Мусхаф., агӏо 36

  1. لَا يُؤَاخِذُكُمُ اللَّهُ بِاللَّغْوِ فِي أَيْمَانِكُمْ وَلَٰكِنْ يُؤَاخِذُكُمْ بِمَا كَسَبَتْ قُلُوبُكُمْ ۗ وَاللَّهُ غَفُورٌ حَلِيمٌ

    Дала бехке ца лоцу шу даьсса дуйнех‚ шун дагахь доцуш и хиллехь‚ амма Цо бехке лоцу шу шун дегнаша динчунна. И Дела гечдеш а‚ собаре а ма ву /Шен лешна къинош ма диннехь зап ца деш, царна тōба дан (дохко довла) хан луш/

    2:225
  2. لِلَّذِينَ يُؤْلُونَ مِنْ نِسَائِهِمْ تَرَبُّصُ أَرْبَعَةِ أَشْهُرٍ ۖ فَإِنْ فَاءُوا فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Шайн зударшна герга гIур дац аьлла дуй биинчарна тIехь ду беа баттахь ларвалар. ТIаккха уьш дохкобовлахь – и Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву

    2:226
  3. وَإِنْ عَزَمُوا الطَّلَاقَ فَإِنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    Нагахь санна зударий бита сацам церан хилахь – и Дела хезаш а‚ хууш а ву

    2:227
  4. وَالْمُطَلَّقَاتُ يَتَرَبَّصْنَ بِأَنْفُسِهِنَّ ثَلَاثَةَ قُرُوءٍ ۚ وَلَا يَحِلُّ لَهُنَّ أَنْ يَكْتُمْنَ مَا خَلَقَ اللَّهُ فِي أَرْحَامِهِنَّ إِنْ كُنَّ يُؤْمِنَّ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ ۚ وَبُعُولَتُهُنَّ أَحَقُّ بِرَدِّهِنَّ فِي ذَٰلِكَ إِنْ أَرَادُوا إِصْلَاحًا ۚ وَلَهُنَّ مِثْلُ الَّذِي عَلَيْهِنَّ بِالْمَعْرُوفِ ۚ وَلِلرِّجَالِ عَلَيْهِنَّ دَرَجَةٌ ۗ وَاللَّهُ عَزِيزٌ حَكِيمٌ

    Битина болу зударий хьовсур бу кхузза «къиръ» чекхъяларе. Мегаш дац царна шайн кийрахь Дала кхоьллинарг хьулдан‚ шаьш Делах а, тIаьххьарчу дийнах а тешаш белахь. Церан маройн бакъо ю уьш юхаберзо цу чохь, уьш лууш белахь маслахьат дан‚ церан (зударийн) бакъонех терра декхарш а ду диканца юкъаметтиг лелаярца.. Марой даржехь царал лакхара бу. И Дела ша веза верг а‚ хьекъале верг а ву

    2:228
  5. الطَّلَاقُ مَرَّتَانِ ۖ فَإِمْسَاكٌ بِمَعْرُوفٍ أَوْ تَسْرِيحٌ بِإِحْسَانٍ ۗ وَلَا يَحِلُّ لَكُمْ أَنْ تَأْخُذُوا مِمَّا آتَيْتُمُوهُنَّ شَيْئًا إِلَّا أَنْ يَخَافَا أَلَّا يُقِيمَا حُدُودَ اللَّهِ ۖ فَإِنْ خِفْتُمْ أَلَّا يُقِيمَا حُدُودَ اللَّهِ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْهِمَا فِيمَا افْتَدَتْ بِهِ ۗ تِلْكَ حُدُودُ اللَّهِ فَلَا تَعْتَدُوهَا ۚ وَمَنْ يَتَعَدَّ حُدُودَ اللَّهِ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الظَّالِمُونَ

    Къастар шозза ду‚ цул тIаьхьа – нийсонца юхаерзор ю /зуда/‚ я диканца дIайохуьйтур ю. Шуна хьанал дац аш дIаделлачух хIумма юхаэца. Мегар ду уьш кхоьруш хилахь Делан дозанаш ца лардарна. Шу кхоьруш делахь цара шиммо а Делан дозанаш ца лардарна‚ царна шинна а къа дац зуда мехах паргIат яьлча. Уьш ду Делан дозанаш‚ уьш дōха ма делаш. Делан дозанаш дōхош берш – уьш зулам деш берш бу

    2:229
  6. فَإِنْ طَلَّقَهَا فَلَا تَحِلُّ لَهُ مِنْ بَعْدُ حَتَّىٰ تَنْكِحَ زَوْجًا غَيْرَهُ ۗ فَإِنْ طَلَّقَهَا فَلَا جُنَاحَ عَلَيْهِمَا أَنْ يَتَرَاجَعَا إِنْ ظَنَّا أَنْ يُقِيمَا حُدُودَ اللَّهِ ۗ وَتِلْكَ حُدُودُ اللَّهِ يُبَيِّنُهَا لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ

    Нагахь санна зуда йитахь /кхузза/‚ цул тIаьхьа цунна и хьанал яц‚ кхечуьнга и маре йодахь бен. ТIаккха цо (и шолг яханчо) и йитича‚ цу шинна а къа дац шаьш цхьанакхетча‚ шайна Делан дозанаш ларлур ду аьлла хетахь. Уьш ду Делан дозанаш‚ Цо билгалдеш долу хууш долчу къомана

    2:230

Гочдар: Магомед Магомедов