Мусхаф., агӏо 428
-
الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ وَلَهُ الْحَمْدُ فِي الْآخِرَةِ ۚ وَهُوَ الْحَكِيمُ الْخَبِيرُ
Хастам бу Далла‚ Шена стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг долчу‚ Шена хастам болчунна эхартахь а. Иза хьикмате верг а ву‚ сов дика хууш верг а ву
34:1 -
يَعْلَمُ مَا يَلِجُ فِي الْأَرْضِ وَمَا يَخْرُجُ مِنْهَا وَمَا يَنْزِلُ مِنَ السَّمَاءِ وَمَا يَعْرُجُ فِيهَا ۚ وَهُوَ الرَّحِيمُ الْغَفُورُ
Цунна хаьа латтана чудулуш дерг а‚ оцунах схьадолуш дерг а‚ стиглара охьадогIуш дерг а‚ цига ирхдолуш дерг а. Иза къинхетаме верг а ву‚ гечдеш верг а ву
34:2 -
وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لَا تَأْتِينَا السَّاعَةُ ۖ قُلْ بَلَىٰ وَرَبِّي لَتَأْتِيَنَّكُمْ عَالِمِ الْغَيْبِ ۖ لَا يَعْزُبُ عَنْهُ مِثْقَالُ ذَرَّةٍ فِي السَّمَاوَاتِ وَلَا فِي الْأَرْضِ وَلَا أَصْغَرُ مِنْ ذَٰلِكَ وَلَا أَكْبَرُ إِلَّا فِي كِتَابٍ مُبِينٍ
Цатешачара элира: 'Сахьт (къематде) вайна догIур а дац'. Ахь āла: 'ХIаъ‚ сан Кхиош-кхобучух дуй боу ас‚ къайлаха дерг хууш волчу: данне а догIур долуш ду иза шуна'. Цунах (Делах) къайладер дац мискъала зарратал хIума стигланашкахь а‚ лаьттахь а‚ цул мелхо а жиманиг а, мелхо а доккханиг а‚ билгалчу жайна чохь долуш а бен
34:3 -
لِيَجْزِيَ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ ۚ أُولَٰئِكَ لَهُمْ مَغْفِرَةٌ وَرِزْقٌ كَرِيمٌ
Ийман диллинчарна‚ дика Iамалш йиначарна ял ялархьама. Уьш бу шайна гечдар а‚ сийлахь рицкъ а хир дерш
34:4 -
وَالَّذِينَ سَعَوْا فِي آيَاتِنَا مُعَاجِزِينَ أُولَٰئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ مِنْ رِجْزٍ أَلِيمٌ
Тхан аяташ талхо къахоьгуш берш, /уьш/ гIелдан гIерташ царна Iазап ду лазош долчу таIзарах
34:5 -
وَيَرَى الَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ الَّذِي أُنْزِلَ إِلَيْكَ مِنْ رَبِّكَ هُوَ الْحَقَّ وَيَهْدِي إِلَىٰ صِرَاطِ الْعَزِيزِ الْحَمِيدِ
Шайна Iилма деллачарна хаьа хьуна хьан Кхиош-кхобучуьнгара доьссинарг бакъдерг дуйла‚ ша /нах/ нисбеш долу веза волчун‚ хастаме волчун (Делан) новкъа
34:6 -
وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا هَلْ نَدُلُّكُمْ عَلَىٰ رَجُلٍ يُنَبِّئُكُمْ إِذَا مُزِّقْتُمْ كُلَّ مُمَزَّقٍ إِنَّكُمْ لَفِي خَلْقٍ جَدِيدٍ
Цатешначара элира: 'Оха нисдой шу цхьана стагана тIе‚ шуьга ша дуьйцуш волчу‚ шу ерриг кийсак хилла /кешний чохь/ дахкаделча, шу керлачу кхоллар чохь хир ду /юха дендийр ду/‚ бохуш волчу?
34:7
Гочдар: Магомед Магомедов