Мусхаф., агӏо 352

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَتَّبِعُوا خُطُوَاتِ الشَّيْطَانِ ۚ وَمَنْ يَتَّبِعْ خُطُوَاتِ الشَّيْطَانِ فَإِنَّهُ يَأْمُرُ بِالْفَحْشَاءِ وَالْمُنْكَرِ ۚ وَلَوْلَا فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَتُهُ مَا زَكَىٰ مِنْكُمْ مِنْ أَحَدٍ أَبَدًا وَلَٰكِنَّ اللَّهَ يُزَكِّي مَنْ يَشَاءُ ۗ وَاللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    ХIай ийман диллинарш! ШайтIанан гIулчашна тIаьхьа ма хIитталаш. ШайтIанан гIулчашна тIаьхьахIоьттинарг – баккъалла цо хьоьху боьханиг а‚ инкарло а. Шайна тIехь Делан коьмаршалла а‚ Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара, шух цхьа а цкъа а цIанлур ма вацара. Делахь а, Дала цIанво Шена луург. Дела хозуш верг а‚ хууш верг а ву

    24:21
  2. وَلَا يَأْتَلِ أُولُو الْفَضْلِ مِنْكُمْ وَالسَّعَةِ أَنْ يُؤْتُوا أُولِي الْقُرْبَىٰ وَالْمَسَاكِينَ وَالْمُهَاجِرِينَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ ۖ وَلْيَعْفُوا وَلْيَصْفَحُوا ۗ أَلَا تُحِبُّونَ أَنْ يَغْفِرَ اللَّهُ لَكُمْ ۗ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Дуй ма боийла шух шегахь коьмаьршалла а‚ хьал а долчо гергарчарна а‚ мискачарна а‚ Делан новкъахь дIакхелхиначарна а /сагIа/ лур дац, алий. КъинтIера болийла уьш‚ бехказбохийла цара. Шуна ца деза Дала шайна гечдар? Дела тх гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву

    24:22
  3. إِنَّ الَّذِينَ يَرْمُونَ الْمُحْصَنَاتِ الْغَافِلَاتِ الْمُؤْمِنَاتِ لُعِنُوا فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ وَلَهُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ

    Баккъалла а, оьздачу‚ /шайна боьханиг/ ца девзачу муъмин зударшна бехк кхуьссуш берш – дуьненахь а‚ эхартахь а неIалт аьлла царна‚ царна деза-доккха Iазап а ду

    24:23
  4. يَوْمَ تَشْهَدُ عَلَيْهِمْ أَلْسِنَتُهُمْ وَأَيْدِيهِمْ وَأَرْجُلُهُمْ بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Оцу /къемат/дийнахь тешалла дийр ду царна тIехь церан меттанаша‚ церан куьйгаша а‚ церан когаша а цара лелош хиллачуьнца

    24:24
  5. يَوْمَئِذٍ يُوَفِّيهِمُ اللَّهُ دِينَهُمُ الْحَقَّ وَيَعْلَمُونَ أَنَّ اللَّهَ هُوَ الْحَقُّ الْمُبِينُ

    Оцу дийнахь Дала бийр бу царна хьакъ-бакъ болу бекхам. Царна хууш ду и Дела Ша вуйла билгала бакъдерг

    24:25
  6. الْخَبِيثَاتُ لِلْخَبِيثِينَ وَالْخَبِيثُونَ لِلْخَبِيثَاتِ ۖ وَالطَّيِّبَاتُ لِلطَّيِّبِينَ وَالطَّيِّبُونَ لِلطَّيِّبَاتِ ۚ أُولَٰئِكَ مُبَرَّءُونَ مِمَّا يَقُولُونَ ۖ لَهُمْ مَغْفِرَةٌ وَرِزْقٌ كَرِيمٌ

    Боьха /лела/ зударий – боьхачу божаршна‚ боьха /лела/ божарий – боьхачу зударшна. ЦIена /лела/ зударий – цIенчу божаршна‚ цIена /лела/ божарий – цIенчу зударшна. Уьш /Iаишат и саннарш/ цIена бу цара дуьйцучух. Царна гечдар а ду‚ сийлахь рицкъ а ду

    24:26
  7. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَدْخُلُوا بُيُوتًا غَيْرَ بُيُوتِكُمْ حَتَّىٰ تَسْتَأْنِسُوا وَتُسَلِّمُوا عَلَىٰ أَهْلِهَا ۚ ذَٰلِكُمْ خَيْرٌ لَكُمْ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ

    ХIай ийман диллинарш! Шу чу ма гIолаш шайн доцчу цIеношка бакъо а ца йоьхуш‚ церан дайшка салам ца луш. Иза шуна дика ду /шу цххьана царна чу гчул/. Аш ойла йийр яцара-те?

    24:27

Гочдар: Магомед Магомедов