Мусхаф., агӏо 429

  1. أَفْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا أَمْ بِهِ جِنَّةٌ ۗ بَلِ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ فِي الْعَذَابِ وَالضَّلَالِ الْبَعِيدِ

    Далла тIе харцдерг кхоьллина цо‚ я цуьнца жинаш ду'. ХIаъ‚ эхартах ца тешаш берш Iазапа чохь а‚ генарчу тилар чохь а ма бу

    34:8
  2. أَفَلَمْ يَرَوْا إِلَىٰ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ مِنَ السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ ۚ إِنْ نَشَأْ نَخْسِفْ بِهِمُ الْأَرْضَ أَوْ نُسْقِطْ عَلَيْهِمْ كِسَفًا مِنَ السَّمَاءِ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِكُلِّ عَبْدٍ مُنِيبٍ

    Царна ца го-те стиглара а, лаьттара а шайна хьалхахь а, тIехьахь а дерг? Тхуна лиънехьара, Оха лаьтте худийтур бара уьш‚ я стиглара кийсакаш егор яра царна тIе. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду / тобадарца Далла / твоьрзуш волчу лена

    34:9
  3. وَلَقَدْ آتَيْنَا دَاوُودَ مِنَّا فَضْلًا ۖ يَا جِبَالُ أَوِّبِي مَعَهُ وَالطَّيْرَ ۖ وَأَلَنَّا لَهُ الْحَدِيدَ

    Оха деллера Давудана Тхайгара ниIмат‚ /элира/: 'ХIай лаьмнаш! Тасбахь де цуьнца цхьана‚ /аша а/ олхазарш'. Оха кIаддийра цунна эчиг:

    34:10
  4. أَنِ اعْمَلْ سَابِغَاتٍ وَقَدِّرْ فِي السَّرْدِ ۖ وَاعْمَلُوا صَالِحًا ۖ إِنِّي بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ

    'ГIаьгIнаш е‚ тIе юста /уьш/. Диканиг делаша. Баккъалла а, Со аш дийриг гуш ву'

    34:11
  5. وَلِسُلَيْمَانَ الرِّيحَ غُدُوُّهَا شَهْرٌ وَرَوَاحُهَا شَهْرٌ ۖ وَأَسَلْنَا لَهُ عَيْنَ الْقِطْرِ ۖ وَمِنَ الْجِنِّ مَنْ يَعْمَلُ بَيْنَ يَدَيْهِ بِإِذْنِ رَبِّهِ ۖ وَمَنْ يَزِغْ مِنْهُمْ عَنْ أَمْرِنَا نُذِقْهُ مِنْ عَذَابِ السَّعِيرِ

    Сулейманна а /муьтIахь бира Оха/ мох‚ цуьнан Iуьйренан некъ бутт болуш‚ цуьнан суьйренан некъ а бутт болуш. Оха лалийра цунна цIеста (ез), /хин/ хьоста санна дIаоьхуш. Жинех ду шаьш цунна хьалхахь болх беш дерш цуьнан Кхиош-кхобучун пурбанца. Царах Тхан омрах дIатилначарна Iавшор ду Оха жоьжахатин Iазапах

    34:12
  6. يَعْمَلُونَ لَهُ مَا يَشَاءُ مِنْ مَحَارِيبَ وَتَمَاثِيلَ وَجِفَانٍ كَالْجَوَابِ وَقُدُورٍ رَاسِيَاتٍ ۚ اعْمَلُوا آلَ دَاوُودَ شُكْرًا ۚ وَقَلِيلٌ مِنْ عِبَادِيَ الشَّكُورُ

    Цара еш цунна‚ шена луу‚ михьрабаш‚ сурташ а‚ кедаш, Iаьмнаш санна‚ чIогIа чIагIбина яйнаш а. Баркалла аларца Iамал елаш /Тхуна/‚ хIай Давудан доьзал. КIеззиг бу Сан лешех баркалла олуш берш

    34:13
  7. فَلَمَّا قَضَيْنَا عَلَيْهِ الْمَوْتَ مَا دَلَّهُمْ عَلَىٰ مَوْتِهِ إِلَّا دَابَّةُ الْأَرْضِ تَأْكُلُ مِنْسَأَتَهُ ۖ فَلَمَّا خَرَّ تَبَيَّنَتِ الْجِنُّ أَنْ لَوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ الْغَيْبَ مَا لَبِثُوا فِي الْعَذَابِ الْمُهِينِ

    Оха цунна (Сулейманна) Iожалла тIехIоттича, и валарна тIе уьш нис ца бира цхьана лаьттан дийнато бен‚ ша цуьнан Iаса юуш. Иза /велла/ охьавоьжча, билгалделира жинашна: шайна къайле хууш хиллехьара, лаьттар цахилар шаьш сийсазчу Iазапехь

    34:14

Гочдар: Магомед Магомедов