Мусхаф., агӏо 432
-
قَالَ الَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا لِلَّذِينَ اسْتُضْعِفُوا أَنَحْنُ صَدَدْنَاكُمْ عَنِ الْهُدَىٰ بَعْدَ إِذْ جَاءَكُمْ ۖ بَلْ كُنْتُمْ مُجْرِمِينَ
Шаьш куралла еш хиллачара элира заьIип хиллачаьрга: 'Оха дIатилира шу /нийсачу/ некъах и шуьга беъначул тIаьхьа? ХIаъ‚ шу шаьш хилира къинош деш'
34:32 -
وَقَالَ الَّذِينَ اسْتُضْعِفُوا لِلَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا بَلْ مَكْرُ اللَّيْلِ وَالنَّهَارِ إِذْ تَأْمُرُونَنَا أَنْ نَكْفُرَ بِاللَّهِ وَنَجْعَلَ لَهُ أَنْدَادًا ۚ وَأَسَرُّوا النَّدَامَةَ لَمَّا رَأَوُا الْعَذَابَ وَجَعَلْنَا الْأَغْلَالَ فِي أَعْنَاقِ الَّذِينَ كَفَرُوا ۚ هَلْ يُجْزَوْنَ إِلَّا مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Шаьш заьIип хиллачара элира куралла еш хилачаьрга: 'ХIаъ‚ буьйсанан а‚ дийнан а мекарлонаца аш тхуна омра ма дора тхо Делах цатешар‚ Оха Цуьнца кхиберш нисбар'. Цара хьулдийра дохкобовлар, шайна Iазап гича. Оха буржолаш-гматаш туьйхира ца тешаш хиллачеран логех. Шаьш деш хиллачуьнца бен бекхам хир буй царна?
34:33 -
وَمَا أَرْسَلْنَا فِي قَرْيَةٍ مِنْ نَذِيرٍ إِلَّا قَالَ مُتْرَفُوهَا إِنَّا بِمَا أُرْسِلْتُمْ بِهِ كَافِرُونَ
Оха ца вахийтира юьртахь цхьа а кхерамча цуьнан (юьртан) хьалдолчара олуш бен: 'Баккъалла а, тхо шу шеца даийтинчунна /ца тешаш/ керста ду-кх'
34:34 -
وَقَالُوا نَحْنُ أَكْثَرُ أَمْوَالًا وَأَوْلَادًا وَمَا نَحْنُ بِمُعَذَّبِينَ
Цара олура: 'Тхо мелхо а алсам ду бахамца а‚ доьзалца а‚ тхуна Iазап дийр дац'
34:35 -
قُلْ إِنَّ رَبِّي يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَنْ يَشَاءُ وَيَقْدِرُ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
Ахь āла: 'Баккъалла а, сан Кхиош-кхобучо рицкъ даржадо Шена луучунна /дукха луш/‚ барам а бо /кIеззиг луш/‚ делахь а, нахах дукхах- болчарна ца хаьа-кх.'
34:36 -
وَمَا أَمْوَالُكُمْ وَلَا أَوْلَادُكُمْ بِالَّتِي تُقَرِّبُكُمْ عِنْدَنَا زُلْفَىٰ إِلَّا مَنْ آمَنَ وَعَمِلَ صَالِحًا فَأُولَٰئِكَ لَهُمْ جَزَاءُ الضِّعْفِ بِمَا عَمِلُوا وَهُمْ فِي الْغُرُفَاتِ آمِنُونَ
Шун бахам а‚ шун доьзал а ма бац шу Тхуна гергадалош берш (кIез-кIеззиг) гергадалорца ша ийман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а бен. Уьш бу шайна шозза ял ерш шаьш йинчу Iамалшца‚ уьш /хир/ бу /ялсаманин/ хIусамашкахь кхерам боцуш
34:37 -
وَالَّذِينَ يَسْعَوْنَ فِي آيَاتِنَا مُعَاجِزِينَ أُولَٰئِكَ فِي الْعَذَابِ مُحْضَرُونَ
Тхан аяташ /дохорехь/ къахьоьгуш берш, шаьш /уьш/ грасиза дийр ду моьттуш,- уьш Iазап чохь латтор ма бу
34:38 -
قُلْ إِنَّ رَبِّي يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ وَيَقْدِرُ لَهُ ۚ وَمَا أَنْفَقْتُمْ مِنْ شَيْءٍ فَهُوَ يُخْلِفُهُ ۖ وَهُوَ خَيْرُ الرَّازِقِينَ
Ахь āла: 'Баккъалла а, сан Кхиош-кхобучо даржадо /шортта/ рицкъ Шен лешех Шен луучунна‚ Цо цунна барам а бо /кIеззиг луш/'. Аш хIуманах сагIина елларг- Цо меттахIоттор ю. Иза рицкъ лучарех уггар диканиг ву
34:39
Гочдар: Магомед Магомедов