Мусхаф., агӏо 346

  1. وَالَّذِينَ يُؤْتُونَ مَا آتَوْا وَقُلُوبُهُمْ وَجِلَةٌ أَنَّهُمْ إِلَىٰ رَبِّهِمْ رَاجِعُونَ

    Шаьш шайн Кхиош-кхобучунна тIе ддоьрзур дуйла а хууш, /Цунах/ шайн дегнаш кхоьруш а долуш‚ шайна /Дала/ деллачу рицкъих /сагIа/ луш берш -

    23:60
  2. أُولَٰئِكَ يُسَارِعُونَ فِي الْخَيْرَاتِ وَهُمْ لَهَا سَابِقُونَ

    Уьш бу диканашна тIе сихбелларш - уьш царах (шайн диканех) хьалххе ткхуьур бу!

    23:61
  3. وَلَا نُكَلِّفُ نَفْسًا إِلَّا وُسْعَهَا ۖ وَلَدَيْنَا كِتَابٌ يَنْطِقُ بِالْحَقِّ ۚ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ

    Оха тIе ца дуьллу синна цуьнан ницкъ кхочург бен. Тхоьгахь ду жайна‚ ша бакъдерг дуьйцуш долу‚ царна зулам дийр дац

    23:62
  4. بَلْ قُلُوبُهُمْ فِي غَمْرَةٍ مِنْ هَٰذَا وَلَهُمْ أَعْمَالٌ مِنْ دُونِ ذَٰلِكَ هُمْ لَهَا عَامِلُونَ

    Церан (керстанийн) дегнаш оцунах (бакъдолчух) дIатилар чохь ду‚ царна уьш йоцурш а /кхин вон/ Iамалаш ю, шаьш еш йолу

    23:63
  5. حَتَّىٰ إِذَا أَخَذْنَا مُتْرَفِيهِمْ بِالْعَذَابِ إِذَا هُمْ يَجْأَرُونَ

    Царах ниIмат делларш Оха Iазапаца схьалаьцча‚ уьш мохь хьоькхуш бисира

    23:64
  6. لَا تَجْأَرُوا الْيَوْمَ ۖ إِنَّكُمْ مِنَّا لَا تُنْصَرُونَ

    /Цаьрга элира/: 'Мохь ма хьекха тахана – шуна Тхоьгара гIо хир дац!'

    23:65
  7. قَدْ كَانَتْ آيَاتِي تُتْلَىٰ عَلَيْكُمْ فَكُنْتُمْ عَلَىٰ أَعْقَابِكُمْ تَنْكِصُونَ

    Хилла Сан аяташ шуна тIехь доьшуш – хилла шу царах юхадовлуш

    23:66
  8. مُسْتَكْبِرِينَ بِهِ سَامِرًا تَهْجُرُونَ

    Курадевлла цуьнца (КаIбица)‚ буьйсанна /Къуръанах/ луьйш

    23:67
  9. أَفَلَمْ يَدَّبَّرُوا الْقَوْلَ أَمْ جَاءَهُمْ مَا لَمْ يَأْتِ آبَاءَهُمُ الْأَوَّلِينَ

    Цара ойла ца йо дашах‚ я цаьрга деана церан хьалхалерчу дайшка ца деънарг?

    23:68
  10. أَمْ لَمْ يَعْرِفُوا رَسُولَهُمْ فَهُمْ لَهُ مُنْكِرُونَ

    Я царна ца вевзира шайн элча‚ цара цунна инкарло а еш?

    23:69
  11. أَمْ يَقُولُونَ بِهِ جِنَّةٌ ۚ بَلْ جَاءَهُمْ بِالْحَقِّ وَأَكْثَرُهُمْ لِلْحَقِّ كَارِهُونَ

    Я цара олу: 'Цуьнца жинаш ду?' И веана цаьрга бакъдолчуьнца‚ царах дукхахберш бакъдерг ца дезаш бу

    23:70
  12. وَلَوِ اتَّبَعَ الْحَقُّ أَهْوَاءَهُمْ لَفَسَدَتِ السَّمَاوَاتُ وَالْأَرْضُ وَمَنْ فِيهِنَّ ۚ بَلْ أَتَيْنَاهُمْ بِذِكْرِهِمْ فَهُمْ عَنْ ذِكْرِهِمْ مُعْرِضُونَ

    Бакъдерг церан дезаршна тIаьхьа даьллехьара‚ стигланаш а‚ латта а‚ цу чохь мел дерг а хIаллакхир дара. Оха цаьрга белира /шена чохь/ шайна сий а, дозалла а долуш хьехам (Къуръан). Уьш шайна /бечу/ хьехамах дбоьрзура

    23:71
  13. أَمْ تَسْأَلُهُمْ خَرْجًا فَخَرَاجُ رَبِّكَ خَيْرٌ ۖ وَهُوَ خَيْرُ الرَّازِقِينَ

    Я ахь цаьрга харж йоьху? Хьан Кхиош-кхобучун харж тоьлаш ю. Иза рицкъ лучарах уггар диканиг ву

    23:72
  14. وَإِنَّكَ لَتَدْعُوهُمْ إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ

    Баккъалла а, ахь уьш кхойкху нийсачу новкъа

    23:73
  15. وَإِنَّ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ عَنِ الصِّرَاطِ لَنَاكِبُونَ

    Баккъалла а, эхартах цатешарш /нийсачу/ некъах дIатуьлуш ма бу

    23:74

Гочдар: Магомед Магомедов