Мусхаф., агӏо 419
-
وَإِذْ أَخَذْنَا مِنَ النَّبِيِّينَ مِيثَاقَهُمْ وَمِنْكَ وَمِنْ نُوحٍ وَإِبْرَاهِيمَ وَمُوسَىٰ وَعِيسَى ابْنِ مَرْيَمَ ۖ وَأَخَذْنَا مِنْهُمْ مِيثَاقًا غَلِيظًا
Оха схьаийцира пайхамарашкара чIагIам‚ хьоьгара а‚ Нухьера а‚ ИбрахIимера а‚ Мусагара а‚ Маръяман кIантера Iийсагара а. Оха схьаийцира цаьргара чIогIа чIагIам
33:7 -
لِيَسْأَلَ الصَّادِقِينَ عَنْ صِدْقِهِمْ ۚ وَأَعَدَّ لِلْكَافِرِينَ عَذَابًا أَلِيمًا
Цо (Дала) бартхаттархьама бакълуьйчаьрга шайн бакълерах. Кечдина Цо керстанашна лазош долу Iазап
33:8 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اذْكُرُوا نِعْمَةَ اللَّهِ عَلَيْكُمْ إِذْ جَاءَتْكُمْ جُنُودٌ فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ رِيحًا وَجُنُودًا لَمْ تَرَوْهَا ۚ وَكَانَ اللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرًا
ХIай ийман диллинарш! Аш дагадайта шайна хилла Делан ниIмат шуна деара /маликийн/ эскар Оха бахийтира царна тIе мох а‚ эскар а‚ шуна ша гуш доцу. Хилира Дела аш дийриг гуш верг
33:9 -
إِذْ جَاءُوكُمْ مِنْ فَوْقِكُمْ وَمِنْ أَسْفَلَ مِنْكُمْ وَإِذْ زَاغَتِ الْأَبْصَارُ وَبَلَغَتِ الْقُلُوبُ الْحَنَاجِرَ وَتَظُنُّونَ بِاللَّهِ الظُّنُونَا
Уьш баьхкира шуна тIе шун тIехула а‚ шун бухахула а /шун/ бIаьргаш хьен тIе бевлира‚ дегнаш къамкъаргашка кхечира‚ шуна мотталора Делах лаьцна цхьацца /нийса доцу/ моттадаларш
33:10 -
هُنَالِكَ ابْتُلِيَ الْمُؤْمِنُونَ وَزُلْزِلُوا زِلْزَالًا شَدِيدًا
Цигахь зийра муъмин нах‚ /церан дегнаш кхераделла/ чIогIа тохаделира
33:11 -
وَإِذْ يَقُولُ الْمُنَافِقُونَ وَالَّذِينَ فِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ مَا وَعَدَنَا اللَّهُ وَرَسُولُهُ إِلَّا غُرُورًا
/Ахь дагадаийта/ мунепакъаша а‚ шайн дегнашкахь цамгар йолчара а элира: 'Дала а‚ Цуьнан элчано а вайца йина ваIда Iехор бен ма дац'
33:12 -
وَإِذْ قَالَتْ طَائِفَةٌ مِنْهُمْ يَا أَهْلَ يَثْرِبَ لَا مُقَامَ لَكُمْ فَارْجِعُوا ۚ وَيَسْتَأْذِنُ فَرِيقٌ مِنْهُمُ النَّبِيَّ يَقُولُونَ إِنَّ بُيُوتَنَا عَوْرَةٌ وَمَا هِيَ بِعَوْرَةٍ ۖ إِنْ يُرِيدُونَ إِلَّا فِرَارًا
/Ахь хьахаде/: царах цхьана тобано элира: 'ХIай Ясрибан бахархой! Шуна латта меттиг яц /тIом бан/‚ юхадерза'. Царах цхьа кхиерг (тоба) пайхамаре /цхь йиса/ пурба деха йолаелира‚ олуш: 'Тхан цIенош даьсса ду'. Даьсса ма дац уьш царна луург бовдар ду-кх /тIам тIера/
33:13 -
وَلَوْ دُخِلَتْ عَلَيْهِمْ مِنْ أَقْطَارِهَا ثُمَّ سُئِلُوا الْفِتْنَةَ لَآتَوْهَا وَمَا تَلَبَّثُوا بِهَا إِلَّا يَسِيرًا
Царна чубахкитича цуьнан (гIалин) йисташкахула‚ тIаккха цаьрга питна дийхича, и лур ма дара хьуна цара‚ цхьа кIеззиг хьоьжуш лаьттар а ма бацара хьуна уьш
33:14 -
وَلَقَدْ كَانُوا عَاهَدُوا اللَّهَ مِنْ قَبْلُ لَا يُوَلُّونَ الْأَدْبَارَ ۚ وَكَانَ عَهْدُ اللَّهِ مَسْئُولًا
Уьш хьалха а хилира Делаца ваIда еш‚ шаьш довдур дац /тIам тIера/‚ бохуш. Хили Делан ваIда жоп доьхуш
33:15
Гочдар: Магомед Магомедов