Мусхаф., агӏо 418

  1. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ اتَّقِ اللَّهَ وَلَا تُطِعِ الْكَافِرِينَ وَالْمُنَافِقِينَ ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلِيمًا حَكِيمًا

    ХIай пайхамар! Делах кхералахь‚ хьо муьтIахь ма хилалахь керстанашна а‚ мунепакъашна а. Баккъалла а, Дела хили хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а

    33:1
  2. وَاتَّبِعْ مَا يُوحَىٰ إِلَيْكَ مِنْ رَبِّكَ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرًا

    Хьо тIаьхьахIотта хьайга вехьешца хьан Кхиош-кхобучуьнгара догчунна. Баккъалла а, Дела хили аш дийриг сов дика хууш

    33:2
  3. وَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ وَكِيلًا

    Ахь Далла т таваккал де кхачо хили Делаца векал

    33:3
  4. مَا جَعَلَ اللَّهُ لِرَجُلٍ مِنْ قَلْبَيْنِ فِي جَوْفِهِ ۚ وَمَا جَعَلَ أَزْوَاجَكُمُ اللَّائِي تُظَاهِرُونَ مِنْهُنَّ أُمَّهَاتِكُمْ ۚ وَمَا جَعَلَ أَدْعِيَاءَكُمْ أَبْنَاءَكُمْ ۚ ذَٰلِكُمْ قَوْلُكُمْ بِأَفْوَاهِكُمْ ۖ وَاللَّهُ يَقُولُ الْحَقَّ وَهُوَ يَهْدِي السَّبِيلَ

    Ца дина Дала цхьанна стагана ши дог цуьнан кийрахь‚ ца хилийтина Цо шун зударех‚ аш шайга шун баккъаш шайн нанойн баккъашка тера хета‚ аьлла болчу‚ шун наной‚ аш долабаьхначу берийх шуна кIентий ца хилийтина Цо. Иза шун дош ду шун багенашца /олуш долу/. Дала олу бакъдерг‚ Цо нисво нийсачу новкъа

    33:4
  5. ادْعُوهُمْ لِآبَائِهِمْ هُوَ أَقْسَطُ عِنْدَ اللَّهِ ۚ فَإِنْ لَمْ تَعْلَمُوا آبَاءَهُمْ فَإِخْوَانُكُمْ فِي الدِّينِ وَمَوَالِيكُمْ ۚ وَلَيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌ فِيمَا أَخْطَأْتُمْ بِهِ وَلَٰكِنْ مَا تَعَمَّدَتْ قُلُوبُكُمْ ۚ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَحِيمًا

    Шайн дайшка дIакхайкха уьш иза ду мелхо а нисдерг Далла гергахь. Шуна церан дай ца бовзахь, шун вежарий а бу уьш динехь‚ шун доттагIий а бу. Шуна къа дац шу шегахь гIалатдаьллачуьнгахь‚ аш дагалаьцначуьгахь бен. Хили Дела тх гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а

    33:5
  6. النَّبِيُّ أَوْلَىٰ بِالْمُؤْمِنِينَ مِنْ أَنْفُسِهِمْ ۖ وَأَزْوَاجُهُ أُمَّهَاتُهُمْ ۗ وَأُولُو الْأَرْحَامِ بَعْضُهُمْ أَوْلَىٰ بِبَعْضٍ فِي كِتَابِ اللَّهِ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُهَاجِرِينَ إِلَّا أَنْ تَفْعَلُوا إِلَىٰ أَوْلِيَائِكُمْ مَعْرُوفًا ۚ كَانَ ذَٰلِكَ فِي الْكِتَابِ مَسْطُورًا

    Пайхамар таме ву муъмин нахана шайл а‚ цуьнан зударий церан наной бу. Гергарнаш цхьаберш вукхарал таме бу Делан жайнахь /кхечу/ муъмин нахал а‚ хIижар дихкинчарал а‚ аш шайн доттагIашна диканиг деш далахь бен. Хили иза жайнахь дIаязделла

    33:6

Гочдар: Магомед Магомедов