Мусхаф., агӏо 364

  1. أَمْ تَحْسَبُ أَنَّ أَكْثَرَهُمْ يَسْمَعُونَ أَوْ يَعْقِلُونَ ۚ إِنْ هُمْ إِلَّا كَالْأَنْعَامِ ۖ بَلْ هُمْ أَضَلُّ سَبِيلًا

    Я хьуна моьтту царах дукхах берш хозуш я ойла еш бу? Уьш-м бежнаш санна а бен баций. ХIаъ‚ уьш вуно а тилабелларш бу некъаца

    25:44
  2. أَلَمْ تَرَ إِلَىٰ رَبِّكَ كَيْفَ مَدَّ الظِّلَّ وَلَوْ شَاءَ لَجَعَلَهُ سَاكِنًا ثُمَّ جَعَلْنَا الشَّمْسَ عَلَيْهِ دَلِيلًا

    Хьо ца хьоьжу хьан Кхиош-кхобучунга‚ муха даржина Цо IиндагI? Шена лиънехьара‚ Цо и хуьлийтара дара /паргIат/ сецца. ТIаккха Оха малх хилийтира цунна тIехь делил

    25:45
  3. ثُمَّ قَبَضْنَاهُ إِلَيْنَا قَبْضًا يَسِيرًا

    ТIаккха Оха Тхайна тIе озадира и (IиндагI) дайа озадарца (кIез-кIеззиг доккхуш дIа даьккхира Оха и IиндагI, тIаккха кIез-кIеззиг юхахуьлуьйту)

    25:46
  4. وَهُوَ الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ اللَّيْلَ لِبَاسًا وَالنَّوْمَ سُبَاتًا وَجَعَلَ النَّهَارَ نُشُورًا

    Иза ву Ша хилийтинарг шуна буьйса духар хилла‚ наб – синтем хилла. Цо хилийтина де юхадендалар хилла

    25:47
  5. وَهُوَ الَّذِي أَرْسَلَ الرِّيَاحَ بُشْرًا بَيْنَ يَدَيْ رَحْمَتِهِ ۚ وَأَنْزَلْنَا مِنَ السَّمَاءِ مَاءً طَهُورًا

    Иза ву баийтинарг мох кхаъ хилла Шен къинхетамал хьалха‚ Оха охьадоссира стиглара тх цIена хи

    25:48
  6. لِنُحْيِيَ بِهِ بَلْدَةً مَيْتًا وَنُسْقِيَهُ مِمَّا خَلَقْنَا أَنْعَامًا وَأَنَاسِيَّ كَثِيرًا

    Цуьнца Оха денбархьама белла мохк‚ и маладо Оха /шортта/ Тхаш кхоьллинчух бежнашна а‚ дуккха нахана а

    25:49
  7. وَلَقَدْ صَرَّفْنَاهُ بَيْنَهُمْ لِيَذَّكَّرُوا فَأَبَىٰ أَكْثَرُ النَّاسِ إِلَّا كُفُورًا

    И (хи) даржийра Оха царна юккъехь царна дагадайтархьама /Делан ниIмат/. Тккха а нахах дукхахберш дуьхьал хилира керстаналла доцучунна

    25:50
  8. وَلَوْ شِئْنَا لَبَعَثْنَا فِي كُلِّ قَرْيَةٍ نَذِيرًا

    Тхуна лиънехьара‚ Оха ваийтина хир вара хIор юртахь кхерамча

    25:51
  9. فَلَا تُطِعِ الْكَافِرِينَ وَجَاهِدْهُمْ بِهِ جِهَادًا كَبِيرًا

    Хьо муьтIахь ма хилалахь цатешачарна‚ къийсам латтабе цаьрца цуьнца (Къуръанца) боккха къийсам

    25:52
  10. وَهُوَ الَّذِي مَرَجَ الْبَحْرَيْنِ هَٰذَا عَذْبٌ فُرَاتٌ وَهَٰذَا مِلْحٌ أُجَاجٌ وَجَعَلَ بَيْنَهُمَا بَرْزَخًا وَحِجْرًا مَحْجُورًا

    Иза ву ши хIорд хецна битинарг /я оьхучу хин ши агIо хецна йитинарг/: хIара: теза – мерза‚ хIара: дуьра-чемаза. Цо хилийтина цу шиннан юккъехь /доккха/ пардо а‚ чIогIа дуьхьало а уьш /вовшах ца эн /

    25:53
  11. وَهُوَ الَّذِي خَلَقَ مِنَ الْمَاءِ بَشَرًا فَجَعَلَهُ نَسَبًا وَصِهْرًا ۗ وَكَانَ رَبُّكَ قَدِيرًا

    Иза ву кхоьллинарг хих адам‚ Цо цунна хилийтина шен тайпан агIорхьара гергарло а, зударийн агIорхьара (захаллин) гергарло а. Хилира хьан Кхиош-кхобург ницкъ кхочуш

    25:54
  12. وَيَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَنْفَعُهُمْ وَلَا يَضُرُّهُمْ ۗ وَكَانَ الْكَافِرُ عَلَىٰ رَبِّهِ ظَهِيرًا

    Цара Iибадат до, Дела а вуьтий, шайна пайда а‚ зен а ца дечунна. Хили цатешарг шен Кхиош-кхобучунна дуьхьал гIоьнча

    25:55

Гочдар: Магомед Магомедов