Мусхаф., агӏо 43
-
اللَّهُ وَلِيُّ الَّذِينَ آمَنُوا يُخْرِجُهُمْ مِنَ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّورِ ۖ وَالَّذِينَ كَفَرُوا أَوْلِيَاؤُهُمُ الطَّاغُوتُ يُخْرِجُونَهُمْ مِنَ النُّورِ إِلَى الظُّلُمَاتِ ۗ أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
Дела ву тешаш болчеран вали. Цо уьш арабоху боданера серлонга. Ца тешаш берш – церан авлияаш тIагIуташ ду, цара боху уьш серлонгара бодане. уьш ма бу цIеран дай‚ уьш цу чохь гуттар а лаьттар ма бу
2:257 -
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِي حَاجَّ إِبْرَاهِيمَ فِي رَبِّهِ أَنْ آتَاهُ اللَّهُ الْمُلْكَ إِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ رَبِّيَ الَّذِي يُحْيِي وَيُمِيتُ قَالَ أَنَا أُحْيِي وَأُمِيتُ ۖ قَالَ إِبْرَاهِيمُ فَإِنَّ اللَّهَ يَأْتِي بِالشَّمْسِ مِنَ الْمَشْرِقِ فَأْتِ بِهَا مِنَ الْمَغْرِبِ فَبُهِتَ الَّذِي كَفَرَ ۗ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ
Хьуна хаий ИбрахIимца и Кхиош-кхобучух лаьцна къуьйсуш хиллачух‚ Дала шена паччахьалла делла хиллачу? ИбрахIима аьллера: 'Сан Кхиош-кхобург ву Ша дендеш а‚ долуьйтуш а верг'. Цо (Намруз паччахьа) элира: 'Ас ден а до‚ дала а долуьйту'. ИбрахIима элира: 'Дала малх боуьйту малхбалехьахула‚ ахь баийтал и малхбузехьахула'. ТIаккха вуьйхира цатешарг. Дала нис ца до зуламе долу къам
2:258 -
أَوْ كَالَّذِي مَرَّ عَلَىٰ قَرْيَةٍ وَهِيَ خَاوِيَةٌ عَلَىٰ عُرُوشِهَا قَالَ أَنَّىٰ يُحْيِي هَٰذِهِ اللَّهُ بَعْدَ مَوْتِهَا ۖ فَأَمَاتَهُ اللَّهُ مِائَةَ عَامٍ ثُمَّ بَعَثَهُ ۖ قَالَ كَمْ لَبِثْتَ ۖ قَالَ لَبِثْتُ يَوْمًا أَوْ بَعْضَ يَوْمٍ ۖ قَالَ بَلْ لَبِثْتَ مِائَةَ عَامٍ فَانْظُرْ إِلَىٰ طَعَامِكَ وَشَرَابِكَ لَمْ يَتَسَنَّهْ ۖ وَانْظُرْ إِلَىٰ حِمَارِكَ وَلِنَجْعَلَكَ آيَةً لِلنَّاسِ ۖ وَانْظُرْ إِلَى الْعِظَامِ كَيْفَ نُنْشِزُهَا ثُمَّ نَكْسُوهَا لَحْمًا ۚ فَلَمَّا تَبَيَّنَ لَهُ قَالَ أَعْلَمُ أَنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Я /хаьий хьуна/ цхьана эвлана уллохула воьдучух хилларг, тхевнаш т а хирцина, йохийна хиллачу? Цо элира: 'Муха денйийр ю хIара Дала еллачул тIаьхьа!?' Дала и валийтира бIешарна‚ тIаккха денвира. Элира /Дала/: 'Мел лаьттира хьо?' Цо элира: 'Со лаьттира /велла/ цхьана дийнахь я эха дийнахь'. Цо (Дала) элира: 'ХIан-хIа‚ хьо лаьттира бIешарахь‚ хьо хьажал хьайн кхачане а‚ маларе а – хийца ца делла уьш‚ хьо хьажал хьайн вире‚ Оха цхьа делил хуьлуьйтур ду хьох нахана. Хьажал хIинца даьIахкашка‚ Оха уьш муха денйо‚ тIаккха царна тIе дилха дуьллу'. И шена билгалдаьллачул тIаьхьа‚ цо элира: 'Суна хаьа Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш вуйла'
2:259
Гочдар: Магомед Магомедов