Мусхаф., агӏо 389

  1. فَلَمَّا قَضَىٰ مُوسَى الْأَجَلَ وَسَارَ بِأَهْلِهِ آنَسَ مِنْ جَانِبِ الطُّورِ نَارًا قَالَ لِأَهْلِهِ امْكُثُوا إِنِّي آنَسْتُ نَارًا لَعَلِّي آتِيكُمْ مِنْهَا بِخَبَرٍ أَوْ جَذْوَةٍ مِنَ النَّارِ لَعَلَّكُمْ تَصْطَلُونَ

    Муса шен хан чекх а яьккхина, шен доьзалца дIавоьдуш‚ цунна хааелира Тр ламанан агIорхьара цIе. Цо элира шен доьзале: 'Аш /кхузахь/ собар де‚ суна цIе хааелла‚ со ван мега шуна тIе цуьнгара цхьа хабар дахьаш‚ я цIерах цхьа хаьштиг дахьаш‚ шу дохдала мегара'

    28:29
  2. فَلَمَّا أَتَاهَا نُودِيَ مِنْ شَاطِئِ الْوَادِ الْأَيْمَنِ فِي الْبُقْعَةِ الْمُبَارَكَةِ مِنَ الشَّجَرَةِ أَنْ يَا مُوسَىٰ إِنِّي أَنَا اللَّهُ رَبُّ الْعَالَمِينَ

    Иза цунна (цIарна) тIе веъча, кхийкхира тогIин аьтту агIорхьара беркате йолчу меттигехь долчу дитт долчуьра: 'Ва Муса! Баккъалла а, Со Дела ву‚ Iаламийн Да

    28:30
  3. وَأَنْ أَلْقِ عَصَاكَ ۖ فَلَمَّا رَآهَا تَهْتَزُّ كَأَنَّهَا جَانٌّ وَلَّىٰ مُدْبِرًا وَلَمْ يُعَقِّبْ ۚ يَا مُوسَىٰ أَقْبِلْ وَلَا تَخَفْ ۖ إِنَّكَ مِنَ الْآمِنِينَ

    Охьакхосса хьан Iаса!' Цунна иза гича етталуш, текхарг санна‚ иза дIаведира, юха а ца воьрзуш. 'Ва Муса! Гергавола‚ ма кхера‚ хьо кхерам хир боцучарах ву

    28:31
  4. اسْلُكْ يَدَكَ فِي جَيْبِكَ تَخْرُجْ بَيْضَاءَ مِنْ غَيْرِ سُوءٍ وَاضْمُمْ إِلَيْكَ جَنَاحَكَ مِنَ الرَّهْبِ ۖ فَذَانِكَ بُرْهَانَانِ مِنْ رَبِّكَ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِ ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمًا فَاسِقِينَ

    Хьан куьг че долла‚ /тккха схьаадаккха и/ - схьадер ду кIайн хилла цхьа а зен доцуш. ТIетаIаде /хьан аьтту куьг/ хьан /дагна/ т – ддер ду хьан /текхаргах/ кхерар. И шиъ билгало ю хьуна хьан Кхиош-кхобучуьнгара ФирIавне а‚ цуьнан элашка а. Баккъалла а, уьш хили-кх песакъ къам'

    28:32
  5. قَالَ رَبِّ إِنِّي قَتَلْتُ مِنْهُمْ نَفْسًا فَأَخَافُ أَنْ يَقْتُلُونِ

    Цо элира: 'Сан Кхиош-кхобург‚ ас царах стаг ма вина‚ со кхоьру-кх цара со вēн

    28:33
  6. وَأَخِي هَارُونُ هُوَ أَفْصَحُ مِنِّي لِسَانًا فَأَرْسِلْهُ مَعِيَ رِدْءًا يُصَدِّقُنِي ۖ إِنِّي أَخَافُ أَنْ يُكَذِّبُونِ

    И сан ваша ХIарун‚ иза сол мелхо а говза ма ву маттаца‚ ваийтахь иза соьца гIоьнча хилла‚ со бакъхилар чIагIдийр дара цо. Баккъалла а, со кхоьру цара со харцварна'

    28:34
  7. قَالَ سَنَشُدُّ عَضُدَكَ بِأَخِيكَ وَنَجْعَلُ لَكُمَا سُلْطَانًا فَلَا يَصِلُونَ إِلَيْكُمَا ۚ بِآيَاتِنَا أَنْتُمَا وَمَنِ اتَّبَعَكُمَا الْغَالِبُونَ

    Цо (Дала) элира: 'Оха чIагIвийр ву хьо хьан вешица‚ Оха хуьлуьйтур ю шуна шинна бакъо‚ шуна шинна тIекхочур бац уьш. Тхан аяташца шу шиъ а‚ шуна шинна тIаьхьа мел ваьзнарг тоьлур ву'

    28:35

Гочдар: Магомед Магомедов