Мусхаф., агӏо 349

  1. أَلَمْ تَكُنْ آيَاتِي تُتْلَىٰ عَلَيْكُمْ فَكُنْتُمْ بِهَا تُكَذِّبُونَ

    Сан аяташ ца хилира шуна тIехь доьшуш? Шу ма хилира уьш харцдеш!

    23:105
  2. قَالُوا رَبَّنَا غَلَبَتْ عَلَيْنَا شِقْوَتُنَا وَكُنَّا قَوْمًا ضَالِّينَ

    Цара элира: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ тхан декъазалла туьйлира тхуна тIехь‚ тхо хили-кх тиладелла къам

    23:106
  3. رَبَّنَا أَخْرِجْنَا مِنْهَا فَإِنْ عُدْنَا فَإِنَّا ظَالِمُونَ

    Тхан Кхиош-кхобург‚ арадāхахь тхо цу (жоьжахати) чуьра‚ тхо юха а тIедерзахь /къиношна/‚ – тIаккха тхо хир хьуна зуламхой'

    23:107
  4. قَالَ اخْسَئُوا فِيهَا وَلَا تُكَلِّمُونِ

    Цо (Дала) элира: 'ДIасовца цу чохь‚ къамел ма де Соьга!'

    23:108
  5. إِنَّهُ كَانَ فَرِيقٌ مِنْ عِبَادِي يَقُولُونَ رَبَّنَا آمَنَّا فَاغْفِرْ لَنَا وَارْحَمْنَا وَأَنْتَ خَيْرُ الرَّاحِمِينَ

    Баккъалла а, Сан лех цхьа тоба хилира олуш: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ ийман диллина оха‚ гечдехьа тхуна‚ къинхетам бехьа тхох‚ Хьо ву-кх къинхетам бечарах уггар диканиг'

    23:109
  6. فَاتَّخَذْتُمُوهُمْ سِخْرِيًّا حَتَّىٰ أَنْسَوْكُمْ ذِكْرِي وَكُنْتُمْ مِنْهُمْ تَضْحَكُونَ

    Аш царах белар дира оцо шуьга Сан хьехам бицбайтталц‚ шу хилира царах доьлуш

    23:110
  7. إِنِّي جَزَيْتُهُمُ الْيَوْمَ بِمَا صَبَرُوا أَنَّهُمْ هُمُ الْفَائِزُونَ

    Баккъалла а, Ас ял ели царна тахана цара собар дарна‚ баккъалла а, уьш бу-кх толам баьккхинарш

    23:111
  8. قَالَ كَمْ لَبِثْتُمْ فِي الْأَرْضِ عَدَدَ سِنِينَ

    Цо (Дала) элира: 'Мел лаьттира шу лаьтта тIехь шерийн барамехь?'

    23:112
  9. قَالُوا لَبِثْنَا يَوْمًا أَوْ بَعْضَ يَوْمٍ فَاسْأَلِ الْعَادِّينَ

    Цара элира: 'Тхо лаьттира дийнахь‚ я дийнан цхьана декъехь‚ хаттал дагардечаьрга'

    23:113
  10. قَالَ إِنْ لَبِثْتُمْ إِلَّا قَلِيلًا ۖ لَوْ أَنَّكُمْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ

    Цо элира: 'Шу кIеззиг бен ца лаьттира‚ шу хиллехьара хууш'

    23:114
  11. أَفَحَسِبْتُمْ أَنَّمَا خَلَقْنَاكُمْ عَبَثًا وَأَنَّكُمْ إِلَيْنَا لَا تُرْجَعُونَ

    Шуна моьттина-те Оха шу кхоьллина эрна‚ шаьш Тхуна тIе ддерзор а дац?

    23:115
  12. فَتَعَالَى اللَّهُ الْمَلِكُ الْحَقُّ ۖ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ رَبُّ الْعَرْشِ الْكَرِيمِ

    Лакхавели Дела – бакъволу паччахь‚ вац кхин дела Иза воцург – сийлахь йолчу Iаршан Да /ву Иза/

    23:116
  13. وَمَنْ يَدْعُ مَعَ اللَّهِ إِلَٰهًا آخَرَ لَا بُرْهَانَ لَهُ بِهِ فَإِنَّمَا حِسَابُهُ عِنْدَ رَبِّهِ ۚ إِنَّهُ لَا يُفْلِحُ الْكَافِرُونَ

    Милла велахь Делаца цхьана кхечу деле кхойкхуш‚ шена цуьнца цхьа а тешалла а доцуш – цуьнан хьесап шен Кхиош-кхобучун карахь ду. Баккъалла а, баккхийбуьйр ма бац цатешнарш

    23:117
  14. وَقُلْ رَبِّ اغْفِرْ وَارْحَمْ وَأَنْتَ خَيْرُ الرَّاحِمِينَ

    Ахь āла: 'Со Кхиош-кхобург‚ гечдехьа‚ къинхетам бехьа‚ Хьо ву-кх къинхетам бечарах уггар диканиг'

    23:118

Гочдар: Магомед Магомедов