Мусхаф., агӏо 394

  1. قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِنْ جَعَلَ اللَّهُ عَلَيْكُمُ اللَّيْلَ سَرْمَدًا إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ مَنْ إِلَٰهٌ غَيْرُ اللَّهِ يَأْتِيكُمْ بِضِيَاءٍ ۖ أَفَلَا تَسْمَعُونَ

    Ахь āла: 'Дийцал суна‚ Дала шуна буьйса хилийтинехьара гуттарена къематде кхаччалц‚ АллахI-Дела воцург муьлхачу дала шуна серло йоуьйтур яра? Шуна ца хозу-те?'

    28:71
  2. قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِنْ جَعَلَ اللَّهُ عَلَيْكُمُ النَّهَارَ سَرْمَدًا إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ مَنْ إِلَٰهٌ غَيْرُ اللَّهِ يَأْتِيكُمْ بِلَيْلٍ تَسْكُنُونَ فِيهِ ۖ أَفَلَا تُبْصِرُونَ

    Ахь āла: 'Дийцал суна‚ Дала шуна де хилийтинехьара гуттарена къематде кхаччалц‚ АллахI-Дела воцург муьлхачу дала шуна буьйса йоуьйтур яра‚ аш шена чохь садоIуш? Шуна ца го-те?

    28:72
  3. وَمِنْ رَحْمَتِهِ جَعَلَ لَكُمُ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ لِتَسْكُنُوا فِيهِ وَلِتَبْتَغُوا مِنْ فَضْلِهِ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ

    Цуьнан къинхетамах ду-кх Цо шуна буьйса а‚ де а хилийтар аш шена чохь садаIа а‚ Цуьнан ниIмат лаха а шу хила мегара баркалла олуш'

    28:73
  4. وَيَوْمَ يُنَادِيهِمْ فَيَقُولُ أَيْنَ شُرَكَائِيَ الَّذِينَ كُنْتُمْ تَزْعُمُونَ

    Оцу дийнахь цаьрга Цо кхойкхур ду‚ олуш: 'Мичахь бу Сан накъостий‚ шуна /шаьш Соьца/ хилла моьттуш болу?'

    28:74
  5. وَنَزَعْنَا مِنْ كُلِّ أُمَّةٍ شَهِيدًا فَقُلْنَا هَاتُوا بُرْهَانَكُمْ فَعَلِمُوا أَنَّ الْحَقَّ لِلَّهِ وَضَلَّ عَنْهُمْ مَا كَانُوا يَفْتَرُونَ

    Оха схьаваьккхира хIор умматах теш‚ Оха элира: 'Схьадаладе шайн делилш'. Царна хиира бакъдерг Делан дуйла. Царах дIатилира цара /Цунна тIехь харц/ кхоьллина хилларг

    28:75
  6. إِنَّ قَارُونَ كَانَ مِنْ قَوْمِ مُوسَىٰ فَبَغَىٰ عَلَيْهِمْ ۖ وَآتَيْنَاهُ مِنَ الْكُنُوزِ مَا إِنَّ مَفَاتِحَهُ لَتَنُوءُ بِالْعُصْبَةِ أُولِي الْقُوَّةِ إِذْ قَالَ لَهُ قَوْمُهُ لَا تَفْرَحْ ۖ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ الْفَرِحِينَ

    Баккъалла а, Къāрýн вара Мусан къомах. Царна зулам дора цо. Оха еллера цунна хазнаш‚ шен догIанаш цо ницкъ болчу тобанца халла дсакхоьхьуш хилла йолу. Цуьнга ма элира цуьнан къомо: 'Хьо воккха ма ве. Баккъалла а, Далла ца беза баккхийбедаш берш

    28:76
  7. وَابْتَغِ فِيمَا آتَاكَ اللَّهُ الدَّارَ الْآخِرَةَ ۖ وَلَا تَنْسَ نَصِيبَكَ مِنَ الدُّنْيَا ۖ وَأَحْسِنْ كَمَا أَحْسَنَ اللَّهُ إِلَيْكَ ۖ وَلَا تَبْغِ الْفَسَادَ فِي الْأَرْضِ ۖ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ الْمُفْسِدِينَ

    Ахь лаха хьуна Дала деллачохь эхартан цIа‚ диц ма де дуьненах хьан дāкъа а. Диканиг де‚ Дала хьуна диканиг ма ди. Ма гIерта лаьттахь пасад хIуманна тIе. Баккъалла а, Далла ца беза пасад хIума деш берш'

    28:77

Гочдар: Магомед Магомедов