Мусхаф., агӏо 392

  1. وَلَقَدْ وَصَّلْنَا لَهُمُ الْقَوْلَ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ

    Оха кхачийра цаьрга дош тIеттIа, цара ойла йийр яцара-те?

    28:51
  2. الَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ مِنْ قَبْلِهِ هُمْ بِهِ يُؤْمِنُونَ

    Оха шайна цул (Къуръанал) хьалха жайна (Таврат, Инжил…) делларш уьш цунах (Къуръанах) тешаш бу

    28:52
  3. وَإِذَا يُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ قَالُوا آمَنَّا بِهِ إِنَّهُ الْحَقُّ مِنْ رَبِّنَا إِنَّا كُنَّا مِنْ قَبْلِهِ مُسْلِمِينَ

    Иза шайна дешча, цара элира: 'Тхо цунах тешна‚ баккъалла а, иза бакъдерг ду вайн Кхиош-кхобучунгара‚ тхо хилира цул хьалха бусалбанаш.'

    28:53
  4. أُولَٰئِكَ يُؤْتَوْنَ أَجْرَهُمْ مَرَّتَيْنِ بِمَا صَبَرُوا وَيَدْرَءُونَ بِالْحَسَنَةِ السَّيِّئَةَ وَمِمَّا رَزَقْنَاهُمْ يُنْفِقُونَ

    Уьш царна лур бу шайн мах шозза цара собар дарна а‚ цара вониг дикачуьнца духатухуш хиларна а‚ Оха шайна деллачу рицIкъех цара /диканна тхь/ харжаш ярна а

    28:54
  5. وَإِذَا سَمِعُوا اللَّغْوَ أَعْرَضُوا عَنْهُ وَقَالُوا لَنَا أَعْمَالُنَا وَلَكُمْ أَعْمَالُكُمْ سَلَامٌ عَلَيْكُمْ لَا نَبْتَغِي الْجَاهِلِينَ

    Шайна даьсса хабар хезча‚ цунах дIакъаьста уьш‚ олуш: 'Тхуна тхан Iамалш ю‚ шуна шайн Iамалш ю‚ салам хуьлда шуна‚ тхо ца гIерта жехIал нахана тIе'

    28:55
  6. إِنَّكَ لَا تَهْدِي مَنْ أَحْبَبْتَ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ يَهْدِي مَنْ يَشَاءُ ۚ وَهُوَ أَعْلَمُ بِالْمُهْتَدِينَ

    Баккъалла а, ахь нисвийр вац хьайна везнарг‚ делахь а, Дала нисво Шена луург. Иза дика бевзаш ву нисбелларш

    28:56
  7. وَقَالُوا إِنْ نَتَّبِعِ الْهُدَىٰ مَعَكَ نُتَخَطَّفْ مِنْ أَرْضِنَا ۚ أَوَلَمْ نُمَكِّنْ لَهُمْ حَرَمًا آمِنًا يُجْبَىٰ إِلَيْهِ ثَمَرَاتُ كُلِّ شَيْءٍ رِزْقًا مِنْ لَدُنَّا وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

    Цара (къурайшин тайпан наха) элира: 'Тхо нийсачу некъана тIаьхьахIиттича хьоьца цхьана‚ тхо тхан лаьттах дохур ма ду /кхечу Iаьрбаша/'. Оха чIагI ца йира ткъа царна тешаме хьарам‚ цига массо а хIуманан стоьмаш кхоьхьуш Тхоьгара рицкъ хилла? Делахь а, царах дукхах болчарна ца хаьа-кх

    28:57
  8. وَكَمْ أَهْلَكْنَا مِنْ قَرْيَةٍ بَطِرَتْ مَعِيشَتَهَا ۖ فَتِلْكَ مَسَاكِنُهُمْ لَمْ تُسْكَنْ مِنْ بَعْدِهِمْ إِلَّا قَلِيلًا ۖ وَكُنَّا نَحْنُ الْوَارِثِينَ

    Мел хIаллакйира оха юрт‚ кураяьлла хилла йолу шен дахарехь. ХIорш ю церан гIишлош‚ /шайна чохь/ царал тIаьхьа кIеззиг бен /нах/ ца бехаш. Тхо хилира ирс оьцурш

    28:58
  9. وَمَا كَانَ رَبُّكَ مُهْلِكَ الْقُرَىٰ حَتَّىٰ يَبْعَثَ فِي أُمِّهَا رَسُولًا يَتْلُو عَلَيْهِمْ آيَاتِنَا ۚ وَمَا كُنَّا مُهْلِكِي الْقُرَىٰ إِلَّا وَأَهْلُهَا ظَالِمُونَ

    Хьан Кхиош-кхобург ца хилира ярташ хIаллакйеш церан нахалахь элча ца вохуьйтуш‚ цо царна Тхан аяташ а доьшуш. Тхо ца хилира ярташ хIаллакйеш‚ церан бахархой зулам деш болуш бен

    28:59

Гочдар: Магомед Магомедов