Мусхаф., агӏо 435

  1. وَإِنْ يُكَذِّبُوكَ فَقَدْ كُذِّبَتْ رُسُلٌ مِنْ قَبْلِكَ ۚ وَإِلَى اللَّهِ تُرْجَعُ الْأُمُورُ

    Хьо цара харцвахь /хй Мухьаммад/. хьол хьалха а харцбина элчанаш. Далла тIе дIадоьрзу гIуллакхаш

    35:4
  2. يَا أَيُّهَا النَّاسُ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ ۖ فَلَا تَغُرَّنَّكُمُ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا ۖ وَلَا يَغُرَّنَّكُمْ بِاللَّهِ الْغَرُورُ

    ХIай нах! Баккъалла а, Делан ваIда хьакъ-бакъ ю. Шу данне а Iеха ма дойла дуьненан дахаро‚ шу данне а Iеха ма дойла Делаца Iехочо (шайтIано)

    35:5
  3. إِنَّ الشَّيْطَانَ لَكُمْ عَدُوٌّ فَاتَّخِذُوهُ عَدُوًّا ۚ إِنَّمَا يَدْعُو حِزْبَهُ لِيَكُونُوا مِنْ أَصْحَابِ السَّعِيرِ

    Баккъалла а, шайтIа шуна мостагI ду‚ мостагI дей схьалаца иза. Цо кхойкху шен тоба жоьжахатин дай хиларе

    35:6
  4. الَّذِينَ كَفَرُوا لَهُمْ عَذَابٌ شَدِيدٌ ۖ وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَهُمْ مَغْفِرَةٌ وَأَجْرٌ كَبِيرٌ

    Цатешнарш царна чIогIа Iазап /хир/ ду. Ийман диллинарш а‚ диканаш динарш а царна гечдар а‚ йоккха ял ма ю!

    35:7
  5. أَفَمَنْ زُيِّنَ لَهُ سُوءُ عَمَلِهِ فَرَآهُ حَسَنًا ۖ فَإِنَّ اللَّهَ يُضِلُّ مَنْ يَشَاءُ وَيَهْدِي مَنْ يَشَاءُ ۖ فَلَا تَذْهَبْ نَفْسُكَ عَلَيْهِمْ حَسَرَاتٍ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ بِمَا يَصْنَعُونَ

    Ткъа ву-те шен Iамалах вониг шена хазйинарг‚ тIаккъа иза шена хаза гинарг /дика Iамал йинчух терра/? Баккъалла а, Дала тилавала ма вуьту Шена луург‚ Цо нис ма во Шена луург. Хьан са ма даа царна тIехь, гIайгIа еш. Баккъалла а, Дела ву цара деш дерг хууш верг

    35:8
  6. وَاللَّهُ الَّذِي أَرْسَلَ الرِّيَاحَ فَتُثِيرُ سَحَابًا فَسُقْنَاهُ إِلَىٰ بَلَدٍ مَيِّتٍ فَأَحْيَيْنَا بِهِ الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا ۚ كَذَٰلِكَ النُّشُورُ

    Дела ву Ша мох бохуьйтуш верг‚ Цо цуьнга хьейойту мархаш‚ Оха уьш дIалехкира беллачу махка цуьнца (догIица) латта дендийра иза деллачул тIаьхьа. Иштта ду /шу/ юхадендар а

    35:9
  7. مَنْ كَانَ يُرِيدُ الْعِزَّةَ فَلِلَّهِ الْعِزَّةُ جَمِيعًا ۚ إِلَيْهِ يَصْعَدُ الْكَلِمُ الطَّيِّبُ وَالْعَمَلُ الصَّالِحُ يَرْفَعُهُ ۚ وَالَّذِينَ يَمْكُرُونَ السَّيِّئَاتِ لَهُمْ عَذَابٌ شَدِيدٌ ۖ وَمَكْرُ أُولَٰئِكَ هُوَ يَبُورُ

    Мила а хиллехь сий дезаш, Делан ду сий дерриге а. Цунна тIе хьалаайло цIена дош а‚ дика Iамал а‚ Цо аййо иза. Вонашца мекарло еш берш, царна чIогIа Iазап ду. Церан мекарло иза эрна ю

    35:10
  8. وَاللَّهُ خَلَقَكُمْ مِنْ تُرَابٍ ثُمَّ مِنْ نُطْفَةٍ ثُمَّ جَعَلَكُمْ أَزْوَاجًا ۚ وَمَا تَحْمِلُ مِنْ أُنْثَىٰ وَلَا تَضَعُ إِلَّا بِعِلْمِهِ ۚ وَمَا يُعَمَّرُ مِنْ مُعَمَّرٍ وَلَا يُنْقَصُ مِنْ عُمُرِهِ إِلَّا فِي كِتَابٍ ۚ إِنَّ ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرٌ

    Дела ву Ша шу кхоьллинарг поппарх‚ тIаккха тIадамах. ТIаккха Цо хилийтина шух боьршаниг а‚ стениг а. Цхьа а зуда берах хир ма яц‚ цо бер дийр ма дац Цуьнан хаарца бен. Цхьа а вехаш верг вехар а ма вац‚ цуьнан дахарах оьшур а ма дац жайна чохь долуш бен. Баккъалла а, иза Далла атта ма ду

    35:11

Гочдар: Магомед Магомедов