Мусхаф., агӏо 425

  1. تُرْجِي مَنْ تَشَاءُ مِنْهُنَّ وَتُؤْوِي إِلَيْكَ مَنْ تَشَاءُ ۖ وَمَنِ ابْتَغَيْتَ مِمَّنْ عَزَلْتَ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْكَ ۚ ذَٰلِكَ أَدْنَىٰ أَنْ تَقَرَّ أَعْيُنُهُنَّ وَلَا يَحْزَنَّ وَيَرْضَيْنَ بِمَا آتَيْتَهُنَّ كُلُّهُنَّ ۚ وَاللَّهُ يَعْلَمُ مَا فِي قُلُوبِكُمْ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَلِيمًا حَلِيمًا

    Ахь тIаьхьатоттур ю хьайна луург царах, хьайна тIелоцур ю хьайна луург; хьайна езахь айхьа /хьалха/ юьстах яьккхиначарах къа дац хьуна /хьо цунна тIевахарх/. Иза мелхо а герга ду церан бIаьргаш бузарна‚ уьш сингаттаме цахиларна /и Делера дуй хиъча/‚ уьш реза хиларна а ахьа шайна деллачух уьш массо а. Далла хаьа шун дегнашкахь дерг. Хили Дела хууш верг а‚ /массо а хIума шен-шена меттиге дIанисдеш верг а/, /къиношна дуьхьал таIзар дарехь/ сих ца луш верг а

    33:51
  2. لَا يَحِلُّ لَكَ النِّسَاءُ مِنْ بَعْدُ وَلَا أَنْ تَبَدَّلَ بِهِنَّ مِنْ أَزْوَاجٍ وَلَوْ أَعْجَبَكَ حُسْنُهُنَّ إِلَّا مَا مَلَكَتْ يَمِينُكَ ۗ وَكَانَ اللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ رَقِيبًا

    Хьанал бац хьуна зударий царал сов а‚ уьш хийцабар а /кхечу/ зударех‚ церан хазалло хьо цецваккхахь а‚ хьан аьтту куьйго доладинарш боцурш. Хили Дела массо а хIуманна тIехь терго еш верг

    33:52
  3. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَدْخُلُوا بُيُوتَ النَّبِيِّ إِلَّا أَنْ يُؤْذَنَ لَكُمْ إِلَىٰ طَعَامٍ غَيْرَ نَاظِرِينَ إِنَاهُ وَلَٰكِنْ إِذَا دُعِيتُمْ فَادْخُلُوا فَإِذَا طَعِمْتُمْ فَانْتَشِرُوا وَلَا مُسْتَأْنِسِينَ لِحَدِيثٍ ۚ إِنَّ ذَٰلِكُمْ كَانَ يُؤْذِي النَّبِيَّ فَيَسْتَحْيِي مِنْكُمْ ۖ وَاللَّهُ لَا يَسْتَحْيِي مِنَ الْحَقِّ ۚ وَإِذَا سَأَلْتُمُوهُنَّ مَتَاعًا فَاسْأَلُوهُنَّ مِنْ وَرَاءِ حِجَابٍ ۚ ذَٰلِكُمْ أَطْهَرُ لِقُلُوبِكُمْ وَقُلُوبِهِنَّ ۚ وَمَا كَانَ لَكُمْ أَنْ تُؤْذُوا رَسُولَ اللَّهِ وَلَا أَنْ تَنْكِحُوا أَزْوَاجَهُ مِنْ بَعْدِهِ أَبَدًا ۚ إِنَّ ذَٰلِكُمْ كَانَ عِنْدَ اللَّهِ عَظِيمًا

    ХIай ийман диллинарш! Пайхамаран цIеношна чу ма гIолаша шайна пурба делчи бен кхача баа, /тIаккха а дукха хьалха ма гIолаш/ и /кхача/ кечбина баларе хьоьжуш ца Iан. Мухха делахь, шайга кхийкхича, чу гIо. Шаьш хIума йиъча, дIасадаржа‚ хабарна юкъа а ца гIош. Баккъалла а, шун иштта хиларо пайхамарна новкъарло йо‚ цунна шух эхь хета /шуьга ала/. Далла эхь ца хета бакъдолчух. Аш цаьрга (элчан зударшка) цхьа хIума ехахь‚ аш еха и цаьрга кирхьана дехьахула. Иза мелхо а цIена ду шун дегнашна а‚ церан дегнашна а. Шуна мегара дац Делан элчанна новкъарло ян а‚ цуьнан зударий балабан а цул тIаьхьа цIеллигацIа. Баккъалла а, иза хили Далла гергахь деза- доккханиг (къа)

    33:53
  4. إِنْ تُبْدُوا شَيْئًا أَوْ تُخْفُوهُ فَإِنَّ اللَّهَ كَانَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمًا

    Аш гучудаккхахь а цхьа хIума‚ я хьулдахь и баккъалла а, Дела хили массо а хIума хууш верг

    33:54

Гочдар: Магомед Магомедов