а ву‚ шух /къанваларца/ уггар сийсазчу дахарна тIеверзош верг а ву‚ шена /дуккха а хманаш / хууш хиллачул тIаьхьа хIумма а ца хаийтархьама. Хьуна го латта дакъаделла. Оха шена тIе хи доссийча, и деттало‚ деста‚ /цуьнца/ кхуьу массо а хаза шишша тайпа /яраш/

    22:5

Гочдар: Магомед Магомедов