Мусхаф., агӏо 433

  1. وَيَوْمَ يَحْشُرُهُمْ جَمِيعًا ثُمَّ يَقُولُ لِلْمَلَائِكَةِ أَهَٰؤُلَاءِ إِيَّاكُمْ كَانُوا يَعْبُدُونَ

    Цу /къемат/дийнахь Цо гулбийр бу уьш берриге а‚ тIаккха эр ду маликашка: 'ХIорш бу и шуна Iибадат деш хилларш?'

    34:40
  2. قَالُوا سُبْحَانَكَ أَنْتَ وَلِيُّنَا مِنْ دُونِهِمْ ۖ بَلْ كَانُوا يَعْبُدُونَ الْجِنَّ ۖ أَكْثَرُهُمْ بِهِمْ مُؤْمِنُونَ

    Цара элира: 'Вонах цIена ву хьо‚ Хьо ву-кх тхан вали, уьш боцуш. ХIаъ‚ уьш хилира жинашна Iибадат деш‚ царах дукхахберш царна ийман диллина бу'

    34:41
  3. فَالْيَوْمَ لَا يَمْلِكُ بَعْضُكُمْ لِبَعْضٍ نَفْعًا وَلَا ضَرًّا وَنَقُولُ لِلَّذِينَ ظَلَمُوا ذُوقُوا عَذَابَ النَّارِ الَّتِي كُنْتُمْ بِهَا تُكَذِّبُونَ

    Тахана шух цхьаболчеран долахь бац вукхарна пайда а‚ зен а‚ Оха эр ду зулам диначаьрга: 'Iовша шайна цIеран Iазап, аш ша харцдеш хилла долу'

    34:42
  4. وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ آيَاتُنَا بَيِّنَاتٍ قَالُوا مَا هَٰذَا إِلَّا رَجُلٌ يُرِيدُ أَنْ يَصُدَّكُمْ عَمَّا كَانَ يَعْبُدُ آبَاؤُكُمْ وَقَالُوا مَا هَٰذَا إِلَّا إِفْكٌ مُفْتَرًى ۚ وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِلْحَقِّ لَمَّا جَاءَهُمْ إِنْ هَٰذَا إِلَّا سِحْرٌ مُبِينٌ

    Шайна тIехь Тхан билгала долу аяташ доьшуш, цара элира: 'ХIара ма вац шу шун дай шена Iибадат деш хиллачух дIатило лууш волу стаг бен'. Цара элира /юха а/: 'Цо ша кхоьллина харцдерг бен ма дац хIара /Къуръан/'. Цатешначара элира бакъдолчунна, и шайга деъча: 'ХIара деккъа къеггина бозбуунчалла ду-кх'

    34:43
  5. وَمَا آتَيْنَاهُمْ مِنْ كُتُبٍ يَدْرُسُونَهَا ۖ وَمَا أَرْسَلْنَا إِلَيْهِمْ قَبْلَكَ مِنْ نَذِيرٍ

    Оха ца делла /хьалха/ цаьрга (Маккан охага) цхьа а жайна цара и Iамадеш долу‚ Оха ца вахийтина цаьрга хьол хьалха цхьа а кхерамча

    34:44
  6. وَكَذَّبَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ وَمَا بَلَغُوا مِعْشَارَ مَا آتَيْنَاهُمْ فَكَذَّبُوا رُسُلِي ۖ فَكَيْفَ كَانَ نَكِيرِ

    Харцдира царал хьалха хиллачара а‚ /хIорш-м/ ца кхиира Оха царна деллачух итталгIачу декъах а. Цара харцбира Сан элчанаш. Муха хилира Сан /уьш/ цаларар (Сан Iазап)?

    34:45
  7. قُلْ إِنَّمَا أَعِظُكُمْ بِوَاحِدَةٍ ۖ أَنْ تَقُومُوا لِلَّهِ مَثْنَىٰ وَفُرَادَىٰ ثُمَّ تَتَفَكَّرُوا ۚ مَا بِصَاحِبِكُمْ مِنْ جِنَّةٍ ۚ إِنْ هُوَ إِلَّا نَذِيرٌ لَكُمْ بَيْنَ يَدَيْ عَذَابٍ شَدِيدٍ

    Ахь āла: 'Ас хьоьху шуна цхьа хIума: шу дхIоттар Далла хьалха /бакъдерг лоьхуш/ шишша а‚ цхьаьцца а‚ тIаккха аш ойла яр: шун накъост ма вац жинех. Иза ма вац кхерамча бен, чIогIа Iазап хилале хьалха /ваийтина волу/'

    34:46
  8. قُلْ مَا سَأَلْتُكُمْ مِنْ أَجْرٍ فَهُوَ لَكُمْ ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَى اللَّهِ ۖ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدٌ

    Ахь āла: 'Ас ца бехна шуьга цхьа а мах‚ иза шуна бу. Сан мах Далла тIехь бен бац. Иза массо а хIуманна тIехь теш ма ву'

    34:47
  9. قُلْ إِنَّ رَبِّي يَقْذِفُ بِالْحَقِّ عَلَّامُ الْغُيُوبِ

    Ахь āла: 'Баккъалла а, сан Кхиош-кхобучо дуьллу /пайхамарийн дегнашка/ бакъдерг‚ къайленаш дика хууш верг ву Иза'

    34:48

Гочдар: Магомед Магомедов