Мусхаф., агӏо 416
-
وَلَوْ تَرَىٰ إِذِ الْمُجْرِمُونَ نَاكِسُو رُءُوسِهِمْ عِنْدَ رَبِّهِمْ رَبَّنَا أَبْصَرْنَا وَسَمِعْنَا فَارْجِعْنَا نَعْمَلْ صَالِحًا إِنَّا مُوقِنُونَ
Хьуна гуш балхьара и къинош дийнарш шайн кортош охьатаIина шайн Кхиош-кхобучунна хьалхахь /олуш/: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ гина тхуна‚ хезна тхуна‚ юхадерзадехь тхо /дуьнен чу/ дика Iамал йийр яра оха‚ тхо /хIинца шеко йоццуш/ тешна ду'
32:12 -
وَلَوْ شِئْنَا لَآتَيْنَا كُلَّ نَفْسٍ هُدَاهَا وَلَٰكِنْ حَقَّ الْقَوْلُ مِنِّي لَأَمْلَأَنَّ جَهَنَّمَ مِنَ الْجِنَّةِ وَالنَّاسِ أَجْمَعِينَ
Тхуна лиънехьара, Оха лур бара хIор сине шен нийса некъ‚ делахь а, бакъхили-кх Соьгара дош: 'Юзанне а юзор ма ю Ас жоьжахати жинех а, нахах а- /царах Далла са хиллачарах/ массарах а'
32:13 -
فَذُوقُوا بِمَا نَسِيتُمْ لِقَاءَ يَوْمِكُمْ هَٰذَا إِنَّا نَسِينَاكُمْ ۖ وَذُوقُوا عَذَابَ الْخُلْدِ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ
Iовша /Iазап/ хIокху шайн /къемат/ денна дуьхьалкхетар аш дицдарна - Оха шу а дицдина. Iовша гуттаренан Iазап шаьш /дуьненахь/ деш хилларг бахьанехь
32:14 -
إِنَّمَا يُؤْمِنُ بِآيَاتِنَا الَّذِينَ إِذَا ذُكِّرُوا بِهَا خَرُّوا سُجَّدًا وَسَبَّحُوا بِحَمْدِ رَبِّهِمْ وَهُمْ لَا يَسْتَكْبِرُونَ ۩
Баккъалла а, тешаш бу Тхан аятех, шайна уьш хьехийча, сужудане бегаш берш‚ шайн Кхиош-кхобучунна хастам барца тасбахь деш берш‚ шаьш кура а ца бовлуш
32:15 -
تَتَجَافَىٰ جُنُوبُهُمْ عَنِ الْمَضَاجِعِ يَدْعُونَ رَبَّهُمْ خَوْفًا وَطَمَعًا وَمِمَّا رَزَقْنَاهُمْ يُنْفِقُونَ
Церан агIонаш айло /буьйшачу/ меттигашкара‚ шайн Кхиош-кхобучуьнга кхойкху цара (Цуьнан Iазапах) кхерарца а‚ (Цуьнан къинхетаме) догдахарца а‚ Оха шайна деллачу рицIкъех /дикчу агIора/ харжаш йо цара
32:16 -
فَلَا تَعْلَمُ نَفْسٌ مَا أُخْفِيَ لَهُمْ مِنْ قُرَّةِ أَعْيُنٍ جَزَاءً بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Ца хаьа синна‚ хIун шайна хьулйина ю бIаьргашна езачарах шаьш йина хиллачу Iамална дуьхьал
32:17 -
أَفَمَنْ كَانَ مُؤْمِنًا كَمَنْ كَانَ فَاسِقًا ۚ لَا يَسْتَوُونَ
Ткъа муъмин стаг хилла песакх стагах тера? Нис ца ло уьш
32:18 -
أَمَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فَلَهُمْ جَنَّاتُ الْمَأْوَىٰ نُزُلًا بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Ткъа ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а царна бошмаш ю чугIойла‚ хьешана санна кечйина йолу цара йина хилла Iамал бахьанехь
32:19 -
وَأَمَّا الَّذِينَ فَسَقُوا فَمَأْوَاهُمُ النَّارُ ۖ كُلَّمَا أَرَادُوا أَنْ يَخْرُجُوا مِنْهَا أُعِيدُوا فِيهَا وَقِيلَ لَهُمْ ذُوقُوا عَذَابَ النَّارِ الَّذِي كُنْتُمْ بِهِ تُكَذِّبُونَ
Ткъа песакх хилларш а церан чугIойла /жоьжахатин/ цIе ю. Царна цу чуьра арабовла мел лии, цу чу юхаберзор бу уьш‚ цаьрга эр ду: 'Iовша шайна цIеран Iазап‚ шаьш иза харцдеш хилла долу'
32:20
Гочдар: Магомед Магомедов