Мусхаф., агӏо 365

  1. وَمَا أَرْسَلْنَاكَ إِلَّا مُبَشِّرًا وَنَذِيرًا

    Хьо ца вахийтина Оха кхаъ боккхург‚ кхерам тосург хилла а бен

    25:56
  2. قُلْ مَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ إِلَّا مَنْ شَاءَ أَنْ يَتَّخِذَ إِلَىٰ رَبِّهِ سَبِيلًا

    Ахь āла: 'Ас шуьга ца боьху цунна тхь цхьа а мах‚ шена луучо шен Кхиош-кхобучуьнга некъ лацар бен'

    25:57
  3. وَتَوَكَّلْ عَلَى الْحَيِّ الَّذِي لَا يَمُوتُ وَسَبِّحْ بِحَمْدِهِ ۚ وَكَفَىٰ بِهِ بِذُنُوبِ عِبَادِهِ خَبِيرًا

    Хьо тIетовжа ша дийнаволчунна (Далла)‚ лийриг воцчу‚ тасбахь де Иза хасторца. Кхачо ю Цуьнца Шен лейн къинош дика довзарца

    25:58
  4. الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ ثُمَّ اسْتَوَىٰ عَلَى الْعَرْشِ ۚ الرَّحْمَٰنُ فَاسْأَلْ بِهِ خَبِيرًا

    Ишттанниг ву Иза Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг ялх дийнахь‚ тIаккха дIанисвелла Иза Iарша тIехь. Къинхетаме верг ву Иза. Хатта цуьнах дика хууш волчуьнга

    25:59
  5. وَإِذَا قِيلَ لَهُمُ اسْجُدُوا لِلرَّحْمَٰنِ قَالُوا وَمَا الرَّحْمَٰنُ أَنَسْجُدُ لِمَا تَأْمُرُنَا وَزَادَهُمْ نُفُورًا ۩

    Шайга аьлча: 'Сужуд де Къинхетаме волчунна'‚ цара элира: 'Мила ву и Къинхетаме верг? Ткъа оха сужуд до ахь тхуна омра дечунна?' Цо совбехира уьш /Делан некъах/ дог даларца

    25:60
  6. تَبَارَكَ الَّذِي جَعَلَ فِي السَّمَاءِ بُرُوجًا وَجَعَلَ فِيهَا سِرَاجًا وَقَمَرًا مُنِيرًا

    Беркате ву /Дела/, Ша стиглахь /седарчийн/ гланаш йинарг‚ Цо бина цу чохь чиркх а‚ нуре болу бутт а

    25:61
  7. وَهُوَ الَّذِي جَعَلَ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ خِلْفَةً لِمَنْ أَرَادَ أَنْ يَذَّكَّرَ أَوْ أَرَادَ شُكُورًا

    Иза ву хилийтинарг буьйса а‚ де а хийцалуш шена луучунна ойла ян‚ я баркалла āла

    25:62
  8. وَعِبَادُ الرَّحْمَٰنِ الَّذِينَ يَمْشُونَ عَلَى الْأَرْضِ هَوْنًا وَإِذَا خَاطَبَهُمُ الْجَاهِلُونَ قَالُوا سَلَامًا

    Къинхетаме волчун леш бу – шаьш эсала (кура боцуш) лаьттахула лелаш берш, шайца жехIал наха къамел деш‚ олуш берш: 'Салам! '

    25:63
  9. وَالَّذِينَ يَبِيتُونَ لِرَبِّهِمْ سُجَّدًا وَقِيَامًا

    /Далла/ сужудане баханчу хьолехь а, ирахьттина лаьтташ а ламазаш дарций буьйсанаш ден еш берш а /бу/

    25:64
  10. وَالَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا اصْرِفْ عَنَّا عَذَابَ جَهَنَّمَ ۖ إِنَّ عَذَابَهَا كَانَ غَرَامًا

    Олуш берш /а бу/: 'Тхан Кхиош-кхобург! ДIадаккхалахь тхох жоьжахатин Iазап. Баккъалла а, цуьнан Iазап хилла тIедоьжна (къинош дечарах ца къаьсташ)

    25:65
  11. إِنَّهَا سَاءَتْ مُسْتَقَرًّا وَمُقَامًا

    Баккъалла а, ма вон хили-кх иза /чохь/ латтарна а‚ /садаIа/ меттиг хиларна а'

    25:66
  12. وَالَّذِينَ إِذَا أَنْفَقُوا لَمْ يُسْرِفُوا وَلَمْ يَقْتُرُوا وَكَانَ بَيْنَ ذَٰلِكَ قَوَامًا

    ШIаьш /сагIа доккхуш, кхин/ харжаш еш, кхоам а беш‚ пис а ца хуьлуш‚ цу юккъехь хIоьттина лаьтташ берш а /бу Цу Делан дика леш/

    25:67

Гочдар: Магомед Магомедов