Мусхаф., агӏо 397

  1. وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَنُكَفِّرَنَّ عَنْهُمْ سَيِّئَاتِهِمْ وَلَنَجْزِيَنَّهُمْ أَحْسَنَ الَّذِي كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Ийман диллина берш а‚ дика Iамал йинарш а царах айдийр ма ду Оха церан вонаш‚ бекхам бийр ма бу Оха царна шаьш деш хиллачул а хазōчуьнца

    29:7
  2. وَوَصَّيْنَا الْإِنْسَانَ بِوَالِدَيْهِ حُسْنًا ۖ وَإِنْ جَاهَدَاكَ لِتُشْرِكَ بِي مَا لَيْسَ لَكَ بِهِ عِلْمٌ فَلَا تُطِعْهُمَا ۚ إِلَيَّ مَرْجِعُكُمْ فَأُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    Оха весет дина адамна шен деца-ненаца дика хилар. Нагахь санна цу шиммо къахьегахь Соьца хьоьга накъост лацийтархьама‚ хьуна шеца цхьа а Iилма доцуш‚ тIаккха ахь цу шинга ла ма догIалахь! Суна тIе ду шун дIадерзар‚ тIаккха Ас шуьга дуьйцур ду аш деш хилларг

    29:8
  3. وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَنُدْخِلَنَّهُمْ فِي الصَّالِحِينَ

    Ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а уьш бохуьйтур бу Оха дикачарна юкъа

    29:9
  4. وَمِنَ النَّاسِ مَنْ يَقُولُ آمَنَّا بِاللَّهِ فَإِذَا أُوذِيَ فِي اللَّهِ جَعَلَ فِتْنَةَ النَّاسِ كَعَذَابِ اللَّهِ وَلَئِنْ جَاءَ نَصْرٌ مِنْ رَبِّكَ لَيَقُولُنَّ إِنَّا كُنَّا مَعَكُمْ ۚ أَوَلَيْسَ اللَّهُ بِأَعْلَمَ بِمَا فِي صُدُورِ الْعَالَمِينَ

    Нахах бу шаьш олуш берш /багахула/: 'Оха ийман диллина Деле'. Тккха Деле ийман диллар бахьанехь шайна /цхьана нахера/ бохам хилча, цара лору нехан питна (бохам) Делан Iазапах тера. Хьан Кхиош-кхобучуьнгара толам беъча, цара олу: 'Баккъалла а, тхо шуьца ма дара'. Ткъа Дела вац дика хууш Iаламийн дегнашкахь дерг?

    29:10
  5. وَلَيَعْلَمَنَّ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا وَلَيَعْلَمَنَّ الْمُنَافِقِينَ

    Банне а бевзаш бу хьуна Далла ийман диллинарш а‚ бевзаш бу хьуна Цунна мунепакъаш а (Дала гучудоккхур ду нахана церан а, вукхеран а хьал)

    29:11
  6. وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِلَّذِينَ آمَنُوا اتَّبِعُوا سَبِيلَنَا وَلْنَحْمِلْ خَطَايَاكُمْ وَمَا هُمْ بِحَامِلِينَ مِنْ خَطَايَاهُمْ مِنْ شَيْءٍ ۖ إِنَّهُمْ لَكَاذِبُونَ

    Цатешначара элира ийман диллинчаьрга: 'ТIаьхьахIитта тхан новкъа‚ оха хьур ду шун къинош'. Хьур ма дац цара церан къинойх цхьа а хIума. Баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу!

    29:12
  7. وَلَيَحْمِلُنَّ أَثْقَالَهُمْ وَأَثْقَالًا مَعَ أَثْقَالِهِمْ ۖ وَلَيُسْأَلُنَّ يَوْمَ الْقِيَامَةِ عَمَّا كَانُوا يَفْتَرُونَ

    Цара хьур ма бу шайн моьхьаш а‚ /кхин/ моьхьаш а шайн моьхьашца. Цаьрга хоттур ма ду къематдийнахь цара /харц/ кхуллуш хиллачух

    29:13
  8. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا نُوحًا إِلَىٰ قَوْمِهِ فَلَبِثَ فِيهِمْ أَلْفَ سَنَةٍ إِلَّا خَمْسِينَ عَامًا فَأَخَذَهُمُ الطُّوفَانُ وَهُمْ ظَالِمُونَ

    Оха вахийтира Нухь шен къомана тIе. Иза лаьттира царна юккъехь эзар шарахь шовзткъе итт шо ттоьхча‚ тIаккха уьш схьалецира тIовфано шаьш зуламхой хилла

    29:14

Гочдар: Магомед Магомедов