Мусхаф., агӏо 44

  1. وَإِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ رَبِّ أَرِنِي كَيْفَ تُحْيِي الْمَوْتَىٰ ۖ قَالَ أَوَلَمْ تُؤْمِنْ ۖ قَالَ بَلَىٰ وَلَٰكِنْ لِيَطْمَئِنَّ قَلْبِي ۖ قَالَ فَخُذْ أَرْبَعَةً مِنَ الطَّيْرِ فَصُرْهُنَّ إِلَيْكَ ثُمَّ اجْعَلْ عَلَىٰ كُلِّ جَبَلٍ مِنْهُنَّ جُزْءًا ثُمَّ ادْعُهُنَّ يَأْتِينَكَ سَعْيًا ۚ وَاعْلَمْ أَنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ

    ИбрахIима аьллера: 'Сан Кхиош-кхобург‚ гайтахь суна‚ Ахь муха денбо белларш'. Цо (Дала) элира: 'Хьо ца теша ткъа?' Элира /ИбрахIима/: 'Теша‚ делахь а‚ дог чIагIдалийтархьама'. /Дала/ элира: 'ХIета‚ схьаэца диъ хьоза‚ хьайна тIедаладай‚ дакъош де царах. ТIаккха хIор ламанна тIе цхьацца дакъа дилла царах‚ тIаккха уьш тIекхайкха хьайна – сихха тIедогIур ду хьуна уьш‚ хьо хууш хилалахь и Дела Ша веза верг а‚ хьекъале верг а вуйла'

    2:260
  2. مَثَلُ الَّذِينَ يُنْفِقُونَ أَمْوَالَهُمْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ كَمَثَلِ حَبَّةٍ أَنْبَتَتْ سَبْعَ سَنَابِلَ فِي كُلِّ سُنْبُلَةٍ مِائَةُ حَبَّةٍ ۗ وَاللَّهُ يُضَاعِفُ لِمَنْ يَشَاءُ ۗ وَاللَّهُ وَاسِعٌ عَلِيمٌ

    Шен долахьдерг Делан новкъахь даьккхинчун масал ду‚ буьртиган масалх тера: цо схьабалийтина ворхI кан‚ хIор кена чохь бIе буьртиг болуш. Цу Дала алсам ма доккху Шена луучунна‚ и Дела шорто йолуш верг а‚ хууш верг а ма ву

    2:261
  3. الَّذِينَ يُنْفِقُونَ أَمْوَالَهُمْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ ثُمَّ لَا يُتْبِعُونَ مَا أَنْفَقُوا مَنًّا وَلَا أَذًى ۙ لَهُمْ أَجْرُهُمْ عِنْدَ رَبِّهِمْ وَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ

    Шайн долахьдерг Делан новкъахь доккхуш берш‚ тIаккха шаьш даьккхинчунна тIаьхьа тIехдеттарш а‚ бехкаш а ца дохуш‚ царна шайн мēла ма бу шайн Кхиош-кхобучун гергахь. Кхерам а хир ма бац царна‚ уьш сингаттаме а хир ма бац

    2:262
  4. قَوْلٌ مَعْرُوفٌ وَمَغْفِرَةٌ خَيْرٌ مِنْ صَدَقَةٍ يَتْبَعُهَا أَذًى ۗ وَاللَّهُ غَنِيٌّ حَلِيمٌ

    Хаза дош а‚ гечдар а тоьлуш ду шена тIаьхьа бехк боккхуш долчу сагIанал‚ и Дела хьал долуш а‚ собаре а ма ву

    2:263
  5. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تُبْطِلُوا صَدَقَاتِكُمْ بِالْمَنِّ وَالْأَذَىٰ كَالَّذِي يُنْفِقُ مَالَهُ رِئَاءَ النَّاسِ وَلَا يُؤْمِنُ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ ۖ فَمَثَلُهُ كَمَثَلِ صَفْوَانٍ عَلَيْهِ تُرَابٌ فَأَصَابَهُ وَابِلٌ فَتَرَكَهُ صَلْدًا ۖ لَا يَقْدِرُونَ عَلَىٰ شَيْءٍ مِمَّا كَسَبُوا ۗ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْكَافِرِينَ

    ХIай ийман диллинарш! ХIаллак ма де шайн сагIанаш тIехдеттаршций‚ бехкашций‚ ша Делах а‚ тьххьарчу /къемат/дийнах а тешаш а воцуш, шен долахьдерг нахана гайтархьама /сагна/ доккхучух тера. Цуьнан масал ду шена тIехь латта долчу шерачу тIулгах тера: шена тIе чIогIа догIа дилхича - и бисира шерра /шена тIера латта дIадаьлла/. Ницкъ кхочур бац царна шаьш гулдинчух /цхьа а/ хIуманах /пайдаэца/. Дала нис ца до ца тешаш долу къам

    2:264

Гочдар: Магомед Магомедов