Мусхаф., агӏо 441

  1. وَاضْرِبْ لَهُمْ مَثَلًا أَصْحَابَ الْقَرْيَةِ إِذْ جَاءَهَا الْمُرْسَلُونَ

    Балабе царна масална цхьана юьртан дай: цига баьхкира элчанаш

    36:13
  2. إِذْ أَرْسَلْنَا إِلَيْهِمُ اثْنَيْنِ فَكَذَّبُوهُمَا فَعَزَّزْنَا بِثَالِثٍ فَقَالُوا إِنَّا إِلَيْكُمْ مُرْسَلُونَ

    Оха вахийтинера цаьрга шиъ цара уьш шиа харцбира. ТIаккха Оха уьш чIагIбира кхоалгIачуьнца‚ цара элира: 'Баккъалла а, тхо шуьга /дахкийтина/ элчанаш ма ду'

    36:14
  3. قَالُوا مَا أَنْتُمْ إِلَّا بَشَرٌ مِثْلُنَا وَمَا أَنْزَلَ الرَّحْمَٰنُ مِنْ شَيْءٍ إِنْ أَنْتُمْ إِلَّا تَكْذِبُونَ

    Цара (юьртара наха) элира: 'Шу ма дац тхо санна адамаш бен. Цхьанна хIуманца Къинхетаме волчо дахкийтина ма дац шу шу харцлуьйш ма ду'

    36:15
  4. قَالُوا رَبُّنَا يَعْلَمُ إِنَّا إِلَيْكُمْ لَمُرْسَلُونَ

    Цара (элчанаша) элира: 'Вайн Кхиош-кхобучунна хаьа-кх тхо шуьга даийтина элчанаш дуйла

    36:16
  5. وَمَا عَلَيْنَا إِلَّا الْبَلَاغُ الْمُبِينُ

    Тхуна тIехь-м дац билгалдерг дIакхачор бен'

    36:17
  6. قَالُوا إِنَّا تَطَيَّرْنَا بِكُمْ ۖ لَئِنْ لَمْ تَنْتَهُوا لَنَرْجُمَنَّكُمْ وَلَيَمَسَّنَّكُمْ مِنَّا عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Цара (юьртара наха) элира: 'Шу бахьанехь вон билгалонаш хааелла тхуна‚ шу ца совцахь‚ оха шуна тIулгаш деттар ма ду‚ тхоьгара лазош долчу Iазапо схьалоьцур ма ду шу'

    36:18
  7. قَالُوا طَائِرُكُمْ مَعَكُمْ ۚ أَئِنْ ذُكِّرْتُمْ ۚ بَلْ أَنْتُمْ قَوْمٌ مُسْرِفُونَ

    Цара элира: 'Шун вон билгалонаш шуьца шайца ю. Ткъа шуна хьехам бина дела /ю шун вон билгалонаш; цундела до аш тхуна Iазап?/ ХIаъ‚ шу ду-кх тIаламза къам (дуккха кIорга дахна шу къинош дарехь)'

    36:19
  8. وَجَاءَ مِنْ أَقْصَى الْمَدِينَةِ رَجُلٌ يَسْعَىٰ قَالَ يَا قَوْمِ اتَّبِعُوا الْمُرْسَلِينَ

    ГIалина йистера ведда цхьа стаг схьакхечира‚ цо элира: 'ХIай сан къам! ТIаьхьахIитта оцу элчанашна

    36:20
  9. اتَّبِعُوا مَنْ لَا يَسْأَلُكُمْ أَجْرًا وَهُمْ مُهْتَدُونَ

    ТIаьхьахIитта шайга мах ца боьхуш болчарна уьш нийсачу новкъахь ма бу

    36:21
  10. وَمَا لِيَ لَا أَعْبُدُ الَّذِي فَطَرَنِي وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ

    Ас хIунда ца до Iибадат суо Кхоьллинчунна‚ шу а Шена тIе дIадуьгур долчунна?

    36:22
  11. أَأَتَّخِذُ مِنْ دُونِهِ آلِهَةً إِنْ يُرِدْنِ الرَّحْمَٰنُ بِضُرٍّ لَا تُغْنِ عَنِّي شَفَاعَتُهُمْ شَيْئًا وَلَا يُنْقِذُونِ

    Иза а вуьтий‚ кхин делий тIелоцу ткъа ас? Къинхетаме волчунна (Далла) суна цхьа зен дан лиъча‚ церан шапаIаташа хIумма а гIо дийр ма дацара суна‚ цара со кIелхьарвоккхур ма вацара /Делан Iазапах/

    36:23
  12. إِنِّي إِذًا لَفِي ضَلَالٍ مُبِينٍ

    Ган а гуш долчу тилар чохь хир ма вара со тIаккха

    36:24
  13. إِنِّي آمَنْتُ بِرَبِّكُمْ فَاسْمَعُونِ

    Баккъалла а, ас ийман дилли шун Кхиош-кхобучуьнга, соьга ладогIа…'

    36:25
  14. قِيلَ ادْخُلِ الْجَنَّةَ ۖ قَالَ يَا لَيْتَ قَوْمِي يَعْلَمُونَ

    /Маликаша/ элира: 'Ялсамане гIо'. Цо элира /шен са долуш/: 'ХIай сан къам‚ шу хууш хиллехьара-кх

    36:26
  15. بِمَا غَفَرَ لِي رَبِّي وَجَعَلَنِي مِنَ الْمُكْرَمِينَ

    Суна сан Кхиош-кхобучо гечдина хилар а‚ Цо со сийлахь болчарах хилийтар а'

    36:27

Гочдар: Магомед Магомедов