Мусхаф., агӏо 388

  1. وَلَمَّا تَوَجَّهَ تِلْقَاءَ مَدْيَنَ قَالَ عَسَىٰ رَبِّي أَنْ يَهْدِيَنِي سَوَاءَ السَّبِيلِ

    Ша Мадйан агIоргахьа дIаволавелча‚ цо элира: 'Сан Кхиош-кхобучо со нисван мега нийсачу новкъа'

    28:22
  2. وَلَمَّا وَرَدَ مَاءَ مَدْيَنَ وَجَدَ عَلَيْهِ أُمَّةً مِنَ النَّاسِ يَسْقُونَ وَوَجَدَ مِنْ دُونِهِمُ امْرَأَتَيْنِ تَذُودَانِ ۖ قَالَ مَا خَطْبُكُمَا ۖ قَالَتَا لَا نَسْقِي حَتَّىٰ يُصْدِرَ الرِّعَاءُ ۖ وَأَبُونَا شَيْخٌ كَبِيرٌ

    Мадйанан хинан коьрте дкхаьчча‚ цунна цигахь цхьа нах карийра хи малош /шайн бежнашна/. Цунна карийра царна тIехьахь лаьтташ ши зуда /шайн уьстагIий/ дIалоьхкуш /хина тIе ца дохуьйтуш/. Цо элира: 'ХIун бала бу шу-шиннан?' Цу шиммо элира: 'Оха ца маладо и Iуй чекх ца бевлича‚ ткъа тхан да воккха стаг ву'

    28:23
  3. فَسَقَىٰ لَهُمَا ثُمَّ تَوَلَّىٰ إِلَى الظِّلِّ فَقَالَ رَبِّ إِنِّي لِمَا أَنْزَلْتَ إِلَيَّ مِنْ خَيْرٍ فَقِيرٌ

    Цо хи малийра царна шинна (церан уьстагшна)‚ тIаккха дIавирзира IиндагIе‚ элира: 'Сан Кхиош-кхобург‚ со Ахь суна доссина диканиг оьшуш ма ву (меца ву)'

    28:24
  4. فَجَاءَتْهُ إِحْدَاهُمَا تَمْشِي عَلَى اسْتِحْيَاءٍ قَالَتْ إِنَّ أَبِي يَدْعُوكَ لِيَجْزِيَكَ أَجْرَ مَا سَقَيْتَ لَنَا ۚ فَلَمَّا جَاءَهُ وَقَصَّ عَلَيْهِ الْقَصَصَ قَالَ لَا تَخَفْ ۖ نَجَوْتَ مِنَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ

    Цунна тIе еара цу шиннах цхьаъ‚ эхь хеташ йолаелла‚ цо элира: 'Сан дас хьо кхойкху хьуна мах балан ахь тхуна хи малорна'. Иза (Муса) цунна тIе веъча‚ цо цуьнга хабар дийцича‚ цо элира: 'Хьо ма кхера! Хьо кIелхьарваьлла зуламечу къомах'

    28:25
  5. قَالَتْ إِحْدَاهُمَا يَا أَبَتِ اسْتَأْجِرْهُ ۖ إِنَّ خَيْرَ مَنِ اسْتَأْجَرْتَ الْقَوِيُّ الْأَمِينُ

    Цу шиннах цхьаммо элира: 'Дада‚ мехах болх бан вита иза‚ ахь мехах болх бан вуьтур волчех уггар диканиг ву иза нуьцкъала а‚ тешаме а ву'

    28:26
  6. قَالَ إِنِّي أُرِيدُ أَنْ أُنْكِحَكَ إِحْدَى ابْنَتَيَّ هَاتَيْنِ عَلَىٰ أَنْ تَأْجُرَنِي ثَمَانِيَ حِجَجٍ ۖ فَإِنْ أَتْمَمْتَ عَشْرًا فَمِنْ عِنْدِكَ ۖ وَمَا أُرِيدُ أَنْ أَشُقَّ عَلَيْكَ ۚ سَتَجِدُنِي إِنْ شَاءَ اللَّهُ مِنَ الصَّالِحِينَ

    Цо (ШуIайбс) элира: 'Суна лаьа хIокху сан шина йоIах цхьаъ хьоьга маре яла ахь суна болх барх борхI шарахь. Ахь итт шо кхочушдахь и хьоьгара хир ду‚ хьуна хало ян лууш вац со. Хьуна карор ву со‚ Дала мукъалахь‚ дикачарах'

    28:27
  7. قَالَ ذَٰلِكَ بَيْنِي وَبَيْنَكَ ۖ أَيَّمَا الْأَجَلَيْنِ قَضَيْتُ فَلَا عُدْوَانَ عَلَيَّ ۖ وَاللَّهُ عَلَىٰ مَا نَقُولُ وَكِيلٌ

    Цо (Мусас) элира: 'ХIара суна а‚ хьуна а юкъахь ду. Цу шиннах муьлхха зама ас кхочушъяхь‚ дов дийр дац соьца. И Дела вай олучунна тIехь векал ма ву'

    28:28

Гочдар: Магомед Магомедов