Мусхаф., агӏо 359
-
إِنَّمَا الْمُؤْمِنُونَ الَّذِينَ آمَنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ وَإِذَا كَانُوا مَعَهُ عَلَىٰ أَمْرٍ جَامِعٍ لَمْ يَذْهَبُوا حَتَّىٰ يَسْتَأْذِنُوهُ ۚ إِنَّ الَّذِينَ يَسْتَأْذِنُونَكَ أُولَٰئِكَ الَّذِينَ يُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ ۚ فَإِذَا اسْتَأْذَنُوكَ لِبَعْضِ شَأْنِهِمْ فَأْذَنْ لِمَنْ شِئْتَ مِنْهُمْ وَاسْتَغْفِرْ لَهُمُ اللَّهَ ۚ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Баккъалла а, муъмин нах бу шаьш тешнарш Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ шаьш цуьнца (Делан элчанца) долуш цхьана юкъара гIуллакхна тIехь дIа ца боьдуш берш цуьнга пурба дехна а бен. Баккъалла а, и хьоьга пурба доьхурш – уьш бу Делах а‚ Цуьнан элчанах а тешаш берш. Цара хьайга пурба дехча шайн цхьацца гIуллакхна‚ пурба ло царах хьайна луучунна‚ гечдар а деха царна Деле. Баккъалла Дела гечдийриг а ву‚ къинхетам бийриг а ву
24:62 -
لَا تَجْعَلُوا دُعَاءَ الرَّسُولِ بَيْنَكُمْ كَدُعَاءِ بَعْضِكُمْ بَعْضًا ۚ قَدْ يَعْلَمُ اللَّهُ الَّذِينَ يَتَسَلَّلُونَ مِنْكُمْ لِوَاذًا ۚ فَلْيَحْذَرِ الَّذِينَ يُخَالِفُونَ عَنْ أَمْرِهِ أَنْ تُصِيبَهُمْ فِتْنَةٌ أَوْ يُصِيبَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
Аш ма де элчане кхайкхар шайна юккъехь шайх цхьаболчеран вукхарга кхайкхарх тера. Далла бевзаш бу шух лачIкъа буьйлурш. Ларлойла и цуьнан (элчанан) омрана хилпало еш берш питна (дуьненан бала) шайх хьарчарх‚ я /эхартан/ лазош долу Iазап шайх хьарчарх
24:63 -
أَلَا إِنَّ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ قَدْ يَعْلَمُ مَا أَنْتُمْ عَلَيْهِ وَيَوْمَ يُرْجَعُونَ إِلَيْهِ فَيُنَبِّئُهُمْ بِمَا عَمِلُوا ۗ وَاللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
Ткъа Делан дац стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг? Цунна хаьа шу Шена тIехь дерг. Уьш Шена тIеберзинчу /къемат/ дийнахь Цо цаьрга дуьйцур ду цара дийнарг. И Дела массо а хIума хууш верг ву
24:64 -
تَبَارَكَ الَّذِي نَزَّلَ الْفُرْقَانَ عَلَىٰ عَبْدِهِ لِيَكُونَ لِلْعَالَمِينَ نَذِيرًا
Беркате хили Ша къастор доссош хилларг Шен лега и хилийтархьама Iаламашна кхерамча
25:1 -
الَّذِي لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَلَمْ يَتَّخِذْ وَلَدًا وَلَمْ يَكُنْ لَهُ شَرِيكٌ فِي الْمُلْكِ وَخَلَقَ كُلَّ شَيْءٍ فَقَدَّرَهُ تَقْدِيرًا
Иза /АллахI-Дела/ ву стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Шегахь дерг‚ Цо ца лаьцна доьзалхо‚ вац Цунна накъост паччахьаллехь. Цо кхоьллина массо а хIума‚ барам бина цунна (массо а хIуманна) барамца
25:2
Гочдар: Магомед Магомедов