Мусхаф., агӏо 415
-
الم
Алиф-лāм-мūм
32:1 -
تَنْزِيلُ الْكِتَابِ لَا رَيْبَ فِيهِ مِنْ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Жайна охьадоссор /ду хIара/‚ шена чохь шеко йоцуш‚ Iаламийн Дегара
32:2 -
أَمْ يَقُولُونَ افْتَرَاهُ ۚ بَلْ هُوَ الْحَقُّ مِنْ رَبِّكَ لِتُنْذِرَ قَوْمًا مَا أَتَاهُمْ مِنْ نَذِيرٍ مِنْ قَبْلِكَ لَعَلَّهُمْ يَهْتَدُونَ
Я цара олу: 'Цо (Мухьаммада) кхоьллина /харцдерг/ ду иза'? ХIаъ‚ иза бакъдерг ду хьан Кхиош-кхобучуьнгара ахь къомана кхерам тасархьама‚ хьол хьалха шайга цхьа а кхерамча веана воцчу‚ уьш нийсачу новкъа хIуттур бацара-те?
32:3 -
اللَّهُ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ ثُمَّ اسْتَوَىٰ عَلَى الْعَرْشِ ۖ مَا لَكُمْ مِنْ دُونِهِ مِنْ وَلِيٍّ وَلَا شَفِيعٍ ۚ أَفَلَا تَتَذَكَّرُونَ
Дела ву Ша стигланаш а‚ латта а, цу шинна юккъехь мел дерг а кхоьллинарг ялх дийнахь‚ тIаккха дIанисвелира Иза Iарша тIехь. Ма вац шуна Иза воцург цхьа а вали а (доттагI)‚ цхьа а гIодаккхархо а‚ аш ойла ца йо-те?
32:4 -
يُدَبِّرُ الْأَمْرَ مِنَ السَّمَاءِ إِلَى الْأَرْضِ ثُمَّ يَعْرُجُ إِلَيْهِ فِي يَوْمٍ كَانَ مِقْدَارُهُ أَلْفَ سَنَةٍ مِمَّا تَعُدُّونَ
Омра дIасадоькъу Цо стиглара лаьтта тIе‚ тIаккха иза (омра) Цунна тIе айло дийнахь‚ шен барам эзар шо долуш аш дагардечу кепара
32:5 -
ذَٰلِكَ عَالِمُ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ
Иза ву хьуламехьдерг а, гучахьдерг а хууш верг а. Веза верг а‚ къинхетаме верг а /ву Иза/
32:6 -
الَّذِي أَحْسَنَ كُلَّ شَيْءٍ خَلَقَهُ ۖ وَبَدَأَ خَلْقَ الْإِنْسَانِ مِنْ طِينٍ
Иза ву Ша мел кхоьллинарг хазчу куьцара дина. Адам кхолла волавелла Иза поппарах
32:7 -
ثُمَّ جَعَلَ نَسْلَهُ مِنْ سُلَالَةٍ مِنْ مَاءٍ مَهِينٍ
ТIаккха цуьнан тьхье хилийтира Цо ладамбоцчу хинан тIадамах
32:8 -
ثُمَّ سَوَّاهُ وَنَفَخَ فِيهِ مِنْ رُوحِهِ ۖ وَجَعَلَ لَكُمُ السَّمْعَ وَالْأَبْصَارَ وَالْأَفْئِدَةَ ۚ قَلِيلًا مَا تَشْكُرُونَ
ТIаккха Цо иза нисвира‚ Цо диллира цу чу Шен сих /са/‚ Цо хилийтира шуна хазар а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а. Ма кIеззиг ду-кх аш шукур дийриг
32:9 -
وَقَالُوا أَإِذَا ضَلَلْنَا فِي الْأَرْضِ أَإِنَّا لَفِي خَلْقٍ جَدِيدٍ ۚ بَلْ هُمْ بِلِقَاءِ رَبِّهِمْ كَافِرُونَ
Цара элира: 'Тхо дайча лаьттахь‚ тхо керлачу кхолларехь хир дуй (юхадендийр дуй)?' ХIаъ‚ уьш шайн Кхиош-кхобучунна дуьхьалкхетарна керстахили
32:10 -
قُلْ يَتَوَفَّاكُمْ مَلَكُ الْمَوْتِ الَّذِي وُكِّلَ بِكُمْ ثُمَّ إِلَىٰ رَبِّكُمْ تُرْجَعُونَ
Ахь āла: 'Долуьйтур ду шу даларан малико‚ ша шуна тIе хIоттина долчу‚ тIаккха шайн Кхиош-кхобучунна тIе шу дIадерзор ду
32:11
Гочдар: Магомед Магомедов