Мусхаф., агӏо 391

  1. وَمَا كُنْتَ بِجَانِبِ الْغَرْبِيِّ إِذْ قَضَيْنَا إِلَىٰ مُوسَى الْأَمْرَ وَمَا كُنْتَ مِنَ الشَّاهِدِينَ

    Хьо вацара /хй Мухьаммад/ малхбузен агIонгахь Оха Мусага гIуллакх сацадечу хенахь‚ хьо вацара /цигахь/ хиллачарах

    28:44
  2. وَلَٰكِنَّا أَنْشَأْنَا قُرُونًا فَتَطَاوَلَ عَلَيْهِمُ الْعُمُرُ ۚ وَمَا كُنْتَ ثَاوِيًا فِي أَهْلِ مَدْيَنَ تَتْلُو عَلَيْهِمْ آيَاتِنَا وَلَٰكِنَّا كُنَّا مُرْسِلِينَ

    Делахь а, Оха кхиира тIаьхьенаш‚ дахделира царна тIехь дахар. Хьо вацара лаьтташ Мадйан охIла юккъехь царна Тхан аяташ а дуьйцуш‚ делахь а, Тхо дара бохкуьйтурш /элчанаш/

    28:45
  3. وَمَا كُنْتَ بِجَانِبِ الطُّورِ إِذْ نَادَيْنَا وَلَٰكِنْ رَحْمَةً مِنْ رَبِّكَ لِتُنْذِرَ قَوْمًا مَا أَتَاهُمْ مِنْ نَذِيرٍ مِنْ قَبْلِكَ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ

    Хьо вацара Тр ламанан агIонгахь Оха /Мусага/ кхийкхича‚ делахь а, хьан Кхиош-кхобучун къинхетамца /ваийтина хьо/ ахь кхерам тасан къомана‚ шена тIе хьол хьалха /цхьа а/ кхерамча ца веана долчу‚ цара ойла йийр яцара-те?

    28:46
  4. وَلَوْلَا أَنْ تُصِيبَهُمْ مُصِيبَةٌ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ فَيَقُولُوا رَبَّنَا لَوْلَا أَرْسَلْتَ إِلَيْنَا رَسُولًا فَنَتَّبِعَ آيَاتِكَ وَنَكُونَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ

    /Оха къурайшашка элча ца вахийтинехьара/ шайна бохам хилча шайн куьйгаша хьалха кечдийнарг бахьанехь‚ цара эр ма дара: 'Тхан Кхиош-кхобург! Ахь ваийтина хиллехьара тхоьга элча‚ тхо тIаьхьахIуттур ма дара Хьан аяташна‚ тхо хир ма дара тешачарах'

    28:47
  5. فَلَمَّا جَاءَهُمُ الْحَقُّ مِنْ عِنْدِنَا قَالُوا لَوْلَا أُوتِيَ مِثْلَ مَا أُوتِيَ مُوسَىٰ ۚ أَوَلَمْ يَكْفُرُوا بِمَا أُوتِيَ مُوسَىٰ مِنْ قَبْلُ ۖ قَالُوا سِحْرَانِ تَظَاهَرَا وَقَالُوا إِنَّا بِكُلٍّ كَافِرُونَ

    Шайга Тхоьгара бакъдерг деъча‚ цара элира: 'Цуьнга (Мухьаммад пайхамаре) делла хиллехьара Мусага делларг'. Ткъа цара харц ца дира Мусага делларг хьалха? Цара ма элира: 'Ши бозбуунчалла (Къуръан а‚ Таврат а) ду, вовшашна гIо а деш'. Ма элира цара: 'Массох а ца теша /тхо/'

    28:48
  6. قُلْ فَأْتُوا بِكِتَابٍ مِنْ عِنْدِ اللَّهِ هُوَ أَهْدَىٰ مِنْهُمَا أَتَّبِعْهُ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Ахь āла: 'Схьало Делера жайна, ша цу шиннал (Къуръанал а‚ Тавратал а) нийса а долуш‚ со цунна тIаьхьахIуттур ву, шу бакълуьйш хиллехь'

    28:49
  7. فَإِنْ لَمْ يَسْتَجِيبُوا لَكَ فَاعْلَمْ أَنَّمَا يَتَّبِعُونَ أَهْوَاءَهُمْ ۚ وَمَنْ أَضَلُّ مِمَّنِ اتَّبَعَ هَوَاهُ بِغَيْرِ هُدًى مِنَ اللَّهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ

    Цара хьуна жоп ца лахь‚ хьуна хаалахь уьш деккъа шайн дезаршна тIаьхьабевла буйла. Мила ву ткъа тиламе, Делера нийса некъ а боцуш, шен дезарна тIаьхьаваьллачул? Баккъалла а, Дала нис ца до зуламе къам

    28:50

Гочдар: Магомед Магомедов