Мусхаф., агӏо 333

  1. ذَٰلِكَ بِأَنَّ اللَّهَ هُوَ الْحَقُّ وَأَنَّهُ يُحْيِي الْمَوْتَىٰ وَأَنَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Иза ду – Дела хиларна бакъдерг‚ Цо денбийриг хиларна белларш‚ Иза хиларна массо а хIуманна тIехь ницкъберг

    22:6
  2. وَأَنَّ السَّاعَةَ آتِيَةٌ لَا رَيْبَ فِيهَا وَأَنَّ اللَّهَ يَبْعَثُ مَنْ فِي الْقُبُورِ

    /Иза ду/ – сахьт догIург хиларна‚ цу чохь шеко яц‚ Дела хиларна денбина гIовтор болуш кешний чохь берш

    22:7
  3. وَمِنَ النَّاسِ مَنْ يُجَادِلُ فِي اللَّهِ بِغَيْرِ عِلْمٍ وَلَا هُدًى وَلَا كِتَابٍ مُنِيرٍ

    Нахах ву ша Делехь къуьйсуш верг‚ шегахь Iилма а доцуш‚ нийса некъ а боцуш‚ нуьре долу жайна а доцуш

    22:8
  4. ثَانِيَ عِطْفِهِ لِيُضِلَّ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ ۖ لَهُ فِي الدُّنْيَا خِزْيٌ ۖ وَنُذِيقُهُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ عَذَابَ الْحَرِيقِ

    /Куралла ярца/ шен лаг дIагIертош Делан новкъах /нах/ тилабархьама. Цунна дуьненахь а сийсазалла ю‚ Оха Iовшуьйтур ду цуьнга къематдийнахь цIеран Iазап

    22:9
  5. ذَٰلِكَ بِمَا قَدَّمَتْ يَدَاكَ وَأَنَّ اللَّهَ لَيْسَ بِظَلَّامٍ لِلْعَبِيدِ

    /Цуьнга эр ду/: 'И ду хьан шина куьйго хьалхадаьккхинарг бахьанехь‚ Дела цахиларна а зуламаш дийриг лешна'

    22:10
  6. وَمِنَ النَّاسِ مَنْ يَعْبُدُ اللَّهَ عَلَىٰ حَرْفٍ ۖ فَإِنْ أَصَابَهُ خَيْرٌ اطْمَأَنَّ بِهِ ۖ وَإِنْ أَصَابَتْهُ فِتْنَةٌ انْقَلَبَ عَلَىٰ وَجْهِهِ خَسِرَ الدُّنْيَا وَالْآخِرَةَ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الْخُسْرَانُ الْمُبِينُ

    Нахах ву ша Далла Iибадат деш верг уьраллин юьхьига тIехь волчух тера: шех кхиъча диканиг, цуьнца паргIатволу иза‚ шех питана (бāла) кхиъча, шен юьхь тIе дIавоьрзу и /цатешарна тIе/ – дуьне а‚ эхарт а дайина цо. Иза билггала эшам бу-кх!

    22:11
  7. يَدْعُو مِنْ دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَضُرُّهُ وَمَا لَا يَنْفَعُهُ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الضَّلَالُ الْبَعِيدُ

    Цо кхойкху Дела воцучуьнга‚ шена зен ца дечуьнга‚ шена пайда ца бечуьнга. Иза ду-кх генара тилар!

    22:12
  8. يَدْعُو لَمَنْ ضَرُّهُ أَقْرَبُ مِنْ نَفْعِهِ ۚ لَبِئْسَ الْمَوْلَىٰ وَلَبِئْسَ الْعَشِيرُ

    Цо кхойкху шена /хуьлучу/ пайданал шена зен герга долчуьнга– ма вон эла ву-кх‚ ма вон накъост ву-кх /цо лаьцнарг‚ Дела а витина/!

    22:13
  9. إِنَّ اللَّهَ يُدْخِلُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ ۚ إِنَّ اللَّهَ يَفْعَلُ مَا يُرِيدُ

    Баккъалла а, Дала чубохуьйтур бу ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а бошмашна‚ шайн бухахула хиш оьхуш йолчу. Баккъалла а, Дала до Шена луург

    22:14
  10. مَنْ كَانَ يَظُنُّ أَنْ لَنْ يَنْصُرَهُ اللَّهُ فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ فَلْيَمْدُدْ بِسَبَبٍ إِلَى السَّمَاءِ ثُمَّ لْيَقْطَعْ فَلْيَنْظُرْ هَلْ يُذْهِبَنَّ كَيْدُهُ مَا يَغِيظُ

    /Шен элчанна/ Дала дуьненахь а‚ эхартахь а гIо дийр дац моьттуш хилларг – цо муш дIатосийла тхов тIе ирхкхазвала, тIаккха хададойла /шен лаг/‚ тIаккха хьожийла шена‚ дIадехьний-те цуьнан мекарлос и оьгIазвохуьйтург

    22:15

Гочдар: Магомед Магомедов