Мусхаф., агӏо 358

  1. وَإِذَا بَلَغَ الْأَطْفَالُ مِنْكُمُ الْحُلُمَ فَلْيَسْتَأْذِنُوا كَمَا اسْتَأْذَنَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمْ آيَاتِهِ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    Шун бераша кхиъна баьлча, пурба доьхийла цара шайл хьалхалерачара дехарх терра. Иштта билгалдоху Дала шуна Шен аяташ. Дела хууш верг а ву‚ хьукам /нийса/ дийриг а ву

    24:59
  2. وَالْقَوَاعِدُ مِنَ النِّسَاءِ اللَّاتِي لَا يَرْجُونَ نِكَاحًا فَلَيْسَ عَلَيْهِنَّ جُنَاحٌ أَنْ يَضَعْنَ ثِيَابَهُنَّ غَيْرَ مُتَبَرِّجَاتٍ بِزِينَةٍ ۖ وَأَنْ يَسْتَعْفِفْنَ خَيْرٌ لَهُنَّ ۗ وَاللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    Зударех къанбелларш‚ маре баха дог дохуш боцу – царна къа дац шайн /тIехула йолу/ бедарш дяхарх‚ хазалла гучудоккхуш бацахь. Уьш оьзда хилча, – царна дика ду. Дела хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву

    24:60
  3. لَيْسَ عَلَى الْأَعْمَىٰ حَرَجٌ وَلَا عَلَى الْأَعْرَجِ حَرَجٌ وَلَا عَلَى الْمَرِيضِ حَرَجٌ وَلَا عَلَىٰ أَنْفُسِكُمْ أَنْ تَأْكُلُوا مِنْ بُيُوتِكُمْ أَوْ بُيُوتِ آبَائِكُمْ أَوْ بُيُوتِ أُمَّهَاتِكُمْ أَوْ بُيُوتِ إِخْوَانِكُمْ أَوْ بُيُوتِ أَخَوَاتِكُمْ أَوْ بُيُوتِ أَعْمَامِكُمْ أَوْ بُيُوتِ عَمَّاتِكُمْ أَوْ بُيُوتِ أَخْوَالِكُمْ أَوْ بُيُوتِ خَالَاتِكُمْ أَوْ مَا مَلَكْتُمْ مَفَاتِحَهُ أَوْ صَدِيقِكُمْ ۚ لَيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌ أَنْ تَأْكُلُوا جَمِيعًا أَوْ أَشْتَاتًا ۚ فَإِذَا دَخَلْتُمْ بُيُوتًا فَسَلِّمُوا عَلَىٰ أَنْفُسِكُمْ تَحِيَّةً مِنْ عِنْدِ اللَّهِ مُبَارَكَةً طَيِّبَةً ۚ كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمُ الْآيَاتِ لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ

    БIаьрса доцчунна къа дац‚ астагI волчунна къа дац‚ цомгаш волчунна къа дац‚ шуна шайна а /къа/ дац аш /хIума/ яарх шайн цIеношкара‚ я шайн дайн цIношкара‚ я шайн нанойн цIеношкара‚ я шайн вежарийн цIеношкара‚ я шайн йижарийн цIеношкара‚ я шайн ден вежарийн цIеношкара‚ я шайн ден йижарийн цIеношкара‚ я шайн ненан вежарийн цIеношкара, я шайн ненан йижарийн цIеношкара‚ я шайн /цIенойн/ догIанашна аш доладечеран /цIеношкара/‚ я шайн доттагIчун /цIеношкара/. Дац шуна къа аш /хIума/ яарх цхьана‚ я шаьш-шаьш. Шаьш цIеношна чу доьдуш салам ло вовшашка Делан гергара беркате а‚ цIена а хиллачу маршаллица. Иштта билгалдоху Дала шуна аяташ – шу хила мегара хьекъале

    24:61

Гочдар: Магомед Магомедов