Мусхаф., агӏо 35
-
فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ ۗ وَيَسْأَلُونَكَ عَنِ الْيَتَامَىٰ ۖ قُلْ إِصْلَاحٌ لَهُمْ خَيْرٌ ۖ وَإِنْ تُخَالِطُوهُمْ فَإِخْوَانُكُمْ ۚ وَاللَّهُ يَعْلَمُ الْمُفْسِدَ مِنَ الْمُصْلِحِ ۚ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَأَعْنَتَكُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
Дуьненахь а‚ эхартахь а /долчу гIуллакхех/. Цара хьоьга хоьтту боберех лаьцна. Ахь āла: 'Маслахьат дар дика ду царна'. Аш уьш вовшахтоьхча – уьш шун вежарий бу. И Дела хууш ма ву харцо йийриг а‚ нийсо йийриг а. Далла лиънехьара‚ Цо хало йийр яра шуна. Баккъалла а, Дела ма ву веза верг а‚ хьекъале верг а
2:220 -
وَلَا تَنْكِحُوا الْمُشْرِكَاتِ حَتَّىٰ يُؤْمِنَّ ۚ وَلَأَمَةٌ مُؤْمِنَةٌ خَيْرٌ مِنْ مُشْرِكَةٍ وَلَوْ أَعْجَبَتْكُمْ ۗ وَلَا تُنْكِحُوا الْمُشْرِكِينَ حَتَّىٰ يُؤْمِنُوا ۚ وَلَعَبْدٌ مُؤْمِنٌ خَيْرٌ مِنْ مُشْرِكٍ وَلَوْ أَعْجَبَكُمْ ۗ أُولَٰئِكَ يَدْعُونَ إِلَى النَّارِ ۖ وَاللَّهُ يَدْعُو إِلَى الْجَنَّةِ وَالْمَغْفِرَةِ بِإِذْنِهِ ۖ وَيُبَيِّنُ آيَاتِهِ لِلنَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ
Аш ма балабе Делаца накъост луьйцу зударий цара ийман диллалц. Тешаш йолу лай тоьлуш ю Делаца накъост лоцучу зудчул‚ цо (Делаца накъост лоцуш йолчо) шуьга тамаша байтахь а. Делаца накъост лоьцучу божаршка а ма бахийта /бусалба/ зударий цара ийман диллалц. Тешаш волу лай тоьлуш ву Делаца накъост лоцучу стагал‚ цо шуьга тамаша байтахь а. Цара кхойкху жоьжахате‚ Дала кхойкху ялсамане а‚ Шен лаамца гечдаре а. Цо билгалйоху Шен билгалонаш нахана‚ уьш хилийтархьама ойла еш
2:221 -
وَيَسْأَلُونَكَ عَنِ الْمَحِيضِ ۖ قُلْ هُوَ أَذًى فَاعْتَزِلُوا النِّسَاءَ فِي الْمَحِيضِ ۖ وَلَا تَقْرَبُوهُنَّ حَتَّىٰ يَطْهُرْنَ ۖ فَإِذَا تَطَهَّرْنَ فَأْتُوهُنَّ مِنْ حَيْثُ أَمَرَكُمُ اللَّهُ ۚ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ التَّوَّابِينَ وَيُحِبُّ الْمُتَطَهِّرِينَ
Хьоьга хоьтту цара зударийн цIано йохарх‚ ахь āла: 'Иза бāла хьегар ду'. ЦIано йоьхначу хенахь зударех дIакъаста‚ царна герга ма гIо, уьш цIанбаллалц. Уьш цIанбелча‚ гIуо царна улло‚ Дала шайна ма хьеххара. Баккъалла а, цу Далла ма беза тōба динарш‚ Цунна ма беза цIена берш
2:222 -
نِسَاؤُكُمْ حَرْثٌ لَكُمْ فَأْتُوا حَرْثَكُمْ أَنَّىٰ شِئْتُمْ ۖ وَقَدِّمُوا لِأَنْفُسِكُمْ ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ وَاعْلَمُوا أَنَّكُمْ مُلَاقُوهُ ۗ وَبَشِّرِ الْمُؤْمِنِينَ
Шун зударий – шун /оханан/ аре санна бу /шуна/. Шайн /оханан/ аренга г шайна ма луьу. /Диканиг/ хьалха даккха шайна. Делах кхера‚ шуна хаа‚ шу Цунна дуьхьалкхетарг хилар. Ахь кхаъ баккха ийман диллинчарна
2:223 -
وَلَا تَجْعَلُوا اللَّهَ عُرْضَةً لِأَيْمَانِكُمْ أَنْ تَبَرُّوا وَتَتَّقُوا وَتُصْلِحُوا بَيْنَ النَّاسِ ۗ وَاللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
И Дела шайн дуйнийн Iалашо ма хилийта диканиг ца дан а‚ /Делах/ ца кхера а /вониг деш/‚ нахана юккъехь маслахьат ца дан а. И Дела хезаш верг а‚ хууш верг а ву
2:224
Гочдар: Магомед Магомедов