Мусхаф., агӏо 345

  1. مَا تَسْبِقُ مِنْ أُمَّةٍ أَجَلَهَا وَمَا يَسْتَأْخِرُونَ

    Хьалхадер дац цхьа а уммат шен Iожаллал‚ тIаьхьабуьсур а бац уьш

    23:43
  2. ثُمَّ أَرْسَلْنَا رُسُلَنَا تَتْرَىٰ ۖ كُلَّ مَا جَاءَ أُمَّةً رَسُولُهَا كَذَّبُوهُ ۚ فَأَتْبَعْنَا بَعْضَهُمْ بَعْضًا وَجَعَلْنَاهُمْ أَحَادِيثَ ۚ فَبُعْدًا لِقَوْمٍ لَا يُؤْمِنُونَ

    ТIаккха тIеттIа бахийтира Оха Тхан элчанаш. Мацца а умматана тIе шен элча веъча – цара и харцвора‚ Оха царах цхьаберш вукхарна тIаьхьабахийтира. Оха царах хилийтира дийцарш. Делла дāла ца тешаш долу къам!

    23:44
  3. ثُمَّ أَرْسَلْنَا مُوسَىٰ وَأَخَاهُ هَارُونَ بِآيَاتِنَا وَسُلْطَانٍ مُبِينٍ

    ТIаккха Оха вахийтира Муса а‚ цуьнан ваша ХIарун а Тхан аяташца а‚ билгалчу делилаца а

    23:45
  4. إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِ فَاسْتَكْبَرُوا وَكَانُوا قَوْمًا عَالِينَ

    ФирIавнна а‚ цуьнан элашна а тIе – уьш курабевлира‚ царах хилира лакхадала гIерта къам

    23:46
  5. فَقَالُوا أَنُؤْمِنُ لِبَشَرَيْنِ مِثْلِنَا وَقَوْمُهُمَا لَنَا عَابِدُونَ

    Цара элира: 'Тхо тешар ду ткъа тхо санначу шина стагах‚ цу шиннан нах тхуна /леш хилла/ гIуллакх деш а болуш?'

    23:47
  6. فَكَذَّبُوهُمَا فَكَانُوا مِنَ الْمُهْلَكِينَ

    Цара и шиъ харцвира‚ шаьш хIаллакхиллачарах хилира

    23:48
  7. وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ لَعَلَّهُمْ يَهْتَدُونَ

    Оха делира Мусага жайна‚ уьш нислур бацара-те‚ аьлла

    23:49
  8. وَجَعَلْنَا ابْنَ مَرْيَمَ وَأُمَّهُ آيَةً وَآوَيْنَاهُمَا إِلَىٰ رَبْوَةٍ ذَاتِ قَرَارٍ وَمَعِينٍ

    Оха хилийтира Марьяман кIантах а‚ цуьнан ненах а делил. Оха /цхьана ханна баха/ охьаховшийра и шиъ лекхачу меттиге‚ шен чIагIо а‚ шовда а долчу

    23:50
  9. يَا أَيُّهَا الرُّسُلُ كُلُوا مِنَ الطَّيِّبَاتِ وَاعْمَلُوا صَالِحًا ۖ إِنِّي بِمَا تَعْمَلُونَ عَلِيمٌ

    ХIай элчанаш! Даа цIенчух‚ Iамал е диканиг! Баккъалла а, Со аш деш дерг хууш ву шуна

    23:51
  10. وَإِنَّ هَٰذِهِ أُمَّتُكُمْ أُمَّةً وَاحِدَةً وَأَنَا رَبُّكُمْ فَاتَّقُونِ

    Баккъалла а, хIара шун уммат цхьа уммат ду‚ Со шун Кхиош-кхобург ву‚ Сох кхералаш

    23:52
  11. فَتَقَطَّعُوا أَمْرَهُمْ بَيْنَهُمْ زُبُرًا ۖ كُلُّ حِزْبٍ بِمَا لَدَيْهِمْ فَرِحُونَ

    Цара хадийра шайн гIуллакх вовший юккъехь тобанашца. Массо а тоба шегахь долчуьнца яккхийеш ю

    23:53
  12. فَذَرْهُمْ فِي غَمْرَتِهِمْ حَتَّىٰ حِينٍ

    Бита уьш шайн кегари чохь /уьш лийр болу/ хан тIеккхаччалц

    23:54
  13. أَيَحْسَبُونَ أَنَّمَا نُمِدُّهُمْ بِهِ مِنْ مَالٍ وَبَنِينَ

    Царна моьтту-техьа Оха шайна шеца бахам а‚ кIентий а луш хилар

    23:55
  14. نُسَارِعُ لَهُمْ فِي الْخَيْرَاتِ ۚ بَلْ لَا يَشْعُرُونَ

    Оха шайна диканаш сихдар ду? ХIетте а, ца хаало-кх царна

    23:56
  15. إِنَّ الَّذِينَ هُمْ مِنْ خَشْيَةِ رَبِّهِمْ مُشْفِقُونَ

    Баккъалла а, шаьш шайн Кхиош-кхобучух кхоьруш эгна берш‚

    23:57
  16. وَالَّذِينَ هُمْ بِآيَاتِ رَبِّهِمْ يُؤْمِنُونَ

    Шаьш шайн Кхиош-кхобучун аятех тешаш берш‚

    23:58
  17. وَالَّذِينَ هُمْ بِرَبِّهِمْ لَا يُشْرِكُونَ

    Шаьш шайн Кхиош-кхобучуьнца накъостий ца луьйцуш берш‚

    23:59

Гочдар: Магомед Магомедов