Мусхаф., агӏо 398
-
فَأَنْجَيْنَاهُ وَأَصْحَابَ السَّفِينَةِ وَجَعَلْنَاهَا آيَةً لِلْعَالَمِينَ
Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ кеманан дай а‚ хилийтира цунах Iаламашна делил
29:15 -
وَإِبْرَاهِيمَ إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِ اعْبُدُوا اللَّهَ وَاتَّقُوهُ ۖ ذَٰلِكُمْ خَيْرٌ لَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ
ИбрахIим а /вахийтира Оха шен къомана тIе/‚ цо ма элира шен къоме: 'Далла Iибидат де‚ Цунах кхера. Иза дика ду шуна, шу хууш хиллехь
29:16 -
إِنَّمَا تَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ أَوْثَانًا وَتَخْلُقُونَ إِفْكًا ۚ إِنَّ الَّذِينَ تَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ لَا يَمْلِكُونَ لَكُمْ رِزْقًا فَابْتَغُوا عِنْدَ اللَّهِ الرِّزْقَ وَاعْبُدُوهُ وَاشْكُرُوا لَهُ ۖ إِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
Баккъалла а, шу Iибадат деш ду-кх Дела а витина жаршна‚ кхуллуш ду эладита. Баккъалла а, и Дела а витина аш Iибадат дечеран долахь ма дац шун рицкъ. Аш лаха Далла гергахь рицкъ‚ Цунна Iибадат де‚ Цунна баркалла а āла. Цунна тIе юхадерзор ду шу
29:17 -
وَإِنْ تُكَذِّبُوا فَقَدْ كَذَّبَ أُمَمٌ مِنْ قَبْلِكُمْ ۖ وَمَا عَلَى الرَّسُولِ إِلَّا الْبَلَاغُ الْمُبِينُ
Аш и харцдахь харцдира шуна и халкъаша шул хьалха а. Элчанна тIехь-м ма дац билгала дIакхачор бен'
29:18 -
أَوَلَمْ يَرَوْا كَيْفَ يُبْدِئُ اللَّهُ الْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُ ۚ إِنَّ ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرٌ
Царна ца хиъна-те‚ муха кхуллу Дала кхоллар‚ тIаккха карладоккху иза. Баккъалла а, иза Далла атта ма ду
29:19 -
قُلْ سِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَانْظُرُوا كَيْفَ بَدَأَ الْخَلْقَ ۚ ثُمَّ اللَّهُ يُنْشِئُ النَّشْأَةَ الْآخِرَةَ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Ахь āла: 'Лела лаьттахула‚ хьажа‚ муха долийна Цо кхоллар‚ тIаккха Дала кхуьуьйту тIаьххьара кхолладалар (къематдийнахь халкъ юхадендар). Баккъалла а, Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву
29:20 -
يُعَذِّبُ مَنْ يَشَاءُ وَيَرْحَمُ مَنْ يَشَاءُ ۖ وَإِلَيْهِ تُقْلَبُونَ
Iазап до Цо Шена луучунна‚ къинхетам бо Шена луучух‚ Цунна тIе дIадерзор долуш ду шу а
29:21 -
وَمَا أَنْتُمْ بِمُعْجِزِينَ فِي الْأَرْضِ وَلَا فِي السَّمَاءِ ۖ وَمَا لَكُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ مِنْ وَلِيٍّ وَلَا نَصِيرٍ
Шу ма дац гIелдийр долуш /хIумма а/ лаьттахь а‚ стиглахь а. Ма вац шуна Дела воцург вали а‚ гIоьнча а.'
29:22 -
وَالَّذِينَ كَفَرُوا بِآيَاتِ اللَّهِ وَلِقَائِهِ أُولَٰئِكَ يَئِسُوا مِنْ رَحْمَتِي وَأُولَٰئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
Делан аятех а‚ Цунна дуьхьалкхетарх а цатешнарш цара дог диллина Сан къинхетамах‚ уьш бу шайна лазош долу Iазап хир дерш
29:23
Гочдар: Магомед Магомедов