Мусхаф., агӏо 338

  1. وَيَسْتَعْجِلُونَكَ بِالْعَذَابِ وَلَنْ يُخْلِفَ اللَّهُ وَعْدَهُ ۚ وَإِنَّ يَوْمًا عِنْدَ رَبِّكَ كَأَلْفِ سَنَةٍ مِمَّا تَعُدُّونَ

    Хьо сихво цара Iазапаца. Дала йохор яц Шен ваIда. Цхьа де хьан Кхиош-кхобучун гергахь эзар шо санна ду аш дагардечух

    22:47
  2. وَكَأَيِّنْ مِنْ قَرْيَةٍ أَمْلَيْتُ لَهَا وَهِيَ ظَالِمَةٌ ثُمَّ أَخَذْتُهَا وَإِلَيَّ الْمَصِيرُ

    Маса юрт /ханна/ тIаьхьатеттира /Iазап ца деш/ Ас‚ уьш зуламе а йолуш? ТIаккха схьалецира уьш Ас‚ Суна т ду тIекхачар

    22:48
  3. قُلْ يَا أَيُّهَا النَّاسُ إِنَّمَا أَنَا لَكُمْ نَذِيرٌ مُبِينٌ

    Ахь āла: 'ХIай нах! Баккъалла а, со шуна билгала кхерамча ву-кх'

    22:49
  4. فَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَهُمْ مَغْفِرَةٌ وَرِزْقٌ كَرِيمٌ

    Ийман диллинарш а‚ дика Iамал йинарш а – царна гечдар а‚ сийлахь рицкъ а ду

    22:50
  5. وَالَّذِينَ سَعَوْا فِي آيَاتِنَا مُعَاجِزِينَ أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ الْجَحِيمِ

    Тхан аяташна дуьхьал, уьш дохо грташ къахьегнарш – уьш жоьжахатин дай бу

    22:51
  6. وَمَا أَرْسَلْنَا مِنْ قَبْلِكَ مِنْ رَسُولٍ وَلَا نَبِيٍّ إِلَّا إِذَا تَمَنَّىٰ أَلْقَى الشَّيْطَانُ فِي أُمْنِيَّتِهِ فَيَنْسَخُ اللَّهُ مَا يُلْقِي الشَّيْطَانُ ثُمَّ يُحْكِمُ اللَّهُ آيَاتِهِ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    Оха ца вахийтина хьол хьалха цхьа а элча а‚ цхьа а пайхамар а цо сатуьйсучу хенахь цуьнан сатийсамийн чу шайтIа ца оьккхуш‚ тIаккха Дала дIадоккхуш бен шайтIано кхоьссинарг. ТIаьхьа Дала хьукам дойтур ду Шен аяташка. И Дела хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву

    22:52
  7. لِيَجْعَلَ مَا يُلْقِي الشَّيْطَانُ فِتْنَةً لِلَّذِينَ فِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ وَالْقَاسِيَةِ قُلُوبُهُمْ ۗ وَإِنَّ الظَّالِمِينَ لَفِي شِقَاقٍ بَعِيدٍ

    /И ду/ шайтIано кхоьссинчух питана хилархьама шайн дегнашкахь цамгар йолчарна‚ шайн дегнаш къиза долчарна. Баккъалла а, зуламхой генарчу мостагIаллина чохь ма бу

    22:53
  8. وَلِيَعْلَمَ الَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ أَنَّهُ الْحَقُّ مِنْ رَبِّكَ فَيُؤْمِنُوا بِهِ فَتُخْبِتَ لَهُ قُلُوبُهُمْ ۗ وَإِنَّ اللَّهَ لَهَادِ الَّذِينَ آمَنُوا إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ

    Iилма деллачаьрга хаийтархьама‚ иза хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъдерг хилар‚ цунах тешийла уьш‚ мукIар хуьлийла Цунна церан дегнаш. Баккъалла а, Дела ма ву нисбеш верг ийман диллинарш нийсачу новкъа

    22:54
  9. وَلَا يَزَالُ الَّذِينَ كَفَرُوا فِي مِرْيَةٍ مِنْهُ حَتَّىٰ تَأْتِيَهُمُ السَّاعَةُ بَغْتَةً أَوْ يَأْتِيَهُمْ عَذَابُ يَوْمٍ عَقِيمٍ

    ДIатилар бац цатешнарш цунах шеконехь латтарх‚ шайна тIе цIеххьана сахьт кхаччалц‚ я шайна тIе Iахар дийнан Iазап кхаччалц

    22:55

Гочдар: Магомед Магомедов