Мусхаф., агӏо 348
-
بَلْ أَتَيْنَاهُمْ بِالْحَقِّ وَإِنَّهُمْ لَكَاذِبُونَ
ХIаъ‚ Оха цаьрга делира бакъдерг. Баккъалла а, уьш харцлуьйш берш ма бу
23:90 -
مَا اتَّخَذَ اللَّهُ مِنْ وَلَدٍ وَمَا كَانَ مَعَهُ مِنْ إِلَٰهٍ ۚ إِذًا لَذَهَبَ كُلُّ إِلَٰهٍ بِمَا خَلَقَ وَلَعَلَا بَعْضُهُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ ۚ سُبْحَانَ اللَّهِ عَمَّا يَصِفُونَ
Дала ца лецира цхьа а доьзалхо‚ ца хилира цуьнца цхьа а дела. ТIаккха-м массо а делас ша кхоьллинарг дIахьур ма дара‚ царах цхьаберш (делий) вукхарал лакхабевр ма бара. ЦIена ву и Дела цара Шех кхуллучух
23:91 -
عَالِمِ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ فَتَعَالَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ
Хьуламехь дерг а‚ гучахь дерг а хууш волу‚ лакхаваьлла Иза цара шеца накъост лоцучух
23:92 -
قُلْ رَبِّ إِمَّا تُرِيَنِّي مَا يُوعَدُونَ
Ахь āла: 'Со Кхиош-кхобург‚ нагахь Ахь гайтанне а гайтахь суна царна хир ду аьлларг (Iазап),
23:93 -
رَبِّ فَلَا تَجْعَلْنِي فِي الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ
Со Кхиош-кхобург‚ тIаккха со ма хилийталахь зуламе нахана юккъехь'
23:94 -
وَإِنَّا عَلَىٰ أَنْ نُرِيَكَ مَا نَعِدُهُمْ لَقَادِرُونَ
Баккъалла а, Тхо хьоьга гайта Оха царна ваIда динарг ницкъ болуш ду хьуна‚
23:95 -
ادْفَعْ بِالَّتِي هِيَ أَحْسَنُ السَّيِّئَةَ ۚ نَحْنُ أَعْلَمُ بِمَا يَصِفُونَ
Ахь духатохалахь вониг ша диках долчуьнца. Тхо дика хууш ду хьуна цара /Далла тIе/ кхуллург
23:96 -
وَقُلْ رَبِّ أَعُوذُ بِكَ مِنْ هَمَزَاتِ الشَّيَاطِينِ
Ахь алалахь: 'Со Кхиош-кхобург‚ со ларло Хьоьца шайтIанийн тхсдечу /вочу/ хманех
23:97 -
وَأَعُوذُ بِكَ رَبِّ أَنْ يَحْضُرُونِ
Со ларло Хьоьца‚ сан Кхиош-кхобург‚ уьш (шайтIанаш) суна гергадахкарх'
23:98 -
حَتَّىٰ إِذَا جَاءَ أَحَدَهُمُ الْمَوْتُ قَالَ رَبِّ ارْجِعُونِ
Царах цхьанна тIе валар деъча‚ эр ду: 'Сан Кхиош-кхобург‚ юхаверзаве-хьа со /дуьнена/
23:99 -
لَعَلِّي أَعْمَلُ صَالِحًا فِيمَا تَرَكْتُ ۚ كَلَّا ۚ إِنَّهَا كَلِمَةٌ هُوَ قَائِلُهَا ۖ وَمِنْ وَرَائِهِمْ بَرْزَخٌ إِلَىٰ يَوْمِ يُبْعَثُونَ
Дика Iамал ян мегара ас‚ айса ца еш йитинарг'. ХIан-хIа! И дош ду цо (шайтIано‚ цатешачу стага) ша аьлла долу. Церан тIехьахь дуьхьало ю уьш юха денбийр болчу дийне кхаччалц
23:100 -
فَإِذَا نُفِخَ فِي الصُّورِ فَلَا أَنْسَابَ بَيْنَهُمْ يَوْمَئِذٍ وَلَا يَتَسَاءَلُونَ
Сур лекхча, – гергарлонаш хир дац царна юккъехь оцу дийнахь‚ вовшашка хоьттур дац цара
23:101 -
فَمَنْ ثَقُلَتْ مَوَازِينُهُ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ
Шайн мизан-терза дазделларш – уьш хир бу баккхийбуьйраш
23:102 -
وَمَنْ خَفَّتْ مَوَازِينُهُ فَأُولَٰئِكَ الَّذِينَ خَسِرُوا أَنْفُسَهُمْ فِي جَهَنَّمَ خَالِدُونَ
Шен миза-терза дайделларш – уьш шаьш хIаллакбинарш бу‚ гуттар жоьжахати чохь хир бу уьш
23:103 -
تَلْفَحُ وُجُوهَهُمُ النَّارُ وَهُمْ فِيهَا كَالِحُونَ
Шайн яххьаш цIаро ягаеш‚ шаьш цу (жоьжахати) чохь кхоьлина (юьхь хабийна) хир бу уьш
23:104
Гочдар: Магомед Магомедов