Мусхаф., агӏо 378

  1. وَجَحَدُوا بِهَا وَاسْتَيْقَنَتْهَا أَنْفُسُهُمْ ظُلْمًا وَعُلُوًّا ۚ فَانْظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُفْسِدِينَ

    Зулам дарца а‚ куралла ярца а керстадира цара уьш‚ шаьш /дагца/ тешнехь а /уьш Делера хиларх/. Хьажал‚ муха хилла пасад хманаш (вон мел дерг) лелош болчеран тIаьхье?

    27:14
  2. وَلَقَدْ آتَيْنَا دَاوُودَ وَسُلَيْمَانَ عِلْمًا ۖ وَقَالَا الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي فَضَّلَنَا عَلَىٰ كَثِيرٍ مِنْ عِبَادِهِ الْمُؤْمِنِينَ

    Оха делира Давуде а‚ Сулеймане а Iилма. Цу шиммо элира: 'Хастам бу Далла‚ Ша тхо даздинчу дукха болчу Шен тешаш болчу лешех'

    27:15
  3. وَوَرِثَ سُلَيْمَانُ دَاوُودَ ۖ وَقَالَ يَا أَيُّهَا النَّاسُ عُلِّمْنَا مَنْطِقَ الطَّيْرِ وَأُوتِينَا مِنْ كُلِّ شَيْءٍ ۖ إِنَّ هَٰذَا لَهُوَ الْفَضْلُ الْمُبِينُ

    Сулеймана ийцира Давудан ирс‚ цо элира: 'ХIай нах! Тхуна Iамийна олхазарийн мотт‚ тхуна делла массо а хIуманах /ниIматаш/. Баккъалла а, иза билгала дозалла ду-кх'

    27:16
  4. وَحُشِرَ لِسُلَيْمَانَ جُنُودُهُ مِنَ الْجِنِّ وَالْإِنْسِ وَالطَّيْرِ فَهُمْ يُوزَعُونَ

    Гулдира Сулейманна жинех а‚ адамех а‚ олхазарех а долу цуьнан эскар тIаккха иза (эскар) дийкъира (могIаршкахь)

    27:17
  5. حَتَّىٰ إِذَا أَتَوْا عَلَىٰ وَادِ النَّمْلِ قَالَتْ نَمْلَةٌ يَا أَيُّهَا النَّمْلُ ادْخُلُوا مَسَاكِنَكُمْ لَا يَحْطِمَنَّكُمْ سُلَيْمَانُ وَجُنُودُهُ وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ

    Уьш зингатийн боьрана тIе кхаьчча‚ элира /цхьана/ зингато: 'ХIай зингаташ! Чудовлалаш шайн баннашна‚ шу хьеша ма хьешахьара Сулеймана а‚ цуьнан эскаро а‚ шайна хаа ца луш'

    27:18
  6. فَتَبَسَّمَ ضَاحِكًا مِنْ قَوْلِهَا وَقَالَ رَبِّ أَوْزِعْنِي أَنْ أَشْكُرَ نِعْمَتَكَ الَّتِي أَنْعَمْتَ عَلَيَّ وَعَلَىٰ وَالِدَيَّ وَأَنْ أَعْمَلَ صَالِحًا تَرْضَاهُ وَأَدْخِلْنِي بِرَحْمَتِكَ فِي عِبَادِكَ الصَّالِحِينَ

    Иза велакъежира цуьнан /зингатан/ дешах‚ элира: 'Сан Дела‚ Ахь суна таро лолахь хам бан Хьан ниIматана‚ Айхьа суна а‚ сан дена - нанна а делла долчу‚ Хьо шена реза волу дика Iамал ян а. Со дIатохалахь Хьан къинхетамца дикачу лешна юкъа'

    27:19
  7. وَتَفَقَّدَ الطَّيْرَ فَقَالَ مَا لِيَ لَا أَرَى الْهُدْهُدَ أَمْ كَانَ مِنَ الْغَائِبِينَ

    Иза волавелира олхазарш лēха‚ тIаккха элира: 'Суна хIуттут хIунда ца го‚ я йоцучарах хили иза?

    27:20
  8. لَأُعَذِّبَنَّهُ عَذَابًا شَدِيدًا أَوْ لَأَذْبَحَنَّهُ أَوْ لَيَأْتِيَنِّي بِسُلْطَانٍ مُبِينٍ

    Ас данне а Iазап дийр ма ду цунна чIогIа Iазап‚ я ас хьакханне а урс хьокхур ма ду цунна‚ я суна /ша бехке цахиларан/ цхьа билгала делил дахьар ма ду цо'

    27:21
  9. فَمَكَثَ غَيْرَ بَعِيدٍ فَقَالَ أَحَطْتُ بِمَا لَمْ تُحِطْ بِهِ وَجِئْتُكَ مِنْ سَبَإٍ بِنَبَإٍ يَقِينٍ

    Жимма хан ялийтина /еъначу хIуттуто/ элира: 'Суна хиира хьуна ца хиънарг‚ ас беана хьуна Сабаъара бакъболу хаам

    27:22

Гочдар: Магомед Магомедов